Тимошенко Юлия

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Тимошенко Юлия
укр. Ю́лія Володи́мирівна Тимошенко
Сурт
Бакъ цӀе укр. Юлія Володимирівна Грігян
ГӀуллакхан тайпа политик
Йина терахь 1960 шеран 27 ноябрь({{padleft:1960|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:27|2|0}})[1] (63 шо)
Йина меттиг
Да Владимир Абрамович Григян[d]
Нана Людмила Николаевна Телегина[d]
Викилармин логотип Тимошенко Юлия Викилармехь

Тимошенко Юлия Владимировна (украинийн маттахь Юлія Володимирівна Тимошенко, йина 1960-чу шарахь лахьанан-беттан (ноябран) 27-чу дийнахь Днепропетровскехь, УССР, ССРБ) — украинийн пачхьалкхан а, политикин а гӀуллакхо йу. Украинин халкъан депутат (1997—2000, 2002—2005, 2006—2007, 2007, 2014—2019, 2019 шарера схьа дуьйна) йу.

2005-чу шеран чиллин-беттан (февралан) 4-чу дийнан схьа дуьйна товбецан-беттан 8-чу кхаччалц, 2007-чу шеран гӀуран-беттан (декабран) 18-чу дийнан дуьйна 2010-чу шеран бекарг-беттан 3-чу кхаччалц Украинин премьер-министр йара. 1999-2001-чу шерашкахь Украинин ягорган-энергетикан комплексан вице-премьер-министр йара.

Хьалхара а, цкъачунна Украинин исторехь цхьаъ бен йоцу зуда премьер-министр йу. Лааме Пачхьалкхийн ДоттагӀаллехь оцу даржехь хьалхара зуда йу. «Батькивщина» йерригукраинийн цхьаьнакхетаралла цӀе йолчу партин хьалханча йу. 2004-чу шарахь Тимошенко (Ющенко Викторца цхьана) ЦӀехо-можа карчаман вовшахтохархо а, хьалханча а йара. Форбс журналан рейтингехь — 2005-чу шеран дуьненахь кхоалгӀа Ӏаткъам болу зуда йара[2].

Хьостанаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Julija Tymoschenko // Munzinger Personen (нем.)
  2. 100 самых влиятельных женщин мира. (англ.).