Тача (некъ)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Та́ча — готта хьешна баьккхина некъ.

Тачанаш доца а хила тарло, масех бӀе метр, цул тӀаьхьа цуо кхачаво боккхочу новкъа. ТӀаккха а йукъарадахарш а хуьлу, Аппалачин тача дахделла масех эзар километр.

Къилбаседа Америкехь и термин леладо хишца охьа, наггахь автомагистралашка оьху маршруташна. АЦШ и термин историн агӀора лелийна акха меттигехула йоьду маршрут билгалйоккхуш, лелайора мухажираш (масала, Орегонан тача).

A walker silhouetted by a cabin on mountain slope
новкъахо кечлуш французийн Альпашкара Refuge de Bel Lachat, Шамонин GR5 тачанан маршрут йита.

Цхьацца маршруташ цкъа бен ца лелош хуьлу, лело таро йац гӀаш, вилспет тӀехь, говрахь, ходьбы на лыжаш тӀехь лелаш бен. Йоккха Британехь уьш универсалан хила тарло, лело таро йу гӀашлоша, вилспетхоша, говр береша. Кхин а, тӀехула вилспеташ а, джипаш а лелаш ламанан тачанаш ду, ткъа цхьацца меттигашкахь, масала Альпашкара ламана даккъаш, иштта тачанаш леладо даьний лохкуш.

Туризман меттигашкахь дохку экологин тачанаш — хӀума довза луучарна буьйлабала маршруташ. Байкалан Доккха тачин, 1800 км йеха, дакъошкахь йина йаьлла проект йу.

Цхацца туристийн тачаний шайн долара цӀераш йу: ГӀирмера Гринан тача, Бутанера Лайн Стеган тача. Хо Ши Минан тача олу Лаосера а, Камбоджера а партизанийн коммуникацийн системех, уьш Вьетнамера тӀом болуш леладора Демократин Республика Вьетнамо Къилба Вьетнаме тӀеман гӀирс а, эскар а дехьакхуссуш.

Лелор[нисйе бӀаьра | нисйе]

Цхацца туристийн тачаний шайн долара цӀераш йу: ГӀирмера Гринан тача, Бутанера Лайн Стеган тача. Хо Ши Минан тача олу Лаосера а, Камбоджера а партизанийн коммуникацийн системех, уьш Вьетнамера тӀом болуш леладора Демократин Республика Вьетнамо Къилба Вьетнаме тӀеман гӀирс а, эскар а дехьакхуссуш.

Лелор[нисйе бӀаьра | нисйе]

Австралехь термин «трек» леладо «тача» дешан синоним санна, хила тарло хӀуъа а, грунтан новкха тӀера грунтан гӀашлойн тачане кхаччалц[1]

Photograph of a wooden walkway in a jungle with two people observing a waterfall
KLIA Аэропорт чуьра джунглийн тача

Вилиспетан тачанаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Новкъахой а, маунтинбайкерш Драхенфельс (Саьрмикан тарх) боьххьехь Пфальцан хьуьнхахь, Германи

Вилиспетан тачанашна йукъадоьду тайп-тайпана некъаш, царна йукъахь йукъара некъаш а, уьш леладо балха боьлхуш, некъан доцу лыжийн трассаш, ламанан вилиспеташна тӀехь чехка охьабахкаран маршруташ. Маунтинбайкаш гӀарайовларца дикка тӀекхетта вилиспетийн маршруташ.[2][3] Маунтинбайкан некъаш, дукхаха дерг, функцех дозу, билгалдоху маршрут тӀехь къаьстина. Церан хила тарло шеш долу тачанийн кеп йа йевзаш йолу маршрутийн йоккхо́чу системийн да́къа хила тарло. Некъаш доцу маршруташа дукха хьолехь чулоцу чолхе меттиг, Singletrack, шера fireroads, силаман некъаш тӀехь. Атта йа йуккъера барам техникин чолхалла йолу некъаш лору уьду лыжийн некъаш, ткъа зиеделла хахкархошна а хала долу некъех, дукха хьолехь олу all-mountain, freeride. Лам тӀера чухахкавалар леладо ламанан лыжийн курорташкахь, масала, Калифорнера Mammoth Mountain[4] йа Британин Колумбера Whistler Blackcomb, цигахь ламанан лыжеш хьалайохурш лелайо вилиспеташ хьалайохуш а, райдераш ламанан боьххье хьалабохуш а.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Australia's Top Hiking Trails. Australia.com.
  2. New off-road cycle route links England and Scotland, BBC News (2019, 1 сентябрь). Архивировано коч дечара 3 декабрехь 2019. Хьаьжна 1 ноябрехь 2021.
  3. Starr, Stephen A new way to travel across the US. BBC.com (2020, 14 декабрь).
  4. Mammoth Bike Park. Mammoth Mountain Ski Area.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Тропа // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.