Умарсултанов, Вахит Османович
Вахит Османович Умарсултанов | |
Ваха | |
Вина терахь | 1950 шеран 20 август (69 шо) |
---|---|
Вина меттиг | Кхазакхстан, ССРС |
Корматалла | художник |
Гражданалла |
![]() ![]() |
Да | Іусман |
Нана | Хани |
Зуда | Овлан |
Бераш | Хьуьсайн, Айнаъ, Хадижат |
СовгӀаташ |
|
![]() | |
---|---|
![]() |
Вахит Умарсултанов |
Ва́хит Осма́нович Умарсулта́нов (1950 шеран 20 август, Кхазакхстан, ССРС) — нохчийн художник, Российн Федерацин Сийлахь художник, Нохчийн Республикан художникийн тобанан председатель, Российн художникийн тобанан нохчийн регионан декъан председатель, Российн художникийн тобанан секретарь, ССРС художникийн тобанан декъашхо, дукха регионийн а, ерригроссийн а, халкъашна юккъера а гайтахӀоттамийн декъашхо, 2012 шарахь Российн Федерацин Правительстван культуран совгӀатхо. Тайпана ЦӀонтаро.
Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]
Ваха вина 1950 шеран 20 августехь, Кхазакхстанехь. 1950-гІа шераш чекхдовлуш доьзал цІабирзира Даймахка. Соьлжа-ГӀалахь юккъера ишкол чекхъяьккхина Ваха, деша вахара Савицкийн цІарах йолу Пензан исбаьхьаллин училище. 1970 шарахь училище чекхъяьккхича, цуо болхбира ишкол-интернатехь суртдилларан хьехархочун даржехь. Оцу шерашкахь Вахин Іаламдилларан белхаш гучудийладевлира республикан гайтамашкахь. И суьрташ, Даймахках безам боьлла, цуьнан инзаре, кхин хирйоцу хазалла гойтуш долу, ХӀинжа-гӀалахь, Нальчикехь, БуритӀехь зонан гайтамашкахь безабелира хьовсархошна а, говзанчашна а. Дукха хан ялале 1982 шарахь В.О. Умарсултанов Российн Федерацин Художникийн Союзан декъашхо хилира. 1990-гІа шераш дуьйлалуш, Нохчийчоьнан уггара халачу заманахь, иза Художникийн Союзан коьрте хІоьттира[1]. 2012 шарахь Российн Федерацин Правительствон оьздангаллин областера СовгІатан Лауреат хилира[2][3].
Исбаьхьаллин кхолларалла[нисъе бӀаьра | нисъе]
Вахин суьрташ Шемахь, Германехь гайтамашкахь хІиттийра. Цуо хьоьгу къа бахьнехь, Нохчийчоьнан художникаш дакъалецира «Имени твоему» цІе йолу ерригроссийн исбаьхьаллин гайтамехь (декабрь 2000-январь 2001 ш.). Оцу экспозицехь хІоттийра шен кхолларалла а — диъ сурт, царна юкъахь «Калаус» — цуьнан белхех уггар дикачехь цхьаъ. 2002 шеран майхь Москохахь Российн исбаьхьаллин Академехь хиллачу нохчийн художникийн гайтамехь, хьовсархошна довзийтира В. Умарсултановн керла суьрташ. И гайтам вовшахтухуш цуо шина шарахь сов къахьийгира, ерриг Россехара нохчийн художникийн белхаш гулбеш. Художникийн Союзехь болу балхо мукъа ца вуьтушехь, Ваха кхуьу кхолларалла лело. Цуьнан пейзажаш атта евза гайтамашкахь.
Доьзал[нисъе бӀаьра | нисъе]
Вахин да Іусман, шен заманахь хьехархо болх бина вара. Церан доьзалехь шиъ кІант, кхоъ йоІ дара. Вахин хІусамнана Овлан ю. Церан цхьаъ кІант а, шиъ йоІ а, кІента а, йоьІарийн а бераш ду.