ТӀаьххьара гаргол

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
ТӀаьххьара гаргол
ТӀаьххьара гаргол ЧӀулга-Юртарчу № 10 йолчу гимназехь.jpg
ТӀаьххьара гаргол ЧӀулга-Юртарчу №10 йолчу гимназехь, 2019 шо.
ХӀоттийна дешаран шо чекхдаларна лерина
Даздо РоссиFlag of Russia.svg Росси
БелоруссиFlag of Belarus.svg Белорусси
УкраинаFlag of Ukraine.svg Украина
КхазакхстанFlag of Kazakhstan.svg Кхазакхстан
ГӀиргӀазойчоьFlag of Kyrgyzstan.svg ГӀиргӀазойчоь
ЭрмалойчоьFlag of Armenia.svg Эрмалойчоь
Терахь 25 майхь
2019 шарахь 23 майхь
Даздар парад, линейкаш
Ламасташ ишколан духар
гаргол
«Арахецархочун» аса
Commons-logo.svg ТӀаьххьара гаргол Викилармехь
ТӀаьххьара гаргол Москохара № 856 йолчу ишколехь, 1981 шо

ТӀа́ьххьара гарго́л — дешар чекхдоккхучу дешархойн ламастан Ӏида (цхьан а хӀума ца дозу автоматаца болчу ишколан гарголашца). Ишколашкахь тӀаьххьара гарголаш дӀахьо май бутт бовш, дешар чекхдаьллачул тӀаьхьа, ткъа арахецаран экзаменаш йолаяланза а йолуш. ТӀаьххьара гарголо жамӀ до, тӀадам буьллу дукха шерашкара дешаран марафонан шен ерриг Ӏамолашца а, переменашца а, тергаман белхашца а, цӀахь бан луш хиллачу белхашца а.

Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

Ӏида юкъадаккха дагадеина советийн педагоган, РСФСР ишколан хьакъдолу хьехархочун Брюховецкий Фёдорна.
ТӀаьххьарчу гарголан лерина дуьххьара Ӏида, дӀадаьхьира 1948 шеран 25 майх Москохахь № 182 (хӀинца № 1388) йолчу ишколехь[1].

Ӏиданах лаьцна[нисъе бӀаьра | нисъе]

ТӀа́ьххьара гарго́л — арахоьцучарна а, хьехархошна а, дай-наношна а лерина доккха ишколан юкъара Ӏида ду. Даздаран церемонин юкъадогӀу хьеший, директор, хьалхара хьехархо, дай-наной бистхилар, хьалхара классера берийн бистхилар, 9-гӀа а, 11-гӀа а классашкара дешархойн баркаллин дош.

ГӀиллакхаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

ХӀоьттинчу гӀиллакхца зудабераш духу ишколан духар, наггахь — кӀайн коч а, Ӏаьржа юбка а. КӀенташа оцу дийнахь лелайо оьзда костюмаш. Ехачу хенахь даьржина дара советийн муьран ишколан духар кӀайн хьалха уллург а йолуш, амма тӀаьхьарчу хенахь иза арататта долийна таханлерачу кепара духаро. Арахецаран дийнах къаьсташ хӀоьттинчу гӀиллакхца, бедаршна тӀехула кӀенташа а, йоӀарша а аса йоьхку тӀаьхь «Арахоьцург» («Выпускник») йоза долуш, ткъа костюмашна (йоӀаршна — фартукашна тӀе) тӀе наггахь тосу я кегийра гарголаш, я гаргол кепара седарчий[2].

Даздечу хенахь дукха хьолахь туху гаргол, символица гойтуш болу Ӏамола йолаялар а, чекхъялар а гойту ишколан гаргол. Цу тӀе гаргол туху хьалхарчу классера йоьӀа, иза белаш тӀаьь хьо цхьайтталгӀа классан дешархочо. ЦкъаццӀа арахоьцучара урам тӀе а бовлий стигал хоьцу хӀаваан китташ, ткъа керстачеран махкахь хьалхара ишколан вальс хелхара до.

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Ирина Макеева. В школах России прозвенит «последний звонок» — Парламентская газета
  2. Лещинская В. Праздники для старшеклассников: 9-11 класс. М.: Издательство Аделант, 2017.

Хьажа кхин а[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]