Футбол Гуьржийчохь

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо

Футбол Гуьржийчохь ю уггаре деза спортан тайпа, хьалха ю махкахь уггаре аьттонца ловзуш дика жамӀаш долу регбел а. Футболан урхалла до Гуьржийн футболан федерацис, цуо вовшахтуху Гуьржийчоьнан божарийн а, зударийн а гулйина командаш.

Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

ССРС[нисъе бӀаьра | нисъе]

Футбол Гуьржийчу еина лору Потин чубогӀу ингалсан хӀордахоша XX бӀешо долалуш. Кхин дӀа футбол кхиина Чоьхьара Кавказан СФСР йолуш, ткъа цул тӀаьхьа, Гуьржийн ССР заманахь. Коьрта клуб яра 1981 шарахь УЕФА Кад баьккхинчеран кад баьккхина Тиблисин «Динамо». Иштта билгалйолура ССРС Хьалхара лигин командаш — кутаисин «Торпедо» а, батумин «Динамо» а. 1989 шарахь ШолгӀачу лигехь левзира Горин, Озургетин, Потин, Руставин, Самтредиан, Хобин гӀаланашкара командаш, ткъа иштта тибилисин «Шевардени»[1]. ССРС гулйина командехь ловзучу гӀарабевллачу гуьржийн ловзархойх къаьсташ бара Метревели Слава, Месхи Михаил, Чохели Гиви, Чивадзе Александр, Шенгелия Рамаз, Сулаквелидзе Тенгиз, Габелия Отар, Дзодзуашвили Реваз, Кипиани Давид, Хурцилава Муртаз[2].

Гуьржийн ССР клубийн финансаш латтайора партин меженийн гӀоьнца, амма Гуьржийн ССР дира чӀогӀа дика футбол кхион хьолаш. Иштта, Шеварднадзе Евграфа, оцу хенахь карара ССРС арахьара гӀуллакхийн министран Шеварднадзе Эдуардан воккхаха волу вашас, куьйгалла дира Гурин кӀоштахь, цуо гӀо дира «Гурия» командин ССРС ШолгӀачу лигера Лакхарчу лиге хьалаяла (1987 шарахь). Шеварднадзе Евграфа леррина ахча билгалдаьккхира керла 30 эзар меттиган стадион ян, иза йира кхаа баттахь 1987 шеран Лакхара лига йолаялале — иза яра яйн атлетикин некъаш боцу ССРС дуьххьарлера стадион. Командин куьйгалла дан тренеран дарже кхайкхира Фоменко Михаил, ткъа къегина ловзархойх билгалбовлура Герасимец Сергей а, Хлус Виктор а. Ловзархошна толаман лора 400 – 800 сом, ткъа киевн «Динамон» ловзархошна лора 60 сом толамна[1].

ССРС юкъара араялар[нисъе бӀаьра | нисъе]

Гулйина командаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Гуьржийчоьнан клубаш дакъалоцу УЕФА Чемпионийн лигехь а, УЕФА Европин лигехь а, ткъа Футболех ловзаран Гуьржийчоьнан гулйина команда къийсало европин гулйина командин турнирашкахь — цуо дакъалоцу Европин чемпионатан квалификацин турнирашкахь а, дуьненан чемпионатийн европин зонера харжамехь а, ткъа иштта къийсало УЕФА къаьмнийн лигехь. ТӀаккха а, Гуьржийчоьнан гулйина команда цкъан а квалификацех чекх ца елираци цхьанне а турнире[1].

Махкахь кхин а ю футболех ловзаран Гуьржийчоьнан зударийн гулйина команда, цуо дакъалоцу Европин а, дуьненан а чемпионатийн зударшна юкъара харжамашкахь. Гуьржийчоьнан зударийн футбол кхиаран цхьа мур бу 2020 шарахь Тиблисехь 19 шо кхачанза зудаберашна юкъара Европин чемпионатан финалан дакъа дӀадахьаран УЕФАн сацам. Амма дуьненахь ун даржар бахьнехь иза дӀатеттира. Махкахь болх беш ю кампани «Иза Цунна», цуьнан гуранчохь Гуьржийчоьнан Кегийрхойн а, спортан а министралло стимул йо зудабераш билгалчу спортан тайпанашкахь дакъалоцуш[3].

Хьажа кхин а[нисъе бӀаьра | нисъе]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]