Униях акт (1707)

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Ингалсан историн муьраш
ТюдоргӀеран мур (1485—1558)
Елизаветин мур (1558—1603)
ЯковгӀеран мур (1603—1625)
Карлан мур (1625—1642)
Гражданийн тӀемаш, республика а, Протекторат а (1642—1660)
СтюартгӀеран хийцамаш а, Сийлахь революци а (1660—1688)
Йоккха Британи (1688—1714)
Георгин мур (1714—1811)
Регенталла (1811—1830)
Викторин мур (1837—1901)
Эдвардан мур (1901—1910)
Дуьненан хьалхара тӀом (1914—1918)
ТӀемашна юкъара мур (1918—1939)
ШолгӀа дуьненан тӀом (1939—1945)

Униях акт, я Бартах акт (инг. Acts of Union), — законаш кхолларан акт, тӀеэцна 1706 а, 1707 а шерийн дохаллехь Ингалсан а, Шотландин а парламенташа. Законан Ӏалашо ю марталлин бартахойн пачхьалкх — Йоккха Британи кхоллар.

Истори[нисъе | нисъе чухулара]

100 шеран дохаллехь шотландин паччахьан Яков VI-гӀачун шен нена нена шичех Елизавета I-чух[1] ингалсан Ӏаршан ирс кхаьчначул тӀаьхьа, Ингалсан а, Шотландин а коьртехь хилира цхьа паччахь, амма тӀаккха а маьрша пачхьалкхаш йисира. 1707 шарахь акт тӀеэцале тайп-тайпана агӀора пачхьалкхаш цхьаьнатоха гӀиртира 1606 шарахь дуьйна. 1654 шарахь Кромвель Оливера диктатура хӀоттаянле тӀаьхьарчо арахийцира Ингалс а, Шотланди а ерриг цхьаьнатохарх ордонанс, амма 1660 шарахь Ӏарш тӀе Карл II Стюарт кхаьчна Шотландин суверенитет метта хӀоттийра. ТӀаьхьа, 1667 а, 1689 шерашкахь юха а гӀиртира ши мохк цхьаьнатоха.

Шинне а махкахь бара цхьаьнатохаран а, ца тохаран а агӀончаш. Шотландехь луурш коьртаниг экономикан ойла йийриш бара: шотландин совдегархойн ойла яра Ингалсехь махлелоре кхача, ткъа иштта цул хьалха царна къевлина хилла ингалсан колонешца а, факторешца а. Ингалсехь луург дара, цхьаьнатохаро гуттаренна а паччахьаллин къилбаседан дозанашкахь эккха кечделла хьал дӀадаккхар, и хьал латтадора шеца политикехь цхьаьнаэшшара йоцучу Шотландис, ткъа иштта ингалсан правительствон оцу хенара арахьара политикан мостагӀий дӀабахар — абсолютан Франци а, цара агӀо лаьцна ингалсан Ӏарше тетина якобгӀеран векал .

Шотландехь цхьаьнатохаран дуьхьала берш коьртаниг якобгӀар бара, ткъа иштта церан коьрта накъостий — шотландин пресвитерианаш, уьш кхоьрура Шотландехь коьртехь долу пресвитерианаллин хьал талхарна ингалсан килс бахьнехь. Ингалсехь унин проекташ емалйора коьртаниг экономика бахьнехь. Иштта, тори партин гӀуллакххо Эдвард Сеймура 1700 шарахь дӀакхайкхийра: «Шотланди — къиен ю, ткъа къиен зуда ялийначунна, мезий кхочу»[2].

ТӀаккха а Ингалсара бахбеллачу Испанин ирс къуьйсу тӀамо йина йолу политикан къоьлла, кхин тӀе Шотландин къиен экономикан хьал, галдаьлла долу, Дарьенан къоьлла бахьнехь, XVIII бӀешо долалуш дийзийтира агӀонийн практикан гӀулчаш яха уния кхочуш ян.

Союзан барт[нисъе | нисъе чухулара]

Бертан оригинал

Цхьаьнатохаран хьолех дийцарш дуьйладелира шина мехкан парламентан векалшна юкъахь 1706 шарахь Лондонехь. Цхьаьнатохаран белхашна тӀехь барт хилира 1706 шеран 22 июлехь Бертан кепехь (Treaty of Union), и бух хилира Униях актан проектан, ткъа проект тӀаьхьа богӀучу масех баттахь шина мехкан парламенташа тӀеийцира. Барт юкъадагӀара хӀара хьолаш:

  • Корта 1: Ингалс а, Шотланди а вовшахкхета цхьаьна паччахьалле цӀе «Йоккха Британи» йолуш;
  • Корта 2: Ӏаршан ирс кхачар керлачу паччахьаллехь хир ду ингалсан 1701 шеран Ӏаршан ирс кхачарах актан бух тӀехь;
  • Корта 3: керла паччахьаллин хир ю цхьа Парламент (гӀуллакхе хьаьжжина иза хир ю ингалсан парламент);
  • Кортош 4—18: хӀиттадо юкъара низамаш махлелоран, налогийн, валютан, кхин бахаман гӀуллакхийн аспектийн областехь;
  • Корта 19: юьту башха Шотландин юрисдикцин система;
  • Корта 20: дуьту хьалхалера пачхьалкхан а, суьдан а даржаш;
  • Корта 21: юьту паччахьийн галанийн (бургийн) бакъонаш;
  • Корта 22: марталлин Парламентехь Шотландин 16 пэр хир ву лордийн палатехь, Шотландин 45 векал юкъараллин палатехь;
  • Корта 23: шотландин пэрийн ю ингалсанчеран санна бакъонаш пэрашна ечу суьдашкахь;
  • Корта 24: керла паччахьаллин Доккха мухар кхоллар;
  • Корта 25: муьлхха а Ингалсан а, Шотландин а закон, иштта я вуьштта Бертаца догӀуш дацахь, лору законан ницкъ боцуш.

Кхин тӀе Актехь тӀечӀагӀдора Шотландехь пресвитерианан килсан олаллин хьал.

1707 шеран 1 майхь, паччахьан урхаллехь Анна йолуш Унех акт лела делира, Ингалсан а, Шотландин а парламенташ цхьаьнакхийтира марталлин Йоккха Британин парламенте, иза бахьнехь ингалсан историографехь наггахь Униях акт хьахадо «Парламентийн союз» олий.

Униях акт тӀеэцначул тӀаьхьа гӀоьртира Ингалсан а, Шотландин а цӀе хийца Къилба а, Къилбаседа а Йоккха Британи аьлла, амма оцу ойланна и цӀе дӀа ца яхара, Къилба Йоккха Британин (Ингалсан) мухале а, хӀетте а Шотландин Къилбаседа Йоккха Британи термин цхьацца ингалсан урхаллашкахь цхьаьна хенахь лелийра.

Униях акт ца дезара дуккха а болчу лелхийначу СтюартгӀеран некъийн агӀончашна. Иза хууш, Яков III Стюарт, Ӏаршан претендент, французийн ладаме тобано гӀо лаьцна, гӀоьртира 1708 шеран мартехь шотландин берд тӀевосса. Воссарх гӀуллакх ца хилира ингалсан адмирал Бинг сема хилар бахьнехь.

1714 шарахь Анна еллачул тӀаьхьа Йоккха Британин таж кхечира, Ӏаршан когаметтахӀоттаран актаца, ганноверан курфюрстан Георган, Софин кӀантан, Яков I-чун йоӀа кӀантан. Оцу хенахь, 1715—1716 шерашкахь, Шотландехь иккхира якобитийн боккха гӀаттам, оцу хенахь Шотланде веана Яков Стюарт шотландин паччахьан таж туьллу Яков VIII-гӀа цӀарца. Амма гӀаттам кестта охьатаӀийра, Шотланди йисира Йоккха Британин юкъахь.

1707 шеран актаца хӀоттийна шина паччахьаллин экономикан а, политикан а уния, иштта монархин уния (долара уния) а йолу, лаьтташ ю тахана а; цу тӀе 1998 шеран Шотландин актаца Шотландин елла мелла а пачхьалкхан маршо, ткъа 1999 шарахь дуьйна Шотландехь болх беш ю шен бакъонашкахь меттахӀоттийна Шотландин парламент.

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Мать Якова IV — королева Шотландии Мария Стюарт — была двоюродной племянницей Елизаветы I.
  2. Би-Би-Си. Великобритании исполнилось 300 лет 01.05.2007 г.

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]