Чулацаман тӀегӀо

Флегрейн аренаш

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Флегрейн аренаш
итал. Campi Flegrei
НАСАн спутникан сурт
НАСАн спутникан сурт
Амалш
ТӀапламан формаКальдера 
Кхолла белла ханЙуккъера плейстоцен 
ТӀаьххьара хьалатохар1538 шеран сентябрь. 
Бохьан локхалла
Абсолютан локхалла458 метр
Лаьтта меттиг
40°49′00″ къ. ш. 14°08′00″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх
Дукъ а, ламанан акъари аКампанин а, Аппенинаш а 

Итали
Флегрейн аренаш
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Флегрейн аренаш (итал. Campi Flegrei, схьадаьлла шир.-желт. φλέγωдага[1]) — йоккха тӀапломан кӀошт, лаьтта Неаполан (Итали) малхбузехьа айман Поццуоли берда тӀехь (итал. Golfo di Pozzuoli, Неаполан айманан дакъа ду), малхбузехьара доза ду Мизено (итал. Capo Miseno) мерца, ткъа малхбалехьара — Посиллипо (итал. Capo Posillipo) мерца. Кхунна йукъа йогӀу Кум йолчура Тирренан хӀордан берда йистера аса, кхин а Низида, Прочида, Вивара, Искья гӀайренаш. 2003 шарахь кхайкхина къоман парк.

Карарчу хенахь Флегрейн аренаш 15 км диаметр йолу кальдераш йу[2]. ТӀаплаьмнийн кальдера дукхаха йерг хин бухахь йу; лаьтта 24 кратерех а, тӀаплаьмнийн айадаларех а. Гидротермалан жигаралла хаало Lucrino, Agnano кӀошташкахь а, Поццуоли гӀалин йисташкахь а.

Сольфатара тӀапломан кӀоштахь хаало арайовлу тӀапломан газаш[прим. 1].

Хаало брадисейсман хилам — магматикин камерин хьесапийн Ӏаткъамца латта меллаша хьала а, охьа а таӀар.

Кальдера кхоллаелла шира стратотӀаплам хиллачу меттехь гергарчу хьесапехь 12 эзар шо хьалха. Цул тӀаьхьа тӀапломалла кхиар кхаа муьрехь дӀадахара. Хьалхарчу тӀехь гулло сира трахитийн туфаш, шуьйра даьржина кальдеран арахьа. ШолгӀачунна тӀехь кхоллайелла моха, «неаполан» олуш йолу туфаш. КхоалгӀачу муьрехь Ӏаьттадарш хилира кальдерашна чохь, уьш хӀинца хуьлу[2].

Поццуоли[it] айман къилбаседа-малхбузан бердаца йу Аверно кратер, диаметр 3 км йу, йуккъехь Аверно Ӏам бу, тӀаплам эккхар бахьана долуш кхолладелла ор ду. Оцу кратеран къилба-малхбален йистехь дӀатоьхна йу тӀапломан конус Нуово[it] (133 м); иза кхоллаелла 1538 шарахь. Авернон къилбехьа йу Рушелло кратер, диаметр 1,5 км. Цуьнан къилба-малхбалехьа йу чолхе Кварто кратер, диаметр 3—5 км. Къилба-малхбалехьа ю Пианура а, Агнано а кратераш, диаметр 2—3 км йу. Царна малхбузехьа йу дика йевзаш йолу Солфатара кратер.

И кратераш Ӏохку Флегрейн аренан йистошца, 12 км диаметр йолу гуо кхуллуш. Чохь ду мелла а къона а, кегий а кратераш: Гауро, Спакката, Пизани, Астрони, Чиглиани, и.дӀ.кх.а. Церан диаметраш 2 км сов йац. Кальдеран арахьа, къилбаседа-малхбузера а, къилбаседа-малхбалера а латта лилхинчухула ду шира кегийра кратераш. Иштта, Поццуоли айманан малхбузехьара бердаца йу кратераш: Капона, Порто-Мисена, Баколл, Мофета. Оцу асанан малхбузехь, Тирренан хӀордан бердашца долчу лелхаршца, лаьтта кратерийн зӀе: Торре-Фумо, Торре-Гавата, Фузара, Кума. ХӀаллакдина тӀаплам-гӀайре Сан-Мартино[it] а йу оцу лелхаран зонин йукъахь. Айманан малхбален бердаца лаьтта кратерийн зӀе: Низида, Короглие, Санта-Тереза, Фуори-Гетта-Киайя[2].

Ареал — дукха адамаш дехачу меттигашкахь кӀезиг йолчу меттигех цхьаъ йу, цигахь магма лаьттан тӀегӀанна оццул герга йогӀу, латта хаддаза меллаша вертикалан хьийзамаш хуьлу — брадисейсмаш[3]. Иштта, Поццуоли гӀалахь 1970—1983 шерашкахь цуьнан шира центр — «Рионе Терре», тӀапломан туфо кхоьллинчу лекхачу ирзо тӀехь лаьтташ йолчу, цӀеххьана хьалайаьлла, тӀаккха меллаша а, цхьабосса йоцуш а бухайаха йолайелла. И бахьана долуш 10 эзар вахархо эвакуаци йина, шайн хӀусамашка йуха ца баьхкина; цу кӀоштахь лелар дихкина дара.

Ӏаьтторан истори

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Флегрейн аренийн мегаӀаьттор хилла 40 эзар шо хьалха, геологин барамашца цхьаьна хенахь Кавказера Башлам а, Къилба Карпаташкара Сийлахь Аннин а тӀапломаца цхьаьна хенахь, тарло, цуо даийтина хила «тӀапломан Ӏа» а, цхьа бахьна хила тарло неандерталхой баларан[4]. Керла хаамашца, Кампанехь Ӏаьттийначул тӀаьхьа 39 эзар шо даьлча Европин тӀехула атмосферин йукъахь саьнгар сов даьлла, цуо дӀахудара, йаржайора маьлхан серло, иза бахьнехь хӀаваан температура охьайаьлла 5—10° С[5]. Ӏаьттор шина муьрехь дара: хьалхара Ӏаьтторо атмосфере 50 кубокилометр дӀасайаржийра чӀогӀа дакъолгаш, ткъа йерриг дӀасайаржаран серехь 500 кубокилометр сов дӀасайаржийра чӀогӀа дакъолгаш. ТӀапломан породаш дӀасайаржийна къилбаседа-малхбалехьа Къилба Италера Къилба Урале кхаччалц. Цара 1,1 млн сов еакӀов километр латта дӀалаьцна чимца, Къилба Италера Ӏаьржа хӀордайистте а, Каспий-хӀорда тӀе а кхаччалц. Румыне кхаччалц, чиман тӀегӀа цхьа метр гергга йара. Ораматаш ца деллачохь чим бахьнехь, уьш кхиарна хаъал Ӏаткъам бира. Шийла шерийн муьраш барамера аьхкенан дохдалар доцуш, сийна масса кхиар сацийра, ткъа серло ца тоаро дуьхьало йора фотосинтезна. Чим боьжначу хенахь ца кхелхина дийнаташ, дӀайахара Италин махкара Уралйисте. ТӀаьххьара 200 эзар шарахь Европехь уггаре чӀогӀа дара Ӏаьттор Флегрейн аренашкахь[6].

Флегрейн аренашкахь тӀаьххьара Ӏаьттор хилла 1538 шеран 29 сентябрехь. Иза лаьттара 6 октябрь кхаччалц, цуо Монте-Нуово шлакан конус йира.

Туризман объекташ

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Лаьттан тӀегӀа хийцадалар бахьана долуш, гӀалин хӀордан йистера дакъа, Сенекас вайн эран хьалхарчу бӀешарахь «хӀордан тӀехь йолу гӀала» аьлла цӀе тиллина, 10 метре кхаччалц кӀоргене йахана, хӀинца туристийн меттиг хилла дӀахӀоьттина, леррина кеманаш тӀера кхача йиш йолуш, бухахь иллюминаторш хӀиттийна. Иза йу «хи бухара Помпей» олуш йолу меттиг.

Неаполан къилбаседа-малхбузен кӀошт а, Флегрейн аренаш а

Флегрейн аренаш (Phlegraei Campi, τά Φλεγραία πεδία, ή Φλέγρα, ма-дарра «дагийна латта») — ширажелтойн мифологехь тӀаплаьмнийн мохк, цигахь хилла боху гигантомахи — деланаш бу бохучера тӀом, коьртехь Зевс а волуш, цунна гӀо деш вара Геракл, гиганташца[7]. Диодор ца тешара, Геракла нагӀора деланаш хилла аьлча[8][9].

Схьагарехь, йуьхьанца и меттиг хӀоттайора ширачара цхьанхьа Македонехь. Страбона олура Флегрейн аренаш Кумын йистера 13-километран кальдерех, Везувийн гергахь йолчу[10]. И нийса кӀошт дӀасайаржийна йу Тирренан хӀордаца Кумын уллера Капуя кхаччалц. Неаполан Кампанин и аса йевзаш хилла Laborinus Campus, Laborini Campi, Laboriae аьлла а, хила тарло цуьнан латтан инзаре беркате хилар бахьана долуш.

Хьажа кхин а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. flegreo. Garzantilinguistica. ТӀекхочу терахь: 2016 шеран 20 сентябрь. Архивйина 2017 шеран 31 декабрехь
  2. 1 2 3 Апродов В.А. Вулканы. — Москва: Мысль, 1982. — С. 236—237. — 367 с.
  3. Регион Кампания. Изд-во Electa Napoli. 2005
  4. Ни о каких контактах неандертальцев и сапиенсов в Европе говорить не приходится. antropogenez.ru. ТӀекхочу терахь: 2016 шеран 21 февраль. Архивйина 2016 шеран 21 февралехь Антропогенез.ру
  5. Наука и жизнь, Гибель неандертальцев: вулкан не виноват? www.nkj.ru. ТӀекхочу терахь: 2015 шеран 12 январь. Архивйина 2015 шеран 12 январехь
  6. Учёные раскрыли картину извержения, случившегося 39 тыс. лет назад. ТӀекхочу терахь: 2017 шеран 25 март. Кху чуьра архивйина оригиналан 2017 шеран 26 мартехь Архивйина 2017-03-26 — Wayback Machine, 11 марта 2016 года
  7. См. Аполлоний Родосский. Аргонавтика III 232, 1222.
  8. Псевдо-Аполлодор. Мифологическая библиотека I 6, 1. ancientrome.ru. ТӀекхочу терахь: 2014 шеран 1 апрель. Архивйина 2014 шеран 1 апрелехь ; II 7, 1. ancientrome.ru. ТӀекхочу терахь: 2014 шеран 29 июнь. Архивйина 2014 шеран 29 июнехь
  9. Диодор Сицилийский. Историческая библиотека IV 21, 5—7; V 71, 4. ТӀекхочу терахь: 2018 шеран 16 декабрь. Архивйина 2020 шеран 1 мартехь
  10. Страбон. География V 4, 6 (C. 245). ТӀекхочу терахь: 2013 шеран 12 апрель. Архивйина 2013 шеран 26 апрелехь

Комментареш

  1. Шираруман мифологехь Сольфатаро лорура Вулкан цӀеран делин цӀа.

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Флегрейские поля // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). СПб., 1890—1907.