Татиана Руман

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Татиана
Τατιανή
Йина терахь II бӀешо чекхдолуш
Йина меттиг
Кхелхина терахь 226 шеран 12 январь({{padleft:226|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:12|2|0}})
Кхелхина меттиг
Лору православин а, католикин а килсашкахь
Юьхьца святой[d]
Иэсан де 12 январехь (шира хатӀ лелочу килсашкахь, керлачу хатӀца хуьлу 25 январь)
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь
Сийлахь Татианин лерина Новочеркасскера килс, 2013 шо

Татиа́на (лат. Tatiana, желт. Τατιανὴ, оьрс. Татьяна) — хьалхаракерсталлин Ӏазапхо, лору православин а, католикин а килсашкахь. Россехь лору Москохан пачхьалкхан М. В. Ломоносовн цӀарах университетан доладийриг а, берриг студентийн доладийриг а.

Дахарах дийцар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Татианех долчун хьост Россехь ду Ростовра Дмитрийс XVII бӀешарахь йазйина сийлахьчун дахар. Ростовра Дмитрийс дийцарехь, йаьхна III бӀешарахь, йина Румехь хьалдолчу, бевзаш болчу доьзалехь (да кхузза консул хилла). Цуьнан да-нана керста хилла, йоӀ кхиийна беркате сий долуш. Кхиина йаьлча Татианас сацам бира мааре ца йаха. Ростовра Дмитрийс хаам бо, шен диканаш даран дахарехь иза хӀоттийра диаконисса.

Дахаран чохь дуьйцу, император Александр Къилбаседа волчу хенахь (паччахьалла дина 222 - 235 шерашкахь) Татиана лаьцна йалийра Аполлонан килсе, цигахь гӀиртира цуьнга сужда дайта хӀолламан. Ростовра Дмитрийс дийцарехь, Татианас дуӀа дира Деле, хиллачу мохкбегоро бохийра и хӀоллам, килсан цхьа дакъа, цунна буха бахана дуккха а нах белира. Татианин дахаро дуьйцу цунах лаьцна дуккха а исбаьхьаллаш тӀейиттина: «ХӀолламан чохь долу шайтӀа, чӀогӀа цӀогӀа тоьхна, доьлхуш дедира оцу меттигера, цу тӀе массарна а хезира делхар а, хӀаваэхула дӀадахна ӀиндагӀа».

Цул тӀаьхьа Татианин ницкъ бира, амма бинчу ницкъан ларраш дегӀан тӀера дӀаевлира. Ницкъ бечу хенахь сийлахь Ӏазапхочун дуӀанца диъ малик а, стигланашкара Татиане хьажийна аз а деира. Оцу тамашийна хӀуманаша Ӏазап дийриш делах тешийра. Татианин дахаро дуьйцйу, дине баьхкина Ӏазап дийриш шеш а байира.

« Суьдхо Сийлахь ЙоӀ тешо гӀиртира, жӀарашна сагӀа дала дезарх, амма цунах гӀуллакх ца хилира.[1] »

Суьдхоша Татиана шен месашца буозбунчалла лелош йу аьлла сацам бина, корта а лергина шина денна чуйоьллира Зевсан килсе. КхоалгӀачу дийнахь цӀуй Зевсан сагӀа дала килсе баьхкича, гира Зевсан хӀоллам бохийна, ткъа Татиана дийна йолуш. Цул тӀаьхьа цунна йиеран кхел йира, тӀаккха шен деца цхьаьна тур хьаькхира (вуьштта аьлча, церан кортош дехира). Татианин Ӏазапца йалар нисделира 226 шеран 12 январехь.

Сийлахь Татьяна, керсталлин хьалхарчу бӀешеран Ӏазапхо санна, лоруш йу Православин а, Католикин килсашкахь, амма шуьйра ларам баьржина малхбален керстачарна йукъахь. Малхбузехь Татьяна цӀе лору оьрсийн, ца лелайо цхьайолчу пачхьалкхашкахь бен, дукхаха дерг славянийн мехкашкахь.

Православин энциклопедехь аьлла ду:

« Шел хьалхара къизачух къаьсташ Александр Къилбаседа гӀертара Руман сенатан престиж а, компетенци а метахӀотто. КъилбаседагӀеран урхалла даран амалан динан синкретизм шен апогей кхочу Александр волчу хенахь, иза гучудолу, масала, яхӀудашна а, керстачарна а иза собаре хиларца (Scr. Hist. Aug. Vita A. S. XXII 4). Кесарийн Евсевийс хоуьйту паччахьан кертара а, Александран доьзалера а дуккха а керстачарех (Euseb. VI 28). Юлий Африкана лерина Александран шен „Дуьйцина доьхканаш“ (Κέστοι), ткъа сий. Ипполита — денварах белхаш. Антиохехь Оригенан аудиенци йелла Александра а, Юлия Мамеяс а. Алексадран цӀерачу килсехь, тарлора, цхьаьна могӀара Аполлоний Тианин, ИбрахӀим пайхамаран , Орфейн суьрташца, Ӏийса пайхамаран суьрташ хила а. Цуо омар делира Палатин гӀалахь а, йукъараллин гӀишлошкахь а шен керстачаьргахь хезна „Кхечунна ма-дие, хьайна дан лууш доцург“ хӀотто (Vita A. S. LI 7−8; cр. Кеп:Библи; Кеп:Библи). Ишттачу тешаллашкахь хала ду теша тӀаьхьа хилла боху безачу нехан Цецилийн, папийн Урбан I-чун, Каликст I-чун, Калопедан а, Астерийн а, Мартинин Александран урхаллера Ӏазапаллийн актех. ГӀажарчоьнца болчу тӀамехь (232 шо) Александр Къилбаседас ша куьйгалла дира эскаран, цуо совцийра СасангӀар Месопотаме гӀортар. Германин тӀелеташ (234 — 235 йуьхьиг) иза шен ненаца цхьаьна вуьйжира хин волчу императоран Максимина гӀаттамехь.[2] »

Татьянин де[нисйе бӀаьра | нисйе]

 1755 шеран 12 (23) январехь император-аьзнис Елизавета Петровнас Москохан университет дӀаелларан омар кӀела куьг йаздича, Татьянин де даздан долийра хӀора шарахь (хӀинца иза хуьлу 25 январь)[3], йуьхьанца Университет йиллина де, ткъа тӀаьхьуо берриг студентийн Ӏида санна.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]