Тропикан климат

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо

Тро́пикан кли́маттропикашкара климат. Тропикан климатан амалехь ду температураш шеран заманашкахь кӀезиг техкар[1].

Алисовн климатийн классификаци[нисъе | нисъе чухулара]

Тропикан климатан дозанаш Алисовца
Къилба Флорида тропикан климатехь ю

Алисовн климатийн классификацица тропикан аса лаьтта субтропикан а, субэкваторан а асанашна юкъахь[1].

Тропикашкахь лахарчу аткъаман асана шинне агӀора экваторца йохалла лаьтта лакхарчу атмосферан Ӏаткъаман зонаш. Океанашна тӀехула кхузахь хуьлу пассатан климат гуттаренна а малхбален мехаш долуш, царех пассаташ олу. Хенан-хӀоттам кхузахь дикка бекъа хуьлу (500 мм гергга шеран йочанаш), барамера мархашца, аьхкенан юккъера температура 20—27 °С, Ӏаьнан — 10—15 °С. Йочанаш цӀеххьана тӀекхета гӀайренийн мох хьоькху ломан басешкахь. Тропикан циклонаш дикка кӀезиг ю[1].

Оцу океанийн областашца латта тӀехь йогӀу тропикийн гӀум-аренийн зонаш екъа тропикан климатца. Уггаре бовхачу беттан юккъера температура Къилбаседа эхигехь 40 °С гергга ю, Австралехь 34 °С гергга. Африкан къилбаседехь, Калифорнин чоьхьарчу кӀошташкахь, терго йина Дуьненан уггаре лакхарчу температурийн — 57—58 °С, Австралехь — 55 °С гергга. Ӏай температураш охьайовлу 10 — 15 °С кхаччалц. Дийнахь-бусий температура чӀогӀа хийцало, амплитуда хила тарло 40 °С сов. Йочанаш кӀезиг хуьлу — 250 мм кӀезиг, дукха хьолахь шарахь 100 мм сов ца йовлу [1].

Дукхаха йолчу тропикан регионашкахь — Экваторан Африка, Къилба Ази а, Къилба-Малхбален Ази а, къилбаседа Австрали а — пассаташ хийцало муссонийн тропикан климатца. Кхузахь аьхка конвергенцин чоьхьара тропикан зона дӀахуьлу генна экваторан къилбаседехьа. Иза бахьнехь малхбален пассатан хӀаваан массаш хийцало малхбузан муссонашца, цунах доьзна ду кхузахь хуьлу йочанийн коьрта дакъа[1].

Кёппенан климатийн классификацехь[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

Кеп:Климатан тайпанийн классификаци Кёппенца