Доналд Трамп

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
(Трамп, Доналд дӀасахьажийна кхузе)
Дехьа гӀо: навигаци a, Лахар
Трамп, Доналд
Трамп, Доналд
АЦШ-н хаьржина президент
2016 шеран 8 ноябрь — 2017 шеран 20 январь
Хьалха хилларг Барак Обама
 
Пачхьалкх АЦШFlag of the United States.svg АЦШ
Дин Пресвитерианалла[d][1]
Вина де 1946 шеран 14 июнь({{padleft:1946|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:14|2|0}})[2][3][4] (71 шо)
Медицинский центр Джамейки[d][3][4]
Вича тиллина цӀе Donald John Trump[4]
Да Фред Трамп
Нана Мэри Маклауд
Зуда Ивана Трамп (1977—1991)
Марла Мейплз (1993—1999)
Меланья Трамп (с 2005)
Бераш Дональд Трамп мл. (р. 1977)
Иванка Трамп (р. 1981)
Эрик Трамп (р. 1984)
Тиффани Трамп (р. 1993)
Бэррон Трамп (р. 2006)
Парти: АЦШ-н республикан парти[d][5]
 
Сайт: donaldjtrump.com
 
Автограф: Donald Trump Signature.svg

До́налд Джон Трамп (инг. Donald John Trump; вина. 1946 шеран 14 июнехь, Джамейка, боро Куинс, Нью-Йорк, АЦШ) – Америкера бизнесмен а, политик а ву. Иза Америкин Цхьаьнатоьхначу Штатийн хаьржина президент ву. Праймеризан хиламца Республикан партино шен цӀарах харжамашка кандидат хьокъехь хьалхатеттина а вара. Шен дарже хӀуттура ву 2017 шарахь 20 январехь.

ГӀараваьлла бизнесмен а, медиамагнат волу[6][7], Трамп Trump Organization цӀе йолчу гӀишлошъяран конгломератан президент а, иштта марзлун ловзарийн а, хьешийн цӀийнан бизнес тӀехь корматалла йолчу Trump Entertainment Resorts компанин бухбиллархо а ву. 1996-2015 шерашкахь «АЦШ-н Мисс» цӀе йолчу хазалла къовсаман доладархо вара. Иштта шен хьокъехь роль ловзош ша гайтина масех кинофильма чохь а, телесериала чохь а. Цул сов 14 сезон дохаллехь (2004-2015) NBC –н телеканалехь «Кандидат» цӀе йолу реалити-шоу а дӀаяьхьна цо. «Time» цӀе йолчу журнала версица 2016 шеран Адам а лаьрра[8][9][10].

1988-чу шарахь хиллачу президентан хармашкара дуьйна, Трампе цул тӀехь массо а бохуш санна йолчу харжамашкахь президентан даржан коьрта кандидат волуш санна хьежна[11][12][13]. 1999 шеран октябрехь цо ша реформин партера хьалхатеттира АЦШ-н президентан коьрта кандидат ву аьлла дӀа а кхайкхош[14], амма 2000 шеран 14 февралехь цо шен кандидатура харжамашкара дӀаяьккхира[15]. РогӀера АЦШ-н президентан хӀотторан къовсамехь ша дакъалоцур хилар хаийтира 20Ӏ5 шарахь 14 февралехь[16]. 2016 шеран майхь, праймеризехь къийсархошна юкъахь толамбаккхар ондда тоьшалла дара Республикански партино иза кандидат хьокъехь хаьлхатоттург хиларх. И массарна а хоуьйтуш тӀечагӀдира 18-21 июлехь хиллачу партин гуламехь. Ткъа иза цкъа а хьалха пачхьалкхан даржашкахь болхбина а воцуш, дуьххьара дӀа бизнесмен санна вевзаш волчарах харжаман исторехь шолгӀа вара АЦШ-н президентан дарж къовсу кандидатех (хьалхарниг вара Уэнделл Уилки 1940 шарахь).

2016 шеран 8 ноябрехь хиллачу президентан харжамашках. Демократически партин кандидатан Хилари Клинтонел харжамхойн кхаьжнаш кӀезиг а боллушнехь, Дональда Трампа толамбаьккхира, хаьржинчара 306 кхаж баларна (56, 88%) бахьанехь[17]. Шен 70 шо кхачарехь Дональд Трамп ханна АЦШ-н хаьржинчу президенташна юкъахь уггаре воккха ву, цу кеппара цо йохийна, 69 шарахь цу дарже ваьллачу Рональд Рейганан рекорд.

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. http://www.theguardian.com/us-news/2016/feb/21/donald-trump-presbyterian-church-immigrationГардиан, -21T. Проверено 6 мартехь 2016.
  2. Internet Movie Database Проверено 15 октябрехь 2015.
  3. 1 2 http://www.foxnews.com/projects/pdf/20110328125536753.pdf
  4. 1 2 3 http://abcnews.go.com/US/page?id=13248168 Проверено 26 ноябрехь 2016.
  5. PolitiFact.com — -24T. Проверено 16 ноябрехь 2016.
  6. Дональд Трамп прилетел в Грузию на презентацию небоскрёба. Forbes (2012, 21 апрель). Теллина 2016 шеран 18 январехь.
  7. Трамп обвинил Хиллари Клинтон в «сливе» избирательной кампании. Lenta.ru (2015, 22 декабрь). Теллина 2016 шеран 18 январехь.
  8. http://echo.msk.ru/blog/echomsk/1887846-echo/
  9. http://www.interfax.ru/world/540318
  10. https://regnum.ru/news/polit/2214780.html
  11. Stop pretending — Donald Trump is not running for president, New York Post (May 30, 2015). Хьаьжна 16 июнехь 2015.
  12. Madison, Lucy (October 4, 2010) «Donald Trump for President in 2012?»
  13. Zwick, Jesse (October 4, 2010) «Donald Trump for President?»
  14. Donald Trump Ran for President in 2000 in Several Reform Party Primaries. Richard Wagner. Теллина 2015 шеран 17 июнехь.
  15. Trump: Reform Party 'A Total Mess', Chicago Tribune (February 14, 2000). Хьаьжна 17 июнехь 2015.
  16. Дональд Трамп начал борьбу за пост президента США. Slon.ru (2015, 16 июнь).
  17. СМИ: Дональд Трамп победил на президентских выборах в США. ТАСС (2016, 9 ноябрь). Теллина 2016 шеран 9 ноябрехь.