Уьшалан шач

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Уьшалан шач
AcorusCalamus.jpg
Зазадоккху уьшалан шач
Ӏилманан классификаци
Дуьненаюкъара Ӏилманан цӀе

Acorus L., 1753

Тайпанкеп
Кепаш
Ареал
сурт

  яржаран область

Уьшалан шач (лат. Ácorus) — Шачан доьзалера (Acoráceae) бецан ораматийн даиман сийна лаьтта дукха шерийн тайпа. Хьалха и доьзал Ароидан (Araceae) доьзалан лат. Acoroideae бухара доьзалех лорура.

Тайпа лаьтта шина кепах[2], кхуьу тӀуьначу меттигашкахь гамха хи долчохь — шовданийн, охьадоьду хин, Ӏаьмнийн бердашца, уьшалийн йисташкахула. Цхьацца хьосташа тайпанан юкъатуху ялх кеп.

ЦӀераш[нисъе | нисъе чухулара]

Тайпанан цӀе Acorus ю латинан адаптаци (классикан латинан тексташкахь тешалла данза) шира.-грек. ἄκορος[3]. Оцу цӀарца хаза хьожа йолу орам болу орамат йийцина Теофраста вайн эрал III бӀешо хьалха. Грекийн дош, схьадолуш хила тарло хӀ.-е. хь. ak̂er-, ok̂er-, хьаладоьду ораме ak̂-, ok̂- «ира»[4], я «ирча» — доьзна заза къегина ца хиларца, цуьнан баьццаро-можа бос хуьлу. Схьагарехь гергара ду шира.-грек. ἄκορον «стелаӀадан» (Iris pseudacorus), иза дуьйцу кхин а классикан латинехь: acoron/acorum, кхин тӀе уьшалан шачан санна маьӀна долуш[5].

Кхечу меттанашкара цӀераш: инг. Sweet-flag, нем. Kalmus, фин. Kalmojuuri, монг. Эгэл годил увс, Зуун ует.

Уьшалан шач. О. В. Томен «Flora von Deutschland, Österreich und der Schweiz» жайнин тӀиера ботаникан сурт, 1885

Биологин куц[нисъе | нисъе чухулара]

Дукха яккхий йоцу дукхашерийн уьшалийн меттигаш еза орамийн бецаш, кхуьу хин а, уьшалан а бердашца[6]. Йоккхачу ораматан локхалла — 10 см тӀиера 120 см кхаччалц хуьлу. Ораматан дерриг дакъоша а хаза хьожа ло.

Орам 3 см стомма, анасизаца текхаш, боьра басахь, чухула кӀайн-ровзанан басахь, баа мега, хаза хьожа ю, корицачух я мандариначух тера. Анасизаца даьржинчу орамашна тӀиера бухахула орам тосу, ткъа тӀехула — гӀаш а, зезагдолу маргӀалш[6].

ГӀад нисса лаьтта, геннаш дац, кхоъ са бу, сенаш ира бу.

ГӀаш деха, асан-туркепара, рогӀехь девлла, сирла-баьццара. Мохтухург санна лаьтта орам тӀехь, шен куц тера ду стелаӀодан гӀашшах. ГӀаш вовшахлета коьрта гӀодан гуо беш, тӀаккха заза гӀан юккъера хьаладолуш санна хуьлу. Уьшалан шачан гӀа каггийча хаза хьожа ло уьшалан хьожанца цхьаьна.

Уьшалан шачан заза

Заза долу хьалхха бӀаьста, зезагаш гулдина ду цилиндркепара 4 - 12 см беха кене, цхьаьна кена тӀехь кхуьу шортта зезагаш. Кенан тӀиера дӀадоьду деха (50 см кхаччалц) къовлу гӀа.

Зезагаш сте а, боьрша а ду, кегийра, баьццаро-можа, дуткъа шиъ пелигаш йолу гӀа долуш. Дургал ялх ю, йиз цхьаъ ю. Зезагаш чохь хьалха кхуьу дургалш, ткъа дургалгаш еллало дургалш дургалгех кхета таро йоцучу хенахь. Заза даиман ца долу стом кхоллабаларца чекх.

ХӀуш — дуккха хӀуш долуш, декъа (декъо) озийна, цӀазамаш цӀиен я баьццара басахь. Уьшалан шачан амалехь ю эпизоохори: хӀуш даржадо дийнаташ.

Хромосоман барам: 2n = 24.

Лелаяр[нисъе | нисъе чухулара]

ТӀаккха аса хадийра шуьйра, тарраш санна ира, уьшалан шачан гӀаш. Царех ягӀара чӀогӀа хаза хьожа. Суна дагадеира, Украинехь хӀусамнанош дезчу деношкахь цӀенкъа уьшалан шач яржор, цуьнан хӀоьттина хьожа лаьтта хӀусамашкахь Ӏаьна герга кхаччалц.

К. Г. Паустовский, «Во глубине России» («Российн кӀоргенехь»)

Ӏилман медицинехь, парфюмерехь, юурган промышленностехь леладо орамех доккху уьшалан шачан даьтта (лат. Oleum calami) (орамера цуьнан барам кхочу 4,5 %).

Халкъан медицинехь, ткъа иштта кулинарийн Ӏалашонна (для ароматизации пищевых продуктов) леладо буьйда а, дакъийна а орамаш а, гӀаш а хаза хьожа яийтархьама.

Уьшалан шачан орамаш дакъийна а, шекаран а кепара XIX бӀешарахь а лорура мерза хӀума.

2011 шарахь Роспотребнадзоро ораматийн испискин юкъатоьхна кенан уьшалан шач а, уьшалан шач, цаьца бу чӀогӀаӀаткъаме, наркотикан я дӀевшен хӀуманаш (хийцамаш юкъаязбина СанПиН «Гигиенин кхерамазаллин бехкамаш а, дааран сурсатийн юурган мехалла»)[7].

Медицинехь[нисъе | нисъе чухулара]

Файл:Хроматограмма эфирного масла аира.jpg
Уьшалан шачан эфиран даьттан хроматограмма

Хууш ду, уьшалан шачан препаратийн спазмолитикан, пхенаш шордаран, микробашна дуьхьала, лазар тедо (меттиг тхьузйолон), маза болу, седативан, репаративан, цӀий сацоран, хьатӀ дӀадаккхаран, гӀора даийтаран хьолаш ду.

Уьшалан шачан орамех йина препараташ халкъан медицинехь лелайо хьалхарчу рогӀехь хьеран-юьхьан некъан бала хилча: хьеран даӀ а, искиртиган даӀ а, юьхьан цатам а, метеоризм а, хӀума ца йааелчи. Иштта, уьшалан шач лелайо бронхитан, плевритан, сим-тӀулгийн а, жин-тӀулгийн а цамгаршна, цӀано йохаран раж йоьхчи, патологица климакс дӀаяхарехь — сте-боьршаллин потенци чӀагӀъяран гӀирс санна.

Монголийн халкъан медицинехь нана-орам лелабора гӀелбелчи, гӀора даийтаран гӀирс санна. Уьшалан шач юкъайодара дуккха дарбанийн иэдаршна, чӀогӀа шуьйра лелайора кхача ахьаран системан дарбана, ткъа иштта догкерчаш, Ӏаьттош, хӀинкӀаш хилчи а. Уьшалан шачан чорпа лелайора хьатӀан, стен-боьршаллин системан лазаршна а, мотт тӀадабечарна а. Нана-орамех ваннаш кечйора дегӀан чкъоьран цамгаршна, дукхахдерг кӀамдарна[8].

Хьалха уьшалан шач лелайора кӀоран хӀурца мала ца мега хи цӀандеш.

Бошмашлелорехь[нисъе | нисъе чухулара]

Массо а кепара уьшалан шач лелайо ландшафтан дизайнехь: иза юьй куьйга даьхна Ӏаьмнашна а, шовданашна бердашца. Мехала лору ораматаш шен гӀеннийн декоративалла бахьнехь. Массо а кепара уьшалан шач Ӏуналла оьшуш яц, оьшу еккъа кхарда дукха ца баржийта; ораматаш яьржа екъаяларца. ГӀоролан дуьхьала латтар — масала -35 °C[9].

Кенан уьшалан шач лелайо иштта аквариуман орамат санна[9].

Классификаци[нисъе | нисъе чухулара]

Таксономи[нисъе | нисъе чухулара]

Уьшалан шачан тайпа юкъадоьду Шачзазанаш (Acorales) могӀанера Шачнийн Acoraceae доьзалан цхьаьна тайпана. Хьалхарчу классификацин системашкахь тайпа юкъатухура Ароидан (Araceae) доьзалан шачан (Acoroideae) бухара доьзалан; хӀинца и бухара доьзал дӀабаьккхина, хийцина изза цӀе йолчу цхьаьна тайпана Шачан доьзалца.

цхьаьна тайпана могӀара Шачзазанаш   цхьаьнатайпана
Шачан доьзал
  тайпа
 Шачан 
  шинна тӀиера ялханна тӀекхаччалц кепаш,
оцу юкъахь ю массара а къобалйина кепаш:

Уьшалан шач (Acorus calamus)
Кан болу уьшалан шач (Acorus gramineus)

         
  дакъа Зезагнаш, я КъевланахӀудерш      
   
  кхин а 58 могӀа зезаган ораматаш (APG III, 2009)
 


Кепаш[нисъе | нисъе чухулара]

Кепаш, тайп-тайпана хаамашца, — шинна тӀиера[2] ялханна тӀекхаччалц (лахахь хьахийначу кепех массара а къобалйина хьалхара шиъ):

Сорташ[нисъе | нисъе чухулара]

Уьшалан шачан цхьайолу сорташ:

  • Acoce calamus ‘Variegatus’ — асанийн гӀаш долу ораматаш; бӀаьста асанийн бос цӀиен-можа хуьлу, тӀаьхьа беда-можа хуьлу. И культивар иштта лелайо бонсай кхуллуш гӀодаран орамат санна.
  • Acoce gramineus ‘Ogon’ — къорза гӀаш долу ораматаш.
  • Acoce gramineus ‘Pusillus’ — 10 см лекха миниатюран ораматаш, уьш дикка алсама кхиайо аквариумаш чохь.
  • Acoce gramineus ‘Variegatus’ — асанийн гӀаш долу ораматаш; асанийн бос — беда-можа; ламаст хилла кхиайо аквариумашкахь.
  • Acoce ‘Mt. Emei’.

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Об условности указания класса однодольных в качестве вышестоящего таксона для описываемой в данной статье группы растений см. раздел «Системы APG» статьи «Однодольные».
  2. 1 2 The Plant List: Acorus
  3. Pape, Wilhelm. Handwörterbuch der griechischen Sprache. Braunschweig 31914, Band 1, S. 77.
  4. [ *ak̂-, ok̂-] // Pokorny, Julius. Indogermanisches etymologisches Wörte-rbuch. — Bern: Francke, 1959, 1989. — P. 18—22. (Хьаьжина 3 августехь 2010)
  5. Glare P. G. W. (ed.) Oxford Latin Dictionary. Oxford: Clarendon Press; New York: Oxford University Press, 1982. P. 28.
  6. 1 2 Грудзинская, 1982.
  7. ПОСТАНОВЛЕНИЕ Главного государственного санитарного врача РФ от 11.04.2011 № 30 Об утверждении САНПИН 2.3.2.2868-11 "Дополнение № 23 к САНПИН 2.3.2.1078-01 «Гигиенические требования безопасности и пищевой ценности пищевых продуктов»
  8. Хайдав, Ц., Алтанчимэг, Б., Варламова, Т. С. Лекарственные растения в монгольской медицине. — Улан-Батор, 1985. — 390 c.
  9. 1 2 Ботаника. Энциклопедия «Все растения мира»: Пер. с англ. = Botanica / Ред. Д. Григорьев и др. — М.: Könemann, 2006 (русское издание). — С. 54. — 1020 с. — ISBN 3-8331-1621-8

Литература[нисъе | нисъе чухулара]