Чулацаман тӀегӀо

Филадельфия Севенти Сиксерс

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Филадельфия Севенти Сиксерс
Файл:Philadelphia 76ers Logo.png
Конференци Малхбален
Дивизион Атлантикин
Кхоьллина шо 1946
Истори Сиракьюс Нэшнлз
1946–1963

Филадельфия Севенти Сиксерс
1963—хӀ. а.

Стадион Веллс-Фарго-центр
ГӀала Филадельфи, Пенсильвани
Долахо Джошуа Харрис
Инарлин менеджер Брэнд Элтон
Коьрта тренер Риверс Док[1]
Д-Лигин клубаш Делавэр Блю Коатс
Чемпионалла 3 (1955, 1967, 1983)
ЧӀагӀйина лоьмарш 8 (2, 3, 6, 10, 13, 15, 24, 32, 34, Микорофон)
Официалан сайт
Форма
Форма
Форма
ЦӀера
Форма
ХьошалгӀара
ГӀалат: тӀамарш нийса билгалйина йац турси, майкаш.

«Филаде́льфия Се́венти Си́ксерс» (инг. Philadelphia 76ers) — америкин профессионалан баскетболан клуб, ловзуш йу Къоман баскетболан ассоциацин, Атлантикин дивизионан Малхбален конференцехь. Клуб ловзу Филадельфи, Пенсильвани гӀаланашкахь. «76ers» цӀе йоьзна 1776 шарахь АЦШ маршонан декларацин Филадельфехь куьг йаздарна.

Клуб кхоьллинера 1946 шарахь «Сиракьюс Нэшнлз» (инг. Syracuse Nationals) цӀарца, 1963 шо кхаччалц база йара Сиракьюс гӀалахь (Нью-Йорк штат). КъБА чемпионатера дуьххьарлера толам баьккхира 1955 шарахь, нисса и цӀе йолуш.

1962 шо кхаччалц Филадельфехь ловзуш йара «Филадельфия Уорриорз» команда, иза Сан-Франциско а кхелхина, «Сан-Франциско Уорриорз» аьлла цӀе хийцира, ткъа 1971 шарахь кхелхира калифорнера Окленде, цӀе йуха а хийцира «Голден Стэйт Уорриорз» аьлла.

Хьалхара истори

[бӀаьра нисйан | нисйан]

1946 шарахь италихойн мухажиро Биасон Дэниэла чек йахьийтира $5,000 ахчанна Чикагора Къоман баскетболан лигин офисе, ткъа «Сиракьюс Нэшнлз» команда Йуккъерамалхбузен дивизионан команда а хилла база йиллира Сиракьюс гӀалахь[2]. «Сиракьюс Нэшнлз» ловза йолайелира Къоман баскетболан лигехь, оцу муьрехь профессионалан баскетбол къобал йира кхечу кхолламехь а, Америкин баскетболан ассоциацехь, цуьнан командаш базанаш йехкира йаккхийра гӀаланашкахь, масала, Нью-Йоркехь а, Филадельфехь а. Оцу хенахь Йуккъера Малхбузе баскетболехь гойтура кегийра а, йуккъера а гӀаланаша, ткъа «Сиракьюс Нэшнлз» хьалхарчу шарахь левзира 21 толам а, 23 иэшам а болуш, жамӀехь 4-гӀа меттиг йаьккхира. Плей-оффан серехь команда ийшира йеа матчехь «Рочестер Ройалсал».

ШолгӀачу 1947–48 шарахь «Сиракьюс Нэшнлз» чекхйелира пхеалгӀачу меттигехь 24-36 гайтам болуш. ТӀаккха а, команда плей-оффе кхечира, амма кхаа матчехь аракхоьссира «Пэкерсо».

Карара зама

[бӀаьра нисйан | нисйан]

2013 шеран 14 августехь «Севенти Сиксерс» командина керла тренер хӀоттийра, Браун Бретт. ТӀаьхьарчу ворхӀ шарахь Браун «Сан-Антонио Спёрсан» коьртачу тренеран Попович Грегган ассистент вара. Браунах «Севенти Сиксерсан» 24-гӀа тренер хилира клубан КъБАхь даьккхинчу 64 шарахь[3].

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Team Names Doc Rivers Head Coach
  2. Ramsey, David. The Nats(бил-боцу.). — Pine Tree Publishers., 1995.
  3. Max Rappaport. Fastbreak: Sixers Announce Preseason Schedule (2013 шеран 15 август). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 17 август. Архивйина 2013 шеран 17 августехь
  • nba.com/sixers — официалан сайт Филадельфия Севенти Сиксерс