Тасман Абель
Абель Янсзон Тасман | |
---|---|
Abel Janszoon Tasman | |
![]() | |
ГӀуллакхан тайпа | Нидерландийн хӀордахо |
Вина терахь | 1603 шо |
Вина меттиг | Лютьегаст (Гронинген), Нидерландаш |
Кхелхина терахь | 1659 шеран 10 ноябрь |
Кхелхина меттиг | Батави (хӀинца — Джакарта, ХӀиндонези) |
Пачхьалкх | Цхьаьнатоьхна провинцийн республика |
![]() |
А́бель Янсзон Тасма́н[1] (нидерл. Abel Janszoon Tasman, 1603, Лютьегаст, Гронинген провинци — 10 октябрь 1659, Батави (хӀинца Джакарта) — голландийн хӀордахо, талламча, совдегар. Дуьненахь гӀараваьлла иза коьртехь хилла хӀордахула 1642—1644 шерашкахь леларш бахьнехь. ГӀарабевллачу европахойн талламчашна юкъахь дуьххьара кхаьчна Керла Зеландин, Тонган, Фиджин бердашка. Цуьнан экспедицешкахь гулбинчу хаамаша гӀо дира Австрали ша лаьтта континент хилар гайта. ХӀордахочун цӀе лелайо Тасмани гӀайрено а, Тасманан хӀордо а.
Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Абель Янсзон Тасман вина 1603 шарахь Гронингенан гена йоцучу Лютьегаст эвлахь (хӀинца Гронинген провинцин муниципалитет Гротегаст) Нидерландашкахь. И вина билггала долу терахь хууш дац. Дуьххьара документашкахь иза хьахийна 1631 шарахь, цуо шен зуда еллачул тӀаьхьа кхин зуда ялийча. Килсехь дисинчу кехато дийцарехь, цуьнан зуда деша хууш яцара, къиечу доьзалера а яра, цуо гойту Абелан биографи Ӏамочу талламхоша цуьнан, оцу муьрера, социалан статус лакхара ца хилла бахар бакъ долуш[2].
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ В популярной литературе на русском языке также часто именуется Абель Тасман.
- ↑ J. W. Forsyth Tasman, Abel Janszoon (1603–1659). Australian Dictionary of Biography. Теллина 2015 шеран 14 мартехь.
Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Невский В. В. Открытия Тасмана. — М.: Географгиз, 1961. — (Замечательные географы и путешественники).
- Внуков Н. Великие путешественники. Биографический словарь. — СПб.: Азбука, 2000. — 10 000 экз. — ISBN 5-267-00048-5.
- Жюль Верн. История великих путешествий. В 3 кн. / Пер. с фр., лит. ред. текста, вступ. ст. Е. Брандиса, примеч. В. Невского. — М.: Терра, 1993. — ISBN 5-85255-236-4 ; 5-85255-237-2.
- Свет Я. М. История открытия и исследования Австралии и Океании. — М.: Мысль, 1966. — 400 с. — (Открытие Земли). — 12 000 экз.
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Австралия. Абель Тасман. Вокруг света. Теллина 2015 шеран 14 мартехь.
- Абель Тасман — факты жизни