Тарик Джемал Кутлу

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Тарик Джемал Кутлу
турк. Tarık Cemal Kutlu
Тарик Джемал Кутлу.jpg Тарик Джемал Кутлу
ГӀуллакхан тайпа

яздархо, публицист, гочдархо, профессор

Вина терахь

1944 шо({{padleft:1944|4|0}})

Вина меттиг

Чардак, провинци Кахраманмараш, Туркойчоь

Кхелхина терахь

2004 шо({{padleft:2004|4|0}})

Кхелхина меттиг

Туркойчоь

Гражданалла

Туркойчоь Туркойчоь

СовгӀаташ

Ibidem

Тарик Джемал Кутлу (турк. Tarık Cemal Kutlu) (1944 шо, Чардак, провинци Кахраманмараш, Туркойчоь — 2004 шо, Туркойчоь) — нохчийн а, туркойн а яздархо, публицист, гочдархо[1], профессор[2]. «Kuzey Kafkasya» — «Къилбаседа Кавказ» журналан хила жоьпаллин секретарь (1970—1978 шш.)[1]. Къоман нохчо[1][3].

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Къоналла[нисъе | нисъе чухулара]

Тарик вина 1944 шарахь в Туркойчоьнан Кахраманмараш провинцера нохчийн Чардак цӀе йолу юьртахь[1]. Юьхьанцара а, юккъера а (лицей) чекхъяьккхира Мараш (хӀинца Кахраманмараш) гӀалахь[1] Тарик ша жима волчу хенахь дуьйна шен Дайахкаца а, нохчийн ламасташца а уьйр йолуш вара[1].

Карьера[нисъе | нисъе чухулара]

1971 шарахь Тарик Джемал Кутлус чекхъяьккхира Истмалан университетан литературан дакъа. Дешар чекхдаьккхиначул тӀехьа библиотекин кхочехь болхбира, лицейхь Ӏамабора туркойн мотт а, туркойн литератур а. «Тахана», «Сийлахь Туркойчоь», «Знания», «Туркон Даймохк», «Аренаш» газеташца юкъаметтиг дӀакхихьира. Нохчийн а, туркойн а меттанашкахь байташ а. дийцарш а яздира. Литературан конкурсехь «Мамед Готур Ага» цӀе йолу дийцар яздарна Тарикана [Ibidem] цӀе йолу совгӀат делира[1].

Ешархоша а критикаша а дика мах хадийра «Чан йолу ворданан некъахь» [Ibidem] цӀе йолу Тарикан романан. Нохчийн маттахь деша а, яздан а иза Ӏемира 1960 шерахь Нохчийчура туристаш деъна долу нохчийн абатца. 1971 шарахь тӀетаьӀӀина волавелира нохчийн мотт а, нохчийн литература а Ӏамо[1].

Тарик Кутлус яздира къаьстина «Нохчийн кицанаш» цӀе йолу жайна, оцу тӀехь кицанаш далина шина маттахь[3]. Шен мукъа йолу хан Тарикс нохчийн мотт Ӏамор а баржор а тӀехь болх бора. Цуо сатуьйсур латинан бух тӀехь нохчийн абат кхоллар, цхьа сов хьаьркаш доцуш европан пачхьалкхашкахь а Туркойчохь а бехачу нохчий кхетар а болуш[2].

1996 шарахь Тарик Кутлу пенсе ваьллира шен ерриг хан цуо йойура гочдарш деш а талламаш беш а. Цуо туркойн матте яьккхира нохчийн яздархойн проза а, и поэзи а, фольклор гул йора, туркойн-нохчийн дошам а, нохчийн энциклопеди кхуллуш болх а бира[1].

Тарик кхелхира 2004 шеран бӀаьсте 60 шо долуш[1].

Библиографи[нисъе | нисъе чухулара]

Жайнаш

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 Ялхароева Марем Ахметовна ТАРИК ДЖЕМАЛ КУТЛУ — ПИСАТЕЛЬ, ПУБЛИЦИСТ, ПЕРЕВОДЧИК
  2. 1 2 Майрбек Тарамов: Российских преступлений в Чечне — 03/07/2009
  3. 1 2 ИЗ ФОНДОВ РОССИЙСКОЙ ГОСУДАРСТВЕННОЙ БИБЛИОТЕКИ 1. Литературно-публицистическая деятельность ингушской диаспоры 6 Турции 1.1. Российская государственная Библиотека diss .rsl. ги 2003. Ялкароева, Марем Акметовна