Телевизионан маша

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Ков Телевизион
Кевн логотип
Истори
Телевизион АЦШ
Телевизион Россехь
Телевизион ССРС
Терминаш
Телевизионан маша
Телевизионан синдикаци
АпфронтНильсенан рейтинг
Сезонан юккъехь хийцар
Сезонан премьера • Сезонан финал
ТелесериалКлиффхэнгер
Прайм-таймКадрашна тӀехьара беларш
Шоураннер
Жанраш а, форматаш а
Теленовелла
Мыльни опера
СиткомАнтологи
Процедуран драма
Кхиархойн драма
Ток-шоу
Мини-сериал
Реалити-шоу
Керланаш
Яззамаш кечбар
Категореш

Телевизионан маша (инг. Television network) — меттигера телестанцийн(ингалс.) а, кабелан телевизионан провайдерийн а ненан компанин телевизионан программаш яржоран коммуникацин маша. ДезткъолгӀа шерашна юккъе кхачале дуьненан дукхаха йолчу пачхьалкхашкахь алсама яра кегийра шуьйрахаамийн машанаш(ингалс.), хӀунда аьлчи оцу хенахь кабелан телевизион иштта кхиина яцара[1]. Дукхаха болу шира телемашанаш кхоллабелла радиомашанех, масала BBC, NBC я CBC.

АЦШхь ширачех ю NBC, болх беш ю 1938 шарахь дуьйна, ткъа CBS а, ABC болх бан йолаелла 1940-гӀа шераш дуьйлалуш[2]. Уггаре доккха кхаа канало оцу хенахь дуьйна латтабо шен регионан станцешна-накъосташна ладаме барам телевизионан программаш, царна юкъахь керлачеран арахецараш, прайм-тайм, дэй-тайм, спорт гайтар, амма оццу хенахь юьту царна дикка хан меттигера а, ткъа иштта синдикаци йина а программаш. 1986 шарахь боккхачу кхаа машан тӀекхийтира керла маша Fox, амма шел а хьалха хиллачаьрга хьаьжча машано хӀиттайора шина сахьтан прайм-тайме программаш, ткъа ерриг йисина хан дӀалора меттигерчу станцешна[3]. 2006 шарахь кхоьллина жима машано The CW, хӀиттайо Fox компанел кӀезиг программаш, ара ца хоьцу прайм-таймехь итт сахьт даьлчий бен, ткъа ерриг йисина хан дӀало меттигерчу партнерашна, цара юзу контента синдикаци йина эфиран хан. Коммерцин боцу PBS машано иштта болх бо меттигера партнерийн гергарлон хьесапца, амма йоккха йиъ компанех къаьсташ церан яц гайтаран луьра программа, контент эфире йолу хенан раж лелайо меттигера станцеш.

Кхин а хьажа[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Mitchell Stephens History of Television. Grolier Encyclopedia. Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 28 январехь. Теллина 2013 шеран 10 январехь.
  2. National Broadcasting Company. Museum of Broadcast Communications. Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 28 январехь. Теллина 2013 шеран 10 январехь.
  3. Daniel M. Kimmel The Fourth Network: How Fox Broke the Rules and Reinvented Television. — Fox Broadcasting Company, 2004. — ISBN 1-56663-572-1