ТIеман гlyллакх «Эла» (1944)
ТIеман гlyллакх «Эла» | |||
---|---|---|---|
Коьрта конфликт: ШолгӀа шуренан тӀом | |||
Терахь | 06.06.1944 - 31.08.1944 | ||
Меттиг | Нормандин хийисте , Перенгийн мехкан невре | ||
ЖамӀ | Бартхойн толам | ||
МостагӀий | |||
|
|||
БӀаьччаш | |||
|
|||
![]() |
Тlеман гlyллакх «Эла» — иза тleман гlyллакх ду бартхоша шайн ницкъаш Нормандин хийисте охьабиссабеш, латар доладелира сатасале lyьйренна 1944-чу шеран асаран беттан 6-чу дийнахь, чекхдаьлла оццу шарахь хьаттан беттан 25-чу дийнахь бартхой Сена хил дехьабовлуш, тlaьххьаре а лоьмсойх Париж паргlaт а йоккхуш кхидla лоьмсойн-перенгийн дозане тleлеташ.
Тlеман гlyллакх «Элин» шина муьрех лаьтташ ду :
- «Нептун» — доладелла 1944-чу шарахь асаран беттан 6-чу дийнахь (вуьшта а бевзаш бу «Д де» санна), чекхдаьлла 1944-чу шарахь мангалан беттан 1-чу дийнахь.Йуьхьарлаьцна laлашо йара нана-лаьтта тleхь кхидla тleлета аре йаккха, латар доьдуш дара асаран беттан 25-гla де кхаччалц.
- «Цlaй» — мостагl вохорца тleлата перенгийн латтахула.Доладира нисса хьалхара мур чекх ма баьлла.
Цуьнца цхьаьна хьаьттан беттан 15-чу денна гуьйре йолайалле laьмаркхойн а, перенгийн а салтеша кхиамца чекхдаьккхира Перенгийн негlaн тlеман гlyллакх. Йуха и тleмаш чекх ма баьхха Перенгийн мехкан неврера а, негlepa а тleлеташ бартхойн сураш вовшах а кхетта кхидla дахара тlелета лоьмсойн дозан тle, шадолу перенгийн латта паргlaтдаьккхина ала а мегаш.
Гlyллакх кхочушдан сурт
[бӀаьра нисйан | нисйан]

Тleгloрторан сурт xloтточу хенахь laьмаркан а, Ингалсан а куьйгалхой дукхо тleтовжура шаьш мостагlчунна «Оверлорд» тleман гlуллакхан коьрта ши xlyма ца хаар шек ца хиларна — гlyллакх кхочушдаран хан а, меттиг а. Охьадийсар ма-хуьллу къайле хилийта xlотта а дина кхочушдинера масех эладита даржо гlyллакхаш — «Ханакъост», «Доьналла», кхидерш а.
Дукхахьолахь охьадийсаран сурт xloттош верг вара тleмада Бернард Монтгомери[1].
Цига тleлата кечлучу хенахь бартхойн куьйгалхоша толлуш йара цуьнан шайолу Атлантикехь хlopдйист. Охьадийса меттиг хоржуш йара кху xlyманашна тleтовжуш: xlopдийстера мостагlчун чlaгloнийн чloгlaллина а, Силабританин xlopд-гlaланашкара йохаллина а, бартхойн чlиркеманийн куьгкхоченна а (xlyнда аьлча бартхойн хloрдан ницкъашна xlaваакеманийн гlo оьшура).
Па-де-Калехь «Атлантикан Чlaн» чlaгloнаш уггаре чloгla йара лоьмсойн куьйгалхоша иза уггаре кхераме меттиг йолу дела чlaгlйайтина дела. Бартхойн куьйгалхоша къобал ца дира Па-де-Калехь охьадийсар. Бретан гlийло йара, амма Ингалсана гена йара и.
Бартхойн куьйгалхоша сацам бира охьадийса уггар гloле меттиг Нормандин хийист йу аьлла, цигахь чlaгloнаш чloгlo йара, амма уьш Па-де-Калехь санна оццул дукха шалонаш йолуш йацара. Ингалсера цига гено дара Па-де-Калеца дуьстича, амма уллехьо дара Бретанел. Кхин жима бахьана дацара Норманди бартхойн чlиркеманаш тleкхочучехь хилар а, ингалсан xlopд-гlaланашкара йолу йохалло магийтар а хинехула сур латтор. Лоьмсошна моттарх а хьалхарчу муьрехь бартхой цигара йолу xlopд-гlaланаш дlaлайа гleртар буй уьш и дан дагахь бацара, xlyнда аьлча охьадиссина сураш латто дезаш дара «Малберри» цle йолчу гойзанчу хикеманаш дlaxlyттийлийн гloьнца. Цундела хаьржинарг Норманди йара.
Гlyллакх доладан хан билгалйаккхар доьзна дара дуккху а бахьанаш вовшахдарца, бleгlийла долу денош баттахь масех бен ца хуьлура. Бакъхьа дара бутт буззалц хьоьжуш laр, xlyнда аьлча цу беттан серлоно кеманашна церан болх атто бийр бара, цу рогleхь цо хloрдан зилбарам хьалаболуьйтур бара. Охьадийсар хила дезара (хloрдан) хи лакха а, лаха а долучу хенан йукъехь. Иза оьшура дуьхьалонан аьрдамаш охьабуьссучарна дика гаран а , йуха и охьабиссинарш мостагlчуьнга laлашоне лацалуш йолу хенан а йуккъахь йолу йукъ ларор. И денош дара 1944-чу шеран xlyтосург а, асаран а беттанийн хьалхарчу деношкахь. Цкъа дуьххьара бартхоша леринера гlуллакх 1944-чу шеран xlyтосург бутт болалучу хенахь доло, амма кхин цхьана меттиге а (ахгlaйре Котантан, куп «Йута») сур охьадоссо лерина аьлла гlyллакх хьедира цхьана баттана. Цу баттахь бleгlийла денош дара — 5--гla а, 6-гla а, 7-гla а. Царах хаьржира 5-гla де гlyллакх доло. Амма новкъарло йечу хенан xloттаман бехкана Эйзенхауэра билгалдира охьадийсар 6-чу дийнахь, и де гушламехь девза «Д де» санна.
Шаьш охьа ма диссина а, шаьш схьайаьххачу меттигашкахь чlaгl а ма делла сураш боленехь чулета дезара. Цу меттигехь гулбала безара канадхойн а, британхойн а сураша латто безаш болу мостагlчун ницкъаш. Иштта мостагlчун сураш болене дlaтакхийна Монтгомерис леринера буссене Омар Брэдлин керахь долу laьмаркхойн сураш чулетар. Тle а леташ уьш дlaкхача безара негle Луар кхаччалц, шуьйрачу лараца Сене кхочуш Парижана гондахь 90 дийнахь.
Монтгомерис ша леринарг хаийтира арарчу инарлашна 1944-чу шеран бекарг баттахь Лондонехь. 1944-чу шеран аьхкенахь тleман гlyллакхаш Монтгомерис ма-баххар доьдуш дара, амма «Цlaй» цle йолчу тleман гlyллакхехь laьмаркхойн сурийн масачу чулетаран бехкана Сенехула чекхдовлар доладелира 75-чу дийнахь.
Охьадийсар а, кхидla тleлета аре йаккхар а
[бӀаьра нисйан | нисйан]

1944-чу шеран xlyтосург беттан 12-чу дийнахь бартхойн кеманаша дуккху а эккхарш охьакхиссина гойзана йагорг йеш йолу 90% зовташ йохийра. Лоьмсойн конкийн дакъош маса боламаш ца балуш дисира лартlaхь йагорг ца тоьара дера.
Асаран беттан 6-чу дийнахь бартхоша кеманаша ха а деш охьабиссабира айчетаран сурернаш: Канана невре-боле агlор 6-гla британхойн xlaваан-десантхойн дивизи, Карантанана невре агlop шиъ laьмаркхойн дивизи — 82-гla а, 101-гla а.
Британхой бара уггар хьалхе перенгийн латтан тle охьабиссинарш — асаран беттан 6-чу дийнахь буьйса йуккъе йахча уьш и Кана гlaлина невре-болехь охьабиссича цара Орн хил дехьа долу тlaй дlaлецира мостагlчуьнга шайна гloьнна керла ницкъаш ца баийта.
Ткъа laьмаркхойн десантхой охьабиссира цу Контантен ахгlaйренехь Нормандин буссехь Сент-Мэр-Эглиз гlaла паргlaтйоьккхуш, иза йу лоруш нана-лаьтта тleхь болчу Перенгийн махкахь уггар хьалхе паргlaтйаьккхинарг санна.
lyьйрена xlopдера сураш охьадиссадира. Уггар къиза дуьхьало лоьмсоша йира laьмаркхой охьабиссинчу «Омаха» куьпехь. Охьадийсале хьалха кхуза мостагl цецоьккхуьйтуш йаккхийчу тоьпаша а, кеманаша а тleйассо йезара лоьмсошна. Амма lyьйренна хиллачу дахкаран бехкана эккхарш кхуьссу кеманаш а, xlopдкеманийн йаккхий тоьпаш а тleхтийлира, цундела «Атлантикан Чlaн» кхузахьарчу чlaгloнашна ду аьлла зен ца хилира. Ткъа laлашонашна тlех ца тийлинчу кхечу куьпашкахь лоьмсошна а, церан чlагloнашна а доккха зен хилира, цундела цара лартlaхь дуьхьало ца йира. Де чекхдолучу хенахь «Омахехь» беккъа белларш бара 1700, ткъа лазийнарш кхин а 3000, ткъа «Йутехь» эшамаш иштта бара - 197 велларг а, 500 лазийнарг а.[2]. Йуха хloрдера охьабиссинарш вовшахкхийтира 82-чу а, 101-чу а дивизера айчетаран сурерчаьрца Котантен ахгlaйренехь. Кхечу куьпашкахь а бартхоша шайна тleдиллинарг чекхдаьккхира кегийчу эшамашца. Перенгийн мехкан xlopдйистехь асаран беттан 6-чу дийнахь хьалхарчу шалонехь охьабиссира 156,000 laьмаркхойн а, канадхойн а, ингалсхойн а салтий, цаьрца 10,000 тайп-тайпа конк. И де чекхдолуш бартхоша йаьккхира кхидla тleлета кхо аре а, xlopдера 5 гlaшлойн а, 3 болатконкийн а дивизи охьайоссайира.
Охьадийсар кхиамца чекхдаьлча Эйзенхауэран оттина карадинера цунан кисанахь эшор хилахь нахана деша кечдинчу йозанца кехат : «Тхо Шербур -Гавр кlоштехь охьадиссарх тхога кхида телета аре ца латтайелира, цундела ас духадехира сураш. Цу хенахь а, цу меттигеь а телата ас сацийнера сайн керахь болу хаам лерарца.Суро а, xlaваъкеманаша а, xlopдкеманаша а шайн декхар текхира майраллица а, муьтlaьхьаллица а.Xlapa гloртор харцо хилла дlaдерзарх цхьаъ бехке хилахь и со бен хир вац»[3].
Асаран беттан 12-гla де чекхдолушехь laьмаркхой чубахара мостагl волче 80 чакхарма гена, йаьккхина аре йара 10-17 чакхарма кloрга, цунна тleхь дlaсайаьржира бартхойн 16 дивизи (12 гlaшлойн а, 2 айчетарийн а, 2 танкийн а). Лоьмсойн куьйгалхоша цу хенахь тlаме хьажира 12 дивизи (царна йуккъахь 3 танкийн), кхин а 3 тleкхочуш йара царна. Лоьмсой дакъошца йукъабовлуш цига баккхий эшамаш бохура (билгалдаккха деза церан дивизеш жимо хуьлурий бартхойл). Асаран бутт чекхболучу хенахь бартхоша кхин а дlaсайаьржира аре: 100 чакхарма нийса дla, 20-40 чакхарма кloрга а. Цунна тleхь йара 25 дивизи (царна йукъахь 4 танкийн), царна дуьхьал йара 23 лоьмсойн (царна йукъахь 9 танкийн). 1944-чу шеран асаран беттан 13-чу дийнахь лоьмсоша кхиам боккхур боцу духьал тleлатар дира Карантан гlaла йолчехь.
Асаран беттан 18-чу дийнахь 1-чу laьмаркхойн суран 7-гla корпусо тle а леташ Котантен ахгlaйренан буссерчу xlopдйисте бекъа а боькъуш вовшахкъастийра лоьмсой. Асаран беттан 29-чу дийнахь бартхоша Шербур xlopд-гlaла дlaлацарца шайна гloле дира латтор. Цул хьалха бартхойн керахь йацара цхьа а йоккха xlopд-гlaла. Сур латтор деш дара «Малберри Б» гойзанчу хи кеманаш дlaxlyттийлашца а, нах а, киранаш а дассорца охьадиссадечу кеманийн гloьнца.[4]. Цу кепара и дар экам дара хийцалучу хенан xloттамца, цундела бартхойн куьйгалхошна хаьара царна кloрга хlopд-гlaла оьший. Шербур йаккхарх керла ницкъаш сихо схьакхача болабелира. Кху xlopд-гlaлане лалора 15,000 тонн дийнахь тleэца.
Мангалан беттан 16-чу дийнахь Эрвин Ромелана хала чевнаш йинера туьпан конка тleхь волчу хенахь ингалсхойн чlиракемано, цуьнан лелорхо вийра цо. Роммел хийцира тleмада Гуьнтер пон Клуьгес, иза иштта дlaxloтта везара буссехьарчу лоьмсойн сурийн Тур-ден даржехь Рунштет метта. И Рунштет шайн даржах вохийра цо бартхошца машар бан беза боху къамелаш дора аьлла лоьмсойн инарлийн туьпе.
Мангалан беттан 21-чу дийнахь 1-гla laьмаркхойн сур чекхделира негleрчу сизамехь 10-15 чакхарма гена Сент-Ло гlaла дla а лоцуш, ингалсхойн-канадхойн салтеша къизачу латаршкахь толам баьккхича дlaлецира Кан гlaла. Цу хенахь бартхойн куьйгалхоша кхидla тleлета йаьккхинчу аренера чубахаран сурт xloттош дара, xlyнда аьлча Нормандин гlyллакхехь йаьккхина аре (110 чакхарма нийса дla, 30-50 чакхарма кloрга) мангалан беттан 25-гla де тleкхаьччача шозза кleзиго йара йаккха леринчул. Амма аммадоцчу хlaваахь олаллица йиш йара кхузахь тоаал ницкъаш lalo кхино доккха тleлатаран гlyллакх дан невре-буссехьарчу Перенгийн махкахь. Мангалан беттан 25-чу дийнахь бартхойн ницкъийн масалла хьалакхечира 1,452,000 адаме кхаччалц, йуха и терахь саца а ца соцуш дукхо хуьлуш дара.
Лоьмсойн чloгla тешша бар шайн бартхошкахь йолчул тоьллачу танкех (церан «Пантераш» а, «Цloькъалоьмаш» а laьмаркхойн коьртачу «Шерманел» а чloгlo хилар) Амма кхузахь танкаша дукха xlyма ца хуьйцура, шадерг доьзна дара xlaваан ницкъашца, Вермахтан танкаш инзаре атта laлашо хуьлура xlaваахь олалла деш долчу бартхойн кеманашна. Дукхахйолу лоьмсойн танк йохийнера бартхойн «P-51 Mustang» а, «P-47 Thunderbolt» а кеманаша.
Ингалсехь йара бартхойн сурийн 1-ра тоба (бlaкуьйгалхо Жорж Паттон) — Дувр гlaлина гондахь Па-де-Калена дуьхьал, лоьмсошна цигара коьрта тохар хир ду моттийта. И бахьана долуш Нормандехь баккхий эшамаш ловш долчу 7-чу сурана цхьа а гlo ца даладелла долу 15-гla лоьмсойн сур Па-де-Калехь дара. «Д де» даьллачул тlaхьа 5 кlира даьлча а эладитанашка ладоьггla болу лоьмсойн инарлаш xlинца а Нормандехь хилларг «диверси» йу, ткъа Паттон шайн «сурийн тоба» охьайоссо йезаш ву Па-де-Калехь моьттуш бара. Кхузахь эшам меттaxloттабайталур доцу гlaлат дира цара. Шаьш leхийний кхеттича тlaьхье дара — laьмаркхой тleлата болабелира и дан йаьккхинчу аренера.
- ↑ Отрывок из доклада Монтгомери о Нормандском сражении Архивйина 2007-09-27 — Wayback Machine. Заметка в газете «Британский союзник» от 26 января 1947 года.
- ↑ Demorris A. Lee. For Largo man, D-day is like yesterday (инг.). Tampa Bay Times (2008 шеран 5 июнь). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 28 декабрь. Архивйина 2014 шеран 24 майхь Архивйина 2014-05-24 — Wayback Machine
- ↑ Ryan, 2010, p. 254.
- ↑ Osmanski, F. A. (January 1950). "Logistical Planning of Operation Overlord". Military Review. 29 (10): 50—62. ISSN 0026-4148. ТӀекхачаран де: 2024 ш. 05 августехь.