Татаев, Ваха Ахмедович

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци a, Лахар
Italian traffic signs - icona teatro.svg
Ваха Ахмедович Татаев
Татаев, Ваха Ахмедович.jpg
Татаев, Ваха Ахмедович
Вина терахь

1914 шеран 15 декабрь({{padleft:1914|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:15|2|0}})

Вина меттиг

Девлетгирин-Эвл, Нохчичоь, Терски область, Российн импери

Кхелхина терахь

1977 шеран 13 август({{padleft:1977|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:13|2|0}}) (62 шо)

Кхелхина меттиг:

Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР

Корматалла:

артист, театран гӀуллакхо, депутат, культуран министр

Гражданалла:

Российн импери Российн империССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРС

СовгӀаташ:
«Кавказ ларъяран» медаль
«1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь Германи эшаяран» медаль
«1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь сийлахь къахьегаран» медаль

Ваха Ахмедович Татаев (1914 шеран 15 декабрь, Девлетгирин-Эвл, Нохчичоь, Терски область, Российн импери — 1977 шеран 13 август, Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР) — Нохч-ГӀалгӀайн АССР Халкъан артист (1959), Нохч-ГӀалгӀайн АССР Лакхара Советан депутат, Нохч-ГӀалгӀайн АССР культуран министр (19581976).

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Жималла[нисъе | нисъе чухулара]

Винера 1914 шеран 15 декабрехь Девлетгирин-Эвлахь. 1929 шарахь иза деша вахара Соьлжа-ГӀалахь йолу рабфаке. Циггахь иза волавелира исбаьхьаллин кхолламаллехь дакъа лаца. 1931 шарахь иза хилира Горячеводскехь клубан куьйгалхо. 1934 шарахь иза хилира Соьлжа-ГӀалара ЧелюскингӀара цӀарах йолу кинотеатран куьйгалхо. 1938 шо кхаччалц иза вара «СевКавКино» куьйгалхон когаметтаниг[1].

1938 шарахь иза хилира Х. Нурадилован цӀарах йолу Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан драматически театран артист а, директор а. Иза левзина Кац а, Ржевский а сценарийца кхоьллина «Олеко Дундич» спектаклехь коьрта роль, Сурхон роль (М. Гадаевс а, Г. Батукаевс язйина «Сурхо, Адин кӀант» спектакль), капитан Ибрагимов (Идрис Базоркинс язйина «Тамара» спектакль), Отелло (Уильям Шекспирс язйина «Отелло» спектаклехь), инарла Завьялов (Афиногеновс язйина «Де хьалха» цӀе йолу спектаклехь), кхиераш а.

Цо доккха дакъа лецира ГИТИСехь Нохч-ГӀалгӀайн актёран студи кхуллуш. 19391941 шерашкахь иза вара ша кхоьллина студин студент. Иза тоьллачарех студент вара, цунна лора Островскийн цӀарах йолу стипенди.

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом[нисъе | нисъе чухулара]

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом бахьнехь цуьнан дешар чекхдаккхар ца нисделира. ТӀом болабелча иза юха а шен театре схьавеара артистан а, директоран а болх дӀакхехьа. Цу хенахь иза ВКП(б) декъашхо хилира. 1942 шарахь иза Исбаьхьаллин гӀуллакхийн урхаллан куьйгалхо хӀоттира. И болх дӀакхоьхуш а, цо шен артистан болх ца буьтура. «Грозненский рабочий» газетехь Е. Кречетовас яздира:

« Героя пьесы Сурхо играл Татаев. Этo его дебют в большой ответственной роли. У Татаева хорошие данные. Его Сурхо — порывист и горяч, доверчив и мечтателен. Авторы не дали Сурхо большого разнообразия чувств и, мыслей. Но имеющийся драматургический материал Татаев несет ярко, с достаточной глубиной и силой. »

Татаевс йира артистийн бригадаш. Оцу бригадаш фронтехь болу а, цига дӀабагӀаз болу а салташна концерташ а лора, спекталеш а гойтура. Оцу концерташкахь Татаевс ша дакъа лоцура. Татаевс боккха агитацин болх бора, артистийн бригадашца фронте воьдура. И болх барна бахьнехь цунна дукха грамоташ а, совгӀаташ а делира.

Нохчий а, гӀалгӀай а цӀера бахар[нисъе | нисъе чухулара]

1944 шеран 23 февралехь нохчий а, гӀалгӀай а цӀера бехира. 1944 шарахь иза вара Джамбулан областин театран куьйгалхо а, «Октябрь» кинотеатран куьйгалхо а. 19451948 шерашкахь цо бира Алма-Атинан берийн а, кегирхойн а театран куьйгалхон гӀончан болх. 1948—1951 шерашкахь иза вара Абайн цӀарах йолу Казахийн пачхьалкхан операн а, балетан а академически театран директоран когаметтаниг, 1951 шо дуьйна — Джамбул Джабаевн цӀарах йолу филармонин директоран когаметтаниг[1].

Казахстанан куьйгалхос рогӀера совгӀат дала иза хьалхатоттуш цунна иштта характеристика елира:

« За время работы в учреждениях искусства Казахстана Татаев показал себя компетентным специалистом с глубокими знаниями, он принимал активное участие в подготовке и воспитании творческих работников, пользовался уважением и авторитетом. Татаев прилагал все усилия в удовлетворении эстетических нужд трудящихся республики, в их концертном обслуживании, в пропаганде среди населения казахского искусства, в подготовке национальных кадров. »

Беркате къинхьегам бахьнехь цунна елира масийтта медаль а, дукха грамоташ а, мехале совгӀаташ а. Иза хержира Алма-Атана цхьана райсоветан депутат. ЦӀера веккхина стаг оцу метта харжара инзаре хӀума дара цу хенахь[1].

Республика меттахӀоттаяр[нисъе | нисъе чухулара]

1957 шарахь цӀадиризнчул тӀехь иза хилира Нохч-ГӀалгӀайн республикан меттахӀоттаяран Организационни комитетан культуран а, искусстван а гӀуллакхийн урхаллан куьйгалхо. 1958 шарахь иза хӀоттира Нохч-ГӀалгӀайн республикан культуран министр. 20 шарахь Татаевс бира и болх. Культура юха меттахӀоттаян езар — адамаш а, хӀусамаш а, ахча ца тоьара. Духа хан ялале болх бан йолаелира театраш, филармони, библиотекаш, музейш, музыкин школаш, кхийолу культуран учреждениш. ХӀора шарахь ГИТИСе, ЛГИТМИКе, Вагановски хореографин училище деша бохуьйтура похӀме кегирхой. Республикан кхолламе тобанаш яра пачхьалкхан тоьллачарна юккъехь. Цара дика гойтура вайн республика еррига Союзехь а, кхоьчу пачхьалкхашахь а[1].

Нохч-ГӀалгӀайн филармонис заза деккхира Татаев республикан культуран министр волуш хенахь. Филармонехь болх беш бара республикехь бевзуш болу артисташ — Марьям Айдамирова, Умар Димаев, Шита Эдисултанов, Валид Дагаев, Султан Магомедов. Цул совнах, кхузахь болх беш бара ерриг Союзан бевзуш болу артисташ — Махмуд Эсамбаев а, Муслим Магомаев а.

Соьлжа-ГӀалин филармони яра пачхьалкхахь уггар евзуш йолучарех цхьаъ. Ерриг Союзера телефонаш а яттара, телеграммаш а кхоьхьийтара шайга вайн филармонин артисташ бахкита бохуш. Кхано Нохч-ГӀалгӀайн филармоне болх бан бехкира Иосиф Кобзон, Юрий Антонов, Ирина Понаровская, Катя Семенова, Александр Барыкин, кхибераш а. Шен хьалхара «Нохч-ГӀалгӀайн Сийлахь артист» цӀе Соьлжа-ГӀалахь яккхира Иосиф Кобзонс а, Юрий Антоновс а. Иштта и цӀе елчарна юккъехь бара эшархо Павел Лисициан, композитор Оскар Фельцман, кхибераш а. Муслим Магомаеван елира «ЧИАССР Халкъан артист» цӀе[1].

Шен белхалон балхан аьтто бан гӀерташ Татаевс хӀора шарахь шен белхалошна 10-12 квартира йоккхура, царна силаллийн цӀераш яккха гӀертар, цера алапаш тӀетогӀа гӀертар.

1958 шарахь Татаев хаьржира Нохч-ГӀалгӀайн АССР Лакхара Советан депутат хаьржинера. 1959 шарахь цунна елира ЧИАССР Халкъана артист цӀе. 1961 шарахь цо чекхъяккхира ГИТИС, 1962 шарахь — ЦК КПСС Лакхара партин школа.

1976 шарахь иза пенсе вахара. Цул тӀаьхьа цхьа шо далале, 1977 шеран 13 августехь иза велира.

СовгӀаташ[нисъе | нисъе чухулара]

  • «Кавказ ларъяран» медаль;
  • «1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха тӀамтӀехь Германи эшаяран» медаль;
  • «1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха тӀамтӀехь сийлахь къахьегаран» медаль;
  • Нохч-ГӀалгӀайн АССР Халкъан артист (1959);
  • дукха мехале совгӀаташ, дипломаш.

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

  • Гапаев Абдула. Ваха Ахмедович Татаев // Вайнах : журнал. — 2005. — № 2. — С. 45-46.
  • Сулумова Дэти. Больше полувека — в сфере культуры! // Вести республики : газета. — 2013. — № 131(2064). — С. 3.

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]