Чулацаман тӀегӀо

ТӀулган оьмар

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ТӀулган оьмар
Сурт
ЦӀе тиллина сийдина ТӀулгийн гӀирсаш
Цуьнан рогӀераниг борзанан оьмар
Чаккхенан терахь гергга 2000 в. э. хьалха
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

ТӀулгий оьмар — археологин термин, цуо билгала боккху адам кхиаран шуйра мур, иза хьалха бу металлийн муьрал.

Вайн эрал I бӀешарахь Тит Лукреций Карас кховдийра, металлан муьрал хьалха богӀура, стеган коьрта герз тӀулгаш хилла мур. Ойла къастабарах кховдийна французийн антиквара Никола Мауделеса 1734 шарахь. Кховдоран Ӏиманца бух бина данин археолого Томсена 1836 шарахь, цуо къастийра адамалла кхиаран муьрехь кхоъ оьздангаллин-историн оьмар: тӀулгийн, борзанан, аьчкан оьмар. 1860-гӀа шерашкахь ингалсан Ӏилманчо Джон Либбока йекъна тӀулгийн оьмар шина муьре — палеолит а, неолит а. 1860-гӀа шераш чекхдовлуш французийн археолого Г. Мортильес кечйина кхин алсама дакъош долу муьраш (шеллан, мустьен, солютрейн, ориньякан, мадленан, робенгаузенаня).

Амма дуьненан тайп-тайпана регионашкахь цхьабосса ца кхуьура адамалла. ТӀуган герзаш цхьацца оьздангаллашкахь шуьйра леладора металлийн муьрехь а. Наггахь параллелан металлан гӀирсашца а, герзашца а, масала, веданна, кхин дӀа тӀулг лелабора. Цундела дика ду мур билгала боккхуш «тӀулган оьмарш» леладар, «тӀулгийн оьмар» лелочулла. Йуьхьиган а, чаккхенан а муьран хан иштта къовсаме йу.

Тулгийн герзаш кечдора тайп-тайпана кепара тӀулгех. Иштта, мокхаз а, кир-маьӀда а, ашанаш а леладора гӀирс а, герз а меттана, ткъа базальтах а, гӀамар-тӀулгах а дора белхан гӀирсаш, масала, тӀугаш куьйга хьовзош йолу хьерашна. Кхин а шуьйра леладора дечиг, даьӀахкаш, хӀоьан чкъийриг, сайн маӀа.

ХӀокху муьрехь шуьйра лелийна технологеш хаъал Ӏаткъам бина адаман эволюцис. Адаман ареал шорйелла Малхбален Африкера саваннашкара дуьненан массо маьӀӀе кхаччалц. ТӀулгийн оьмаран чаккхенгахь карайирзина цхьацца акха дийнаташ, доладелла йоьзан маьӀда лало металл дархьама. ТӀулгийн оьмар лору адам кхиаран исторел хьалхара мур, хӀунда аьлча адамаллин хӀинца а ца хаара йаздан (цуо амал ло ламаста историн шерашдагардаран муьран йуьхьиган).

ТӀулгийн оьмар археологехь

[бӀаьра нисйан | нисйан]
ТӀулгийн оьмаран чӀара лоцу маӀар

Билгала терхьаш оцу муьран дац, къовсаме а, дозуша а ду билгалчу регионах. Амма, дийца мегар ду тӀулгийн оьмарх дийнна йерриг адамаллин муьрах санна, хӀетте цхьацца оьздангаллехь хӀинца а гучу ца йаьлла металлурги, уьш алсама цивилизацийн технологи кхиарца Ӏоттатабалланза бу. ТӀаккха а, и мур болабелла 3 млн шо хьалха, болабела хьалхарчу гоминид тӀера, ваъхначу Африкехь, цунна лело дагадеира тӀулгийн гӀирсаш бахаман Ӏалашонаш кхочуш йархьама. Дукхах болу австралопитекаш, тера ду, ца лелийна тӀулгийн гӀирсаш, хӀетте а церан оьздангаллаш иштта Ӏамайо цуьнан гуран чохь.

Вайн хене тӀулгийн хӀуманаш кхаьчнехь, церан бух тӀехь археологин талламаш буо оцу муьран. Археологаша балабо тӀугийн гӀирсийн цхьацца бустамаш, уьш бо церан тайпанаш билгалдаха, Ӏалашо, лелоран технологи билгалйаккха. КӀезга ца йогӀу тӀулгийн оьмаран гӀирсаш вайга ах йохийна хьолехь, эксперименталан археологин декъо уьш меттахитайо йа копеш йо.

ХӀокху заманахь термин лелор

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Тайп-тайпана тӀулгийн гӀирсаш

Цхьа бала термин «тӀулгийн оьмар» лелорехь бу, исторел хьалхара йукъаралла кхиаран тӀегӀанех кхел йан таро йу бисинчу тӀулгийн гӀирсашца, ткъа йукъараллин кхолламан чолхаллин тайпанца, сурсаташ кхачаран хьостех, хала климатан адаптаци йарах йац. Иза арадолура археологин хьесапех, лелош долу XIX бӀешарахь, оцу хенахь йаьккхинера кхаа хенан историн система. Коьрта Ӏалашо оцу хьесапийн дара максимум барам археологин ахкарш дар карорхьама тӀулгийн гӀирсаш. ХӀинцалера археологин хьесапаш шуьйра бух буьллу хаамаш гулбарехь, цуо хаъал шордина вайн хаарш исторел хьалхарчу хенах, кхета таро йина, ширачу заманахь адаман йукъараллехь хилла чолхе кхолламан система, цуо йо термин «тӀулгийн оьмар» цуьнан таханлерачу кхетамехь гайтина хенан мур билгалбаккха ширӀбалар. ХӀинца вайна а хаьа, шира йукъаралла кхиарна Ӏаткъам бора дуккха а тайп-тайпана фактораш, масала, йуьртан бахам, дин йа кхоьллина йарташ, ткъа тӀулган гӀирс бара оцу гӀирсех цхьаъ, цуо хӀинца ца гойту шира йукъаралла кхиаран йуьззина тӀегӀа, цуьнан динаш а, бахам а.

Кхин цхьа бала, бихкина кхетамах тӀулгийн оьмар боллу, термин кхолларх шира Европин археологин оьздангалла сурт хӀотторца, кхечу регионашна иза лелалур дац, масала, Къилбаседа а, Къилба а Америкашна, Океанина, цигахь латталелорхойн йа таллархойн-лахьорхойн тайпано лелийна тӀулг европахоша колони йаллалц. Иштта шира адамаша металл лелоро кӀезиг амал лелайора, вайн хетарел кӀезга, ткъа терминаш Йоьзан, Борзанан, Аьчкан оьмар йу адаман историн муьрехь уьш билгалйаха. Иштта, масала, дерриг дуьненахь лелош аьчкан хӀуманаш йолуш, Америкехь эчиг ца довзара 1492 шо кхаччалц (леладора йоьза, дети, деши), ткъа Океанехь XVII бӀешо кхаччалца.

ТӀулгийн оьмарал тӀаьхьара борзанан хилира хенан мур, оцу муьрехь адамашна Ӏемира борзанан гӀирсаш дан йоьзанах а, гӀелих а, уьш лело хӀора дийнан дахарех. ТӀулгийн оьмарера борзанан оьмаре валар адамаллин доккхаха долу дакъа дехира Европехь, Азехь, Къилбаседа Африкехь, дехьабевлира вайн эрал 6 - 2,5 эз. шо хь. Амма, дуьненан цхьацца регионашкахь, масала, Йуккъера а, Къилба а Африкехь тӀулгийн оьмар дехьа ца йаьлла аьчкачунга. Лору Гергара Малхбалехь а, Къилба-Малхбален Азехь тӀулгийн оьмар чекхйаьлла в.э. 6 эз. шо хь., ткъа Европехь а, Азин кхечу мехкашкахь в.э. 4 шо хь. Амма, Инкийн оьздангалла Къилба Америкехь йеха тӀулгийн оьмаран тӀегӀанехь в.э. 2 эз. шо хь., цу хенахь деши, йоьза, дети йукъаделира, лело долийра массанхьа а. Австрали тӀулган оьмарехь йисира XVII бӀешо кхаччалц.

Хьажа иштта

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]