Чулацаман тӀегӀо

Торалес, Хуан Баутиста

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Футбол
Торалес Хуан
Йуьззина цӀе Торалес Хуан Баутиста
Харц цӀе Teju
Вина терахь 1956 шеран 9 март({{padleft:1956|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:9|2|0}}) (68 шо)
Вина меттиг Луке (Парагвай), Парагвай
Гражданалла
Локхалла 173 см
Позици турсло
Тренеран карьера
1976—1981 Парагвайн байракх (1954—1988) Спортиво Лукеньо
1981—1991 Парагвайн байракх (1954—1988)/Парагвайн байракх Либертад
1992 Парагвайн байракх (1990—2013) Гуарани
1993—1995 Парагвайн байракх (1990—2013) Спортиво Лукеньо
СовгӀаташ а, мидалш а
Америкин кад
Деши 1979

Тора́лес Хуа́н Баути́ста (испан. Juan Bautista Torales; 1956 шеран 9 мартехь, Лукехь) — парагвайн футболист. 1979 шеран Америкин кедан толамхо, 1986 шеран дуьненан чемпионатан, 1987 а, 1989 а шерийн Америкин кедан декъахо. Левзина турслочун позицехь.

Торалесан кунья йара «Теху», иза «Моьлкъа» бохург ду — дика дӀай схьай хьовзарна, говза арен тӀехь латтарна, ткъа иза чӀогӀа ладаме ду турслон ловзарехь, еллера и цӀе. 1981 шарахь иза дехьавелира «Либертаде», цигахь 10 шарахь ца йаккхайелира Парагвайн хьалхейаккхар — оцу шерашкахь чемпионатехь хьалхе йара асунсьонан «Олимпийн», цулла наггахь бен хьалха ца йовлура кхин командаш.

1986 шарахь Торалес къоман командица цхьаьна кхачавелира дуьненан чемпионате. Футболисто билгалйоккху коьртачу тренеран Кайетано Рен башха роль оцу аьттонехь[1]. Турнирехь парагвайхой кхачабелира 1/8 финале, цигахь ийшира Ингалсан гулйина команда. Торалес левзира командин йерриг 4 матчехь.

1987 а, 1989 а шерашкахь Торалес левзира Америкин кедехь, амма 1979 шеран аьтту ца хилира цуьнан къоман командица. 1992 шарахь турсло левзира коьрта шахьран «Гуараница», цул тӀаьхьа дехьавелира шен хьомечу «Спортиво Лукеньо», цигахь 1995 шарахь чекхйаьккхира футболистан карьера.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Juan Bautista Torales Con perfil bajo, pero rendidor (исп.). ultimahora.com (11 декабря 2010). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 21 февраль. Архивйина 2013 шеран 18 мартехь Архивйина 2020-06-27 — Wayback Machine