Чулацаман тӀегӀо

Теночтитланан гуо лацар

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Теночтитланан гуо лацар
Коьрта конфликт: Кортеса Ацтекийн импери йаккхар
«Кортеса Мексика йаккхар». Ца вевза исбаьхьалча, 17 бӀешеран шолгӀа дакъа.
Терахь 1521 шеран 26 май — 13 август
Меттиг Теночтитлан, хӀинцалера Мехико, Мексика
ЖамӀ испанхойн конкистадорийн толам
МостагӀий

Испани Испани
Тласкала

Ацтекийн импери

БӀаьччаш

Эрнан Кортес
Педро де Альварадо
Гонсало де Сандоваль

Куаутемок

Массон ницкъаш

16 йоккха топ
13 бригантина-кема
80 000—200 000 бертахойн тайпанийн тӀемлой
86—96 дошло
900—1300 гӀашло

300 000 тӀемло[1]

Белларш

450—860 испанхо
20 000 тласкалахо

100 000 тӀемло
100 000 маьрша нах

Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш
Кортес Эрнан теокаллин тӀелатар. Исб. Лойце Эммануэль, 1848 шо

Теночтитланан гуо лацар — 1521 шарахь коьртехь испанин конкистадор Кортес Эрнан волу эскаро Ацтекийн империн коьрта шахьар тӀехьа схьайаккхарца а, йохайарца а гуо лацар. Бухара бахархойн а, конкистадорийн а шортта тӀемаш хиллашехь, нисса Теночтитлан йожар Ацтекийн импери йохаран йуьхьиг хилира. Мексика йаккхар Испанин Америкин колонизацин дакъа дара было частью. Кхоъ тӀелатаран могӀанан коьртехь бара Педро де Альварадо, Кристобаль де Олида, Гонсало де Сандоваль.

XVI бӀешарахь Америке кхаьчна испанхой, цецбевлла бара ацтекийн гӀаланийн бахамах, церан хозаллех. Кортес Эрнан шен салташца а, бартхой-индахошца а гӀалин чувахара 1519 шеран 8 ноябрехь, амма 1520 шеран 1 июлехь вада дийзира. Испанхой йуха а тӀелетира 1521 шеран 4 июнехь. Гуо лацар чекхделира Теночтитлан 13 августехь йожарца.

Гуо лацаран йуьхьиг

[бӀаьра нисйан | нисйан]

1521 шеран Ӏай а, бӀаьста а ацтекийн Тескоко Ӏоман гуонахьара йерриг ладаме гӀаланаш схьайаьхна, Кортеса 10 майхь (кхечу хьосташца 26 майхь) тӀелетира Теночтитланан. Кортесан планаца, кхо тоба хьаьдира коьрта шахьран тӀелата. Хила безачу тӀеман коьрта хало Теночтитланан тӀекхача безара тӀемца дамбанаш тӀехула, цигахь говраш ца лелалора. ЧӀингаш тӀера индахоша европахошна, цӀеношна а, кегийрачу гӀопашна а, дуьхьалонашна а тӀехьа лечкъаш, пхенаш кхуьйсура. Хьалхарчу деношкахь испанхойн цхьан а кхиам бацара. ТӀаккха Кортеса омар дира коьрта шахьран хи латтош йолу хинан биргӀа йохайе аьлла. Иза йолалуш йара Чапультепекехь. Кхуза хьажийна дара Альварадон а, Олидин а тобанийн хьалхара тӀелатар. Ацтекаша дера дуьхьало йора, амма онда тӀелеттачу мостагӀчун ницкъан дуьхьало ца йан йелла, йуха бевлира. Испанхоша дохийра биргӀин дакъа — хи сецира. Бахархойн хинан хьаст хилира. Теночтитланехь масех гӀу йара, амма, цара ло хи ца тоара, иза гӀала кеманаш тӀехь кхехьа дезаш хуьлура.

Хьалхара тӀемаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Испанхойн хьалхара дамбаш йаха гӀортаран дера дуьхьало йира, церан дийзира сихабелла йухабовла. Эзарнаш болу тӀемлойн тобанаша коьрта шахьран тӀевогӀийлаш ларйора латтан тӀехула а, Ӏоман агӀора а. Пирога-кеманашна детта герзо пайда ца бора, индахоша церан агӀонаш чӀагбинера стаммий турсашца. Дуьххьарлера хин тӀера ладаме тӀамо Теночтитлан схьайаккхарехь флотилин доккха маьӀна гайтира. ХӀинца дамба къуьйсу эскарийн тешаме дуьхьало йара. Цул сов, флотилис таро лора йерриг луьста гӀала къовла, цунна оьшура гуттаренна йуург, мерг тӀекхехьа. Бахархошна дахаран ладаме оьшу мохь сацор Кортеса шен хӀордахошна тӀейиллина шолгӀа Ӏалашо хилира. Кхин дӀа ацтекашна цӀеххьана долуш Кортес тӀелетира Холокна — коьрта шахьран пенашна уллехь лаьтта ши некъ цхьаьнакхета ладаме меттиг. Испанхой йаккхий тоьпаш а хӀиттийна гӀопан чу хевшира. ГӀалин турслой тӀетаьӀӀина тӀелетташехь дӀалаьцна чӀагӀонаш конкистадораш царна чуьра лахка ца белира.

Кортесан майра сацам

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Бахбеллачу къовсамо испанхойн а, церан бартхойн а ницкъаш кхачош бара. Мехкашдахархой гӀелбеллера, тӀемал сов бала хьоьгура ца боьллачу климатах — догӀанийн зама йара оцу хенахь. Йахйелла кампанешка Ӏемина боцу, Конкистадорийн бартхойн собар кхачийнера. Луучу агӀора гӀуллакх чекхдаккха, Кортес ойла йан волавелира алсама пайден хӀуманех лаьцна. Сацам бира гӀалин чохь тӀелата. ГӀашлошца цхьаьна, хӀордахоша тӀетуьйхира, дамбаш ӀетӀначохь йина, тӀулгийн бруствераш ларйечу ацтекийн тобанашна. Масийттаза цара десант йоссийра иэтӀаршна дехьа агӀора, доьзуьйтура тӀехь-тӀехьа гена бовла. Кортесан хьалхарчу дакъошна тӀаьхьайогӀура тлашкаланхойн башха тобанаш, цара дӀакъовлура иэтӀна меттигаш чу тӀулгаш, гӀишлошйаран нехаш, кхин хӀуманаш кхуьйсуш. Масех сахьтахь тӀом бина хьалхара дакъош кхечира хьалха испанхой Теночтитлан чубаьхкинчу коьртачу новкъан тӀе. И урам чекхдолура коьрта шахьран къилбаседехьара къилбехьа кхаччалц, доьдура Уицилопочтли олучу йоккхачу динан гӀишлон майдане. Кхин дӀа Кортесан тобанаш йахар лагделира: бригантина-кеманаш татолийн гомха хин чухула ца дахаделира. Цу тӀе йерриг гӀишлойн тхевнаш тӀехь тӀемлой бара испанхошна а, церан бартхошна а лакхара герз детташ. Кортеса омар делира дерриг цӀенош хӀума ца дуьтуш ахка аьлла, Кортесан эскар кхин дӀа а тӀелетира.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. George Edwin Mueller. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 4 май. Архивйина 2021 шеран 8 мартехь

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Хьостийн Ацтекийн тоба
  • Пресвитер Хуан; Антонио Перес; фрай Педро де лос Риос (глоссы). Кодекс Теллериано-Ременсис. www.kuprienko.info. — Украина, Киев, 2010. Перевод с испанского - А.Скромницкий, В.Талах. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 16 август. Архивйина 2011 шеран 22 августехь
  • Анонимный автор. Кодекс Мендоса. www.kuprienko.info (2010 шеран 1 декабрь). — Украина, Киев, 2010. Перевод с испанского - А.Скромницкий, В.Талах. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 1 декабрь. Архивйина 2011 шеран 24 августехь
Испанин хьосташ