Темерханов Юсуп-Хьаьжа

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Темерханов Юсуп-Хьаьжа
Вина терахь 1972 шеран 6 май({{padleft:1972|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:6|2|0}})
Вина меттиг Гелдагана, Шелан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, ССРС
Кхелхина терахь 2018 шеран 3 август({{padleft:2018|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:3|2|0}}) (46 шо)
Кхелхина меттиг Омскан область, Росси
СовгӀаташ

Орден "Къоман Сий"

Темирханов (Темерханов) Юсуп-Хьаьжа (1972 шеран 6 май[1], Гелдагана, Шелан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, 2018 шеран 3 август, Омскан область) — оьрсийн тӀеман зуламхо Буданов Юрий виерна кхелйинарг[2].

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вина 1972 шеран 6 майхь Гелдаганахь. Церан кертал дехьа иза доьшуш волу ишкол йара. Ишколан 10 класс чекхйаьккхинчул тӀаьхьа, Москоха а кхелхина, МПУ юридически факультете экзаменаш йелира, амма къовсамех чекх ца валавелира. Советийн Союз йуьйхира, Темерхановс университетан ойла цхьаьна хенан йитира, хӀунда аьлчи кхин гӀайгӀанаш гучубевлира. Цуьнан да Шемал луларчу Курчалой-Эвлахь столовин хьаькам вара. Нана балхахь йацара, цӀийнан Ӏуналла деш, Юсупан ваша а, йиша а кхиош йара. Ваша а, йиша а шайн эвлахь беха, йиша марехь йу, вешин шен долахь бизнес йу.

Буданов Юрий виер[нисйе бӀаьра | нисйе]

Темерханов Юсуп-Хьаьжа шуьйра вевзира 2011 шарахь резонанс хилла Российн Федерацин ТӀеман Ницкъийн экс-полковник Буданов Юрий виер бахьнехь[3]. Йуьхьанца дуьйна суьдан девнехь Сулейманов Мохьмад цӀарах лелаш вара, дика вевзаш хила тарлора «лазанскин» КЗТ тхьамдан Нухаев Хож-Ахьмадан[4]. Ша экс-полковник Буданов цул хьалха суд йина вара 18 шо долу нохчийн йоӀ Кунгаева Эльза йиерна а, лачкъорна а, оцу хенахь хан чекхйалале хьалха араваьккхина вара иза набахтера.

Цхьа могӀа хьосташца, 2011 шарахь Темерханов Юсуп-Хьаьжас чӀира йийкъира нохчийн йоӀ Кунгаева Эльза российн хилла эпсаро Будановс ницкъ бина йиерна. Шена Будановна итт шо чохьдаккха хан туьйхира, амма йалх шо чохь даьккхича иза мукъаваьккхира[5].

МХГӀ хаийтарх, Юсуп-Хьаьжа официалан сацавале, масех де хьалха, иза лачкъийна полицин духар доьхначу наха, пхиъ де даьккхира цхьанхьа МХӀАН дехьа, дачан ор чохь, цигахь цунна гуттаренна еттара, ницкъбора токаца а, садукъдарца а. Юсуп-Хьаьжега экс-полковник Буданов виер тӀелаца бохара, иза виер Нохчийчоьнан куьйгалло тӀедиллина а ала бохура[6].

2014 шарахь Темерханов чӀогӀа гӀелвелира, иза меттаха валалуш вацара, шен гӀуллакх далуш а вацара[7].

Талламаллин хетарехь, дуьнена тӀе волуш кхелахочун цӀе Юсуп-Хьаьжи Шамильевич Гагалов йара. Амма и факт 100 процент чӀаг ца йан йелира[8].

Адвоката Мусаев Мурада шен LifeNews интервьюхь кхайкхийра, ша гӀодеш волу Темерхановн 2 сахьтехь йиттира иза ларвечу Башха гӀуллакхийн белхалоша[9].

Москохочуьнца Ӏедалан мах бина вара. Зудчо дери дира, мах Москохахь прописка ярхьама бинера, цул тӀехьа цунна Темерханов кхин гина а вац аьлла[10].

Кхел Кхочушйаран Федералан ГӀуллакхо кхайкхадарца, Темерханов велла Омскан гӀалан дарбанан цӀийнахь 2018 шеран 3 августехь[11], однако его адвокат Роза Магомедова сообщила, что он скончался на территории колонии[12], шен кхел токхуш хиллачу гӀалахь.

Реакци[нисйе бӀаьра | нисйе]

Иттаннаш эзаршкахь нехан массаш ихира пӀераскан дийнахь веллачу Темерханов Юсупах кадам бан церан цӀа. Нохчаша Темерхановх турпалхо а, къонах а олу[13].

Нохчийчоьнан Корта Кадыров Рамзан веара Темерханов Юсупан эвла, цуьнан гергарчаьрга кадам бан, Кадыров Рамзана кхайкхийра Юсупан бехк ца хилар а, цунна законаца кхел ца йар а[14]:

«Со тахана веана кхуза сайн къоме а, гергарчаьрга а сайн дош ала: цунна харц кхелйира, чувоьллира, иза велла шен АллахӀан пурбанца шен кхелах»

Рамзан Кадыров

Темерхановн тезет республикин масштабера хилам хилира. бӀенаш эзарш нах баьхкира цуьнан сий дина[15][16].

Иэс[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Нохчийн Республика Ичкерин эккхийна Правительствос совгӀат дина Темeрханов Юсупа-Хьаьжин НРИ лакхарчу пачхьалкхан совгӀатца «Къоман Сий» орденца. Курчалойн кӀоштара Гелдаганан ДоттагӀаллин ураман цӀе хийцира Темeрханов Юсупа-Хьаьжин цӀарах. Оццу йуьртара Темeрханов Юсупа-Хьаьжас дешна № 1 йолу йуккъера ишколан цӀе хийцина, нохчийн къоман Турпалхочун Темeрханов Юсупа-Хьаьжин цӀарах ишкол аьлла[17].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. «Подкупленные» свидетели показаний не меняют
  2. Николай Сванидзе: Политика, женщины, футбол: сборник политических эссе. Стр – 154.
  3. https://ria.ru/incidents/20130430/935277823.html
  4. http://www.rosbalt.ru/moscow/2011/09/23/893301.html
  5. «Гибель Темерханова показала реальное отношение Чечни к Москве»
  6. О ХАДЖИ-ЮСУПЕ ТЕМЕРХАНОВЕ, или Два капитана в чеченской версии
  7. Убийца Юрия Буданова попал в тюремную больницу
  8. За убийство Буданова судят призрака. Архивйина 2018-08-08 — Wayback Machine
  9. Обвиняемый в убийстве Буданова избит в суде
  10. Юсуп-Хаджи Темерханов Установлено настоящее имя убийцы Юрия Буданова
  11. https://ria.ru/incidents/20180803/1525916909.html
  12. https://ria.ru/incidents/20180803/1525888458.html
  13. С убийцей Буданова в Чечне прощаются как с героем
  14. Кадыров приехал на поминки убийцы полковника Буданова
  15. Азамат Дадаев. Юсуп Темирханов и Виталий Калоев. Москва вынуждена мириться с героизацией кавказских мстителей. onkavkaz.com (2018 шеран 4 август). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 7 август.
  16. Траур и похороны Темирханова - символизируют глубокую русофобию в Чечне или... kavkaz-uzel.eu (2018 шеран 4 август). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 7 август.
  17. Постановление Правительства Чеченской Республики Ичкерия августа 4, 2018

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]