Тучин, Георгий Владимирович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Георгий Владимирович Тучин
Вина терахь 1914 шеран 24 ноябрь({{padleft:1914|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:24|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1945 шеран 5 август({{padleft:1945|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:5|2|0}}) (30 шо)
Дарж лакхара лейтенант[d], капитан[d]
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза
орден Ленина

Георгий Владимирович Тучин (1914 шеран 24 ноябрь, Евпатория[d], Таврическая губерния[d]1945 шеран 5 август) — гӀашсалти, капитан, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Советски Союзан Турпал.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вина 1914 шеран 24 ноябрехь Таврически губернин Евпатори гӀалахь. Цо чекхъяккхира 9 класс. Цо токарь болх бира Соьлжа-Г1алахь «ЦӀен варзб» заводехь. 1936 шеран ноябрехь Тучин ЦӀе Эскаре дӀакхайкхира. 1939 шарахь цо чекхъяккхира Бакун эскаран гӀашсалтийн училище. 1939—1940 шерахь цо советско-фински тӀамехь дакъалецира[1].

ТӀом бола ма белла иза фронтехь вара. Цо дакъа лецира Къилбан а, Кавказан а, 2-гӀа Белоруссин а фронташкахь. 1941 шеран 26 июлехь а, 1942 шеран 29 августехь цунна чевнаш йира[1].

1945 шо долалуш иза вара 1-ра Белоруссин фронтан 33-гӀа армин 62-гӀа гӀашсалтийн корпусан 362-гӀа кхиссархойн дивизин 9-гӀа дӀакъастина ротан куьйгалхо. 1945 шеран 14 январехь Вислан-Одеран тӀелатаран операцехь мостагӀийн чӀагӀдина дуьхьалонан дозан чекхволуш хенахь Тучинан ротас мостагӀаш цара дӀалаьцна меттара а лаьллира, тӀелатаран кхаа дийнихь тӀемашца 65 км некъ а бира, дукха мостагӀийн салтий хӀаллак а бира[1].

1945 шеран 27 февралехь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца лакхара лейтенантан Георгий Тучинан Советски Союзан Турпалан цӀе елира[1].

ТӀаьха Тучин хӀоттира 1-ра Белоруссин фронтан 8-гӀа гвардин армин 28-гӀа гвардин кхиссархойн корпусан 88-гӀа гвардин кхиссархойн дивизин 271-гӀа гвардин кхиссархойн полкан кхиссархойн батальонан куьйгалхо а, полкан штабан куьйгалхо а[1].

1945 шеран 5 августехь гвардин капитан Тучин машен тӀетоьхна велира. Иза Познань гӀалахь дӀавоьллира[1].

Дагахьлаттавар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Евпаторехь болу ураман тиллина Тучинан цӀе[1].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1988. — Т. 2 /Любов — Ящук/. — 863 с. — 100 000 экз. — ISBN 5-203-00536-2.
  • Звёзды немеркнувшей славы. Симферополь: Таврия, 1984.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]