Тарахь
Тарахь | |
---|---|
تارح | |
Азар, Ан-Нахьатуль Аснам | |
Вина терахь | 1883 в. э. хьалха[1] |
Кхелхина терахь | 1678 в. э. хьалха[2] |
Къам | Жуьгтий, Намрузхой |
Да | Нахьур |
Зуда | Амилат (Буна) |
Динлелор | ЦӀу-динах тешар |
Динашкахь ларар | Ислам, Керсталла, Иудаизм |
Генеалоги | Тарахь (Азар) бин Нахьур бин СаругӀ бин РагӀу бин ФалигӀ бин Ӏабир бин Шалихь бин Арфахашад бин Сам бин Нохь. |
Тарахь (Ӏаьр. تارح) — Къуръанан адам а, ИбраьхӀим пайхамаран да а, Намруд паччахьан килсан цӀунаш лардархо а ву.
Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Тарахь йа Азар цуьнан ши цӀе йу бохуш дуьйцу цхьаболчу Ӏеламнаха. Тарахьан ваша Азар хилла бохуш а дуьйцу. Делахь а дика хуург АллахӀ ву. Тарахь ИбраьхӀим винчул тӀаьхьа кхелхина бохуш а дуьйцу, а Азар цуьнан деваша хилла а боху. Тарахь веллачул тӀаьхьа цуьнан зуда Амилат (Буна), Азаре маре йахана бохуш а дуьйцу. Къуръан тӀехь Азар аьлла хьахийна ву иза. ЧӀогӀа тилла велла къинош долу стаг хилла боху. ИбраьхӀимас аьлла:
![]() |
ИбраьхӀим аьлла шен дега: Баккъалла а ахьа цӀунаш делой санна лору, суна го, хьо а хьан къам а гуш долу тилла.
6:74Къуръан
|
![]() |
ИбраьхӀимас шен дине кхайкхича, цо тӀара тоьхна хилла ИбраьхӀиман. Азар чӀогӀа тилла велла вон стаг хилла. Делой бу бохуш нах тилла а беш, шен шортта мах боккхуш хилла цо, цӀунаш а духкуш. ЦӀунан лолалла дар, шайн дайшан дин ду бохуш лелаш хилла и нах.
ИбраьхӀим цӀарга кхоьссинчул тӀаьхьа, АллахӀ дала иза кӀелхьара ваьккхича, Азара аьлла: «Ма дика ву-кх и хьан Дела, хӀай ИбраьхӀим!». ИбраьхӀимас АллахӀ деле даьхна хилла шен да нийсачу новкъа нисвен аьлла. Делахь а, АллахӀ дика хууш верг ву-кх.
![]() |
ХӀара исламан адамех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |
- ↑ Kantor M. (unspecified title) (инг.) — 2004. — P. 10. — ISBN 978-0-87668-229-6
- ↑ Kantor M. (unspecified title) (инг.) — 2004. — P. 17. — ISBN 978-0-87668-229-6