ТӀеман гӀуллакххо

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
4-гӀа гвардин танкийн дивизин тӀеман гӀуллакххой шеш ларбо «Ратник-2» цӀе йолчу гӀирсаца, 2017 шо.

ТӀеман гӀуллакххопачхьалкх ларъяр ан а, кхерамазаллин сфера ларъян Ӏалашо йолуш, иза бахьнехь башха бакъонан статус йолу (билгалчу хьолашкахь: хьажа лаха), тӀеман гӀуллакх чекхдаккхарца доьзна декхар кочушде стаг.

Росси[нисъе бӀаьра | нисъе]

Дуьххьара тӀеман гӀуллакхо хьахийна Сийлахь-йоккха Москохан олаллин документашкахь, «гӀӀуллакхера нах» цӀарца[1]тӀеман нах»), оцу муьрехь царна юкъа боьлхура:

  • элий, воккха элица цунна гӀуллакх дан декхараллин уьйр йолу, хьалха олуш ма-хиллара «тӀеман гӀуллакх лело».

Оцу хенан документашца, масала, «ГӀуллакхах охьадиллинарг» (1555 шеран), «Суьдан жайна» Иван IV-гӀачун (1559 шеран), «Гуламан охьадиллинарг» Алексей Михайловичан (1649 шеран), «гӀуллакхера нах» («тӀеман нах») лаьттара «паччахьан гӀуллакхехь», цунна дуьхьала латта а, «паччахьан алап» а кхочура.

ТӀаьхьуо Россехь юкъаелира тӀеман гӀуллакххойн керла категори, нах гулбора[1]. Царна ца лора тӀеман гӀуллакхна латташ а, мехкаш а, ткъа лора хӀазнера ахча а, бепиг а, духар а, мачаш а, «тӀеман гӀирс» а. Царах хилла:

ХӀокху заманан мур[нисъе бӀаьра | нисъе]

Российн Федерацин (Российн) гражданашна тӀеман гӀуллакххо статус ло тӀеман гӀуллакх ма-долийна, йов - тӀеман гӀуллакхан хан чекхъяьлчи. ТӀеман гӀуллакххоша тӀеман гӀуллакх дӀакхоьхьу тӀеман ницкъийн кхолламашкахь (тӀемлойн дакъанашкахь (кеманашкахь), предприятешкахь, урхаллашкахь, тӀеман боцу кхолламашкахь, говзаллин дешаран тӀеман дешаран кхолламашкахь). ХӀора тӀеман гӀуллакххочунна ло цуьнан дешаре хьаьжжина тӀемлойн цӀе. Шен гӀуллакхан хьолаца а, тӀемлойн цӀарца а цхьаболу тӀеман гӀуллакххой кхечу тӀеман гӀуллакххошца хила тарло хьаькам я куьйгакӀеларниг, лакхара я лахара.

Российн «ТӀеман гӀуллакххойн статусех лаьцна» Федералан законаца хӀиттийна тӀеман гӀуллакххойн бухара категореш:

Оцу федералан законаца хӀиттийна билгаладаьхна кхин тӀе декхарш (муьлххачу хьолехь а хӀиттийна Ӏалашонаш кхочушъян декхаре хилар, шен син кхерам белахь а) а, тӀеман гӀуллакххойн статусах боьзна бехкамаш (хьуьнараллин а, кхин мехах болх а лело ца магор, Ӏилман я кхин кхоллараллин боцург) а, ткъа иштта ло гаранти, компенсаци, тӀеман гӀуллакххойн декхарийн амал башха хиларна (хӀусам ло, льготаш ло деша дӀахӀуттуш).

ТӀеман гӀуллакххошна тӀемлойн цӀе ло. Россехь тӀеман гӀуллакххочун хьалхара тӀемлойн цӀе ло эскаре кхайкхинчул тӀаьхьа, тӀеман чӀагӀо янле. Дуьххьара тӀеман гӀуллакхе баьхкина тӀеман гӀуллакххошка, тӀеман чӀагӀо йойту.

Бакъонан аспект[нисъе бӀаьра | нисъе]

ТӀеман гӀуллакхашкахь а, девнашкахь а дакъа лоцуш болу тӀеман гӀуллакххойн, ю башха юридически комбатантийн статус: церан гӀуо гӀуллакхаш ца доьду зуламан бакъон кӀела, мах хадабо тӀеман законашца. Масала, царна лелаш ду тӀеман йийсархой лелоран конвенцин хьолаш. Гааган конвенцеш чулоцу тӀеман гӀуллакххой законан комбатанташ юкъабахийтаран лахара барамаш:

1) коьртехь стаг ву, шен куьйгакӀеларчарех жоьпаллехь волу;
2) хуьлу билгалайина а, генара дика къаьсташ къасторан хьаьрк ;
3) диллина герз леладо;
4) шен гӀуллакхехь кхочуш до тӀеман законаш а, гӀиллакхаш а.

Гайтина хьолаш кхочуш деш дацахь, тӀеман гӀуллакххой лору законехь йоцу комбатант.

Женеван конвенцица лецна законехь йоцу комбатанташна ца лелайбо кхетам тӀеман йийсархо, царна уьш лецначу пачхьалкхан зуламан кодексца таӀзар до[2]

Хьажа иштта[нисъе бӀаьра | нисъе]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. 1 2 О русском войске в царствование Михаила Федоровича и после его, до преобразований, сделанных Петром Великим. Историческое исследование дейст. чл. Императорского Общества Истории и Древностей Российских И. Беляева. Москва. 1846 год.
  2. ICRC official statement: The relevance of IHL in the context of terrorism, 21 July 2005

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • «О русском войске в царствование Михаила Федоровича и после его, до преобразований, сделанных Петром Великим.» Историческое исследование дейст. чл. Императорского Общества Истории и Древностей Российских И. Беляева. Москва. 1846 год.
  • «Военный энциклопедический словарь» (ВЭС), Москва, Военное издательство (ВИ), 1984 г., 863 стр. с иллюстрациями (ил.), 30 листов (ил.);
Цикл статей генерала Джона Хаккетта[en] об эволюции военной профессии

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]