Чулацаман тӀегӀо

Тропикан аса

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Дуьненан тропикан аса Б. П. Алисовца.

Тро́пикан а́сакъи́лбасе́да тро́пикан а́са я къи́лба тро́пикан а́са — Дуьненан Къилбаседа а, Къилба а эхигийн географин асанаш, дукхаха ерг лаьтта 20 - 30° къ.с. ш. а, къ. ш. а. Ӏаьнан юккъера температураш 14 °C лахара йац, аьхка юккъера 30-35 °С. Екъачу меттигашкахь лаьтта гӀум-аренаш а, ахгӀум-аренаш а, алсама тӀуьначу меттигашкахь — саваннаш а, гӀа дужу хьаннаш а. Алсама ю пассаташ, дика къаьсташ бу шеран заманийн хӀаваан температуран хийцамаш, дика къаьста материкашна тӀехь. Тропикашкахь йочанаш чӀогӀа кӀезиг хуьлу: 50-150 мм/шарахь. Оцу йукъа ца догӀу материкийн бердаш, цига тӀуналла кхочу Ӏапказ тӀиера. Ӏаьнан заманахь Африкехь лаьтта циклонийн болх, догӀанаш догӀу. Аьхка йочанаш ца хуьлу ала мегар ду.

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]