Фастольф, Джон

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Джон Фастольф
инг. John Fastolf
ГӀуллакхан тайпа

эскархо

Вина терахь

1380[1]

Вина меттиг

Норфолк, Малхбален Ингалс, Ингалс

Кхелхина терахь

1459 шеран 5 ноябрь({{padleft:1459|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:5|2|0}})

Кхелхина меттиг

Ингалс пачхьалкхалла

Джон Фастольф (инг. John Fastolf; 1378 гергга — 5 ноябрь 1459) — БӀешеран тӀеман заманара ингалсан полкан бӀаьчча, Шекспир Уильяман пьесехь Фальстафан сурт ловзош волу.

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Джон Фастольфан хӀаст

Джон Фастольф вара Норфолкан джентрин Джон Фастольфан кӀант. 14051406 шерашкахь Ирландехь эскаран гӀуллакхехь вара граф Ланкастеран Томасца. Цуо дийцарехь, къуона волуш зиярте хӀотта вахана Къудс-ГӀала. Аьттонца зуда ялийна 1408 шарахь, боккхачу бахаман да хилира.

1413 шарахь иза гӀуллакхехь вара Гасконехь, 1415—1439 шерашкахь — Къилбаседа Францехь паччахьан Генриха V-гӀачун а, цуьнан вешин герцоган Бедфордан а байракх кӀелахь.

1415 шарахь цуо дакъалецира Арфлёр гуолацарехь, амма човйинчул тӀаьхьа цӀавирзира, иза бахьнехь дакъа лоцийла ца хилира ингалсаш толам боккхучу Азенкур йоккхачу тӀамехь. 1415—1416 шерашкарчу Ӏай иза юхавирзира Арфлёре, гӀала французех ларъярхьама. 1415 шеран ноябрехь Фастольф куьйгалле хӀоттийра ингалсан тобана Руан гуонаха рейд еш. Вернелерчу тӀамехь гӀараваьлла тутмакх лацарна елира рыцаран титул а, Францехь лаьттан дакъа а.

Джон Фастольф герцоган Бедфордан кертан гофмейстеран гӀуллакхехь а вара, Мэн а, Анжу а провинцешкахь урхалча а вара. 1426 шеран февралехь иза хилира оцу хенахь чӀогӀа сийлахь йолчу Хьалаолларан орденан кавалер. 1428 шарахь иза Ингалсе цӀавахара, амма юха шолгӀачу шарахь юхавеира тӀаме, 1429 шеран 12 февралехь «Селёдкийн тӀамехь» хӀаллакбира французаш а, церан шотландин бартхой а.

Орлеанан гуо лаьцначу хенахь иза сийлаллийна а, гӀараваларна а айбина вара. Даккхий тӀеман хьуьнарш бахьнехь иза кховдийра Дешийн Кхекхан ордене, амма кандидатура дӀаяьккхира 1429 шарахь, дукхах дерг иза доьзна дара ингалсаш Орлеанехь иэшарца. 18 июнехь ингалсан эскар бӀаьччий Фастольф а, Тальбот а волуш хӀаллакбира французаша Патэн тӀамехь. Цул тӀаьхьа иза юкъараваьккхира Хьалаолларан орденан юкъара, амма масех шо даьлчи юха меттахӀоттийра, кхин дӀа гӀуллакх дира ингалсан тажан. Францехь волчу хенахь цунна барон титул елира.

Фастольф кхааннах цхьа бӀаьччи вара, шен берриг ницкъ, ингалсашна аьттонза болу тӀом сийца чекхбаккха гӀиртинчех. 1440 шарахь Фастольф даймахка цӀехьавирзира, амма цунах болу къийсамаш совцуш бацара, тӀаккха 1451 шарахь Джек Кэдан гӀаттам болучу хенахь Фастольф халкъо бехке вира Францехь ингалсан эскаран ца хиллачу аьттонна. Джон Фастольф велира 1459 шеран 5 ноябрехь Кэйстер-он-Си гӀалахь.

Фастольф бӀаьчча санна гӀараваьлла цаӀара, гӀараелира дешаран гӀуллакххо санна а: цуо белира дукха бахам Кембриджан университетехь философин ишколаш яхкийта.

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

  • (unspecified title)
<a href="https://wikidata.org/wiki/Track:Q25935022"></a>