Фашистийн концлагершкара тутмакхаш мукъабахаран дуьненаюкъара де

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Stamp Russia 1995 Konclager.jpg

Фаши́стийн ко́нцла́гершкара ту́тмакхаш мукъаба́харан дуьне́наюкъара де — иэсан терахь, даздо хӀора шарахь 11 апрелехь.

Истори[нисъе | нисъе чухулара]

Бухенвальдехь америкахоша динчу ирча суьртех цхьаъ

ШолгӀа дуьненан тӀом болуш нацистийн Германин махкахь а, цуьнан бартхойн мехкашкахь а, цара дӀалецна мехкашкахь а яра (набахташ йоцуш, геттош) 14 000 концентрацин лагер[1]. Тутмакхаш нацисташа багабора крематорийн пешаш чохь (цкъацца дийна болушехь), садукъдора газан камеракахь, ницкъ бора, нуьцкъаш лелабора, мацалла болуьйтура, цунна тӀе гӀор дӀадаллалц болх бойтура; тутмакхашкара цӀий оьцура вермахтан салташна, царна тӀаьхь ирча медицинан зиераш дора, адамашна тӀаьхь керла препараташ зиера[2].

1945 шеран мартехь Бухенвальдан (уггаре йоккха концентрацин лагерь) лагерехь оьккху герзаца гӀаттам, иза боккху чубоьхкинчеран интеркъаьмнийн ницкъаша. Бухенвальд концлагерь американ эскарш чудаьхкича, гӀовттамхоша хӀеттале тергоне лецира валаран лагерь. Иза бахьнехь, нацисташ (СС хой) ца кхиира шайн ирча зуламийн лараш яйа, тутмакхийн тешаллаш хезира дуьненаюкъара Нюрнберган трибуналан. 11 апрелехь — американ эскарш Бухенвальдан лагере чудахаран де — тӀеийцира ВКЪКХс Ӏидан терахь, оцу дийнахь дуьнено даздо «Фаши́стийн ко́нцла́гершкара ту́тмакхаш мукъаба́харан дуьне́наюкъара де».

Берриш гитлерхойн тергонан кӀеларчу мехкашкахь, концлагершкахь, баларан лагершкахь, набахташкахь латтош вара 18 000 000 стаг. Царех 11 миллион сов хӀаллаквира. Кхелхинчарна юкъахь — 5 млн ССРСн гражданин, ткъа кхин а тайп-тайпанчу мехкашкара 6 миллион жуьгтий. ХӀора пхеалгӀа тутмакх бер дара (кхин а ирча терхьаш а ду: «чубоьхкина бара 20 миллион сов стаг дуьненан 30 махкара, 12 миллион араваллалц ца ваьхна»[3]).

Хьажа кхин а[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]