Таллуз

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Викидошаман логотип
Викидошаман логотип
Викидошам чохь бу йаззам «таллуз»
Пол Клиффорд, иштта цӀе йолчу Бульвер-Литтонан таллузан романан турпал

Таллуз (фр. aventure) — кхераме а, шеконе а гӀуллакх, до цахууш аьтту хир бац теша олий. Шен Ӏаламца иза кхераме хӀума ду, атта пайдене, аьттуне кхачархьама цхьа хьесап доцу амалашца лелар, гӀуллакх дар[1].

Билгалдаккхар[нисйе бӀаьра | нисйе]

«Цара лелайо цхьаьна хӀиндостанан я монголийн эскаран фантастикан кепаш, хуьлу помпезан цӀераш, дикка хьаьжча уьш харц хуьлу, шайн эткийн маӀарш санна. Цара буьйцу муьлхха а мотт, чӀагӀонаш йо, массо а эланаш а, беза нах а бевза, массо а эскаршкахь гӀуллакхехь хилла, дешна массо а университетах бохуш. Церан киснаш проекташ чу а теӀийна ду, мата тӀехь — майра къамелаш ду, царна дагайогӀу лотерейш, башха налогаш, пачхьалкхийн, фабрикийн союзаш, цара кхийдабо зударий, орденаш, деӀна дийнаташ; шайн киснахь итт дешийн ахча а доцуш, хӀоранга а шабар-шибар до, шайна ипсШгае аип къайле (деший дар) хаьа бохуш. ХӀора сутара паччахьан кертахь цара гойту керла буозбунчаллаш, кхузахь къайлаха лечкъа масонаш а, розенкрейцераш а ду бохуш, цигахь хӀора а эла волчохь довзуьйту шеш химин кухнин а, Теофрастан белхийн а говзанчаш санна. Марзонах самукъа долучу урхалчан хьалха уьш хила кийча бу жигара са йоккхурш а, харц ахча дийриш а, йаккхий уьйранаш йолу юкъарчаш а, захалаш а, тӀемца буьрса элин — шпионаш, исбаьхьаллин а, Ӏилманийн а гӀодечун — философ а, байташ йохург а. Бозбунчаллех тешаш берш Ӏехабо седажайнаш хӀиттош, хӀуманах атта тешарг — проекташца, ловзархой — билгалонаш йина кехаташца, дагахь хӀума доцург — дуьненан элеганталлийца, — и шадериг шар-шар ден хаборашца, тӀаьхьа кхуьур воцу къайленца — тӀаьхьа ца кхиарна шозза хазаделла…»
Стефан Цвейг.

Таллузашца хила тарло кхераме хиламаш, Ӏалашо йоцуш леларш, ойлаянза хиламаш, дахаран коьрта хиламаш я белхан кхераме гӀуллакхаш. Таллузан хиламаша кхуллу психологин а, физиологин а карзахалла, ткъа иза хила тарло дика а, гӀуон а. Цхьадолчу адамашна, таллуз, кхераме хиламах дахаран коьрта Ӏалашо хуьлу. Кундера Милана билгала йоккху таллуз «шовкъаца дӀадиллина ца девзарг» санна.

Таллуз — дукхаха йолчу контексташкахь а, меттигашкахь а лело кхетам. Литературин а, исбаьхьаллин а кхолламийн коьрта компонент санна лелайо жайнийн, музыкин кхолламийн, фильмийн сюжеташкахь а, фабулашкахь а. Иштта лелайо спортехь, туризмехь, самукъадаккхаран кхечу кепашкахь. Таллузан жанрашна юкъахь:

Юккъера бӀешерашкахь мехах лаьцна салтийн тобанех олуш хилла таллузхой[2].

Таллузхо[нисйе бӀаьра | нисйе]

Викидошаман логотип
Викидошаман логотип
Викидошам чохь бу йаззам «таллузхо»
XVIII бӀешерах лаьцна пьесан персонажаш.

Таллузхо (фр. aventurier) — кхераме гӀуллакхаш лоьху (Брокгаузан а, Евфронан а дошамца), хьесап доцу таллузаш лело стаг я зуда (Ожеговца).

Кхин а цхьа могӀа альтернативан билгалонаш ю, масала

  • ирс а, кхераме гӀуллакхаш а лоьхург; дуьнен тӀехула леларг, кхерстархо.
  • таллузаш лело хьесап доцу стаг я зуда.

Дукхаха долчу меттанашкахь дашо гӀуон агӀо ца лелайо, масала Ингалсехь яра махлелоран Совдегархойн-таллузхойн компани (инг. Merchants adventurers), иза кхоьллинера XV бӀешо долалуш, цхьана заманахь лорура Ганзан ладаме конкурент, XVII бӀешо долалуш цунах йира Гамбурган компани (1808 шарахь дӀаелира).

Таллузхойн исписка[нисйе бӀаьра | нисйе]

Кеп:Декъан маьӀналла XVII—XIX бӀешерийн Европин исторехь билгаладохуш хилла шеко йолу, цкъацца девне репутаци йолу, оцу муьран хиламийн хаалуш лар йитина, адамаш. Дукхах дерг уьш некъ беш хилла, жигара политика лелош хилла, шпионаж лелорех шекьхилла, мичара ю а ца хууш сан хьост хилла, я ша-шен кхайкхийнарш хилла, я шеш шайн аристократин я экзотикан бух бина хилла. Башха гӀарабевлла хилла XVIII бӀешеран французийн таллузхой.

Таллузхой хилла дукхаха болу конкистадораш, дуьххьара мехкаш дӀадиллина кхин новкъахой а, хӀордахой а.

XV—XVI бӀешераш[нисйе бӀаьра | нисйе]

XVII—XVIII бӀешераш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Кончино Кончини. Италийхой таллузхо, паччахь-аьзнин Мария Медичин, зудчун а, майрачун Генрих IV-гӀачун, Людовик XIII-гӀачун фаворит. Паччахь вийначул тӀаьхьа хӀоттийна хьалхара камергер, Амьенан губернатор, Францин маршал, факт хилла урхалла дина мехкан.
Эмма Гамильтон. Мехах шен сурт дуьллуьйтург, маре яхана Вильям Гамильтоне — британин Неаполера векале. Испанин паччахь-аьзнин Каролинин векал хилла. ТӀаьхьо адмирал Нельсонан езар хилла.
Мата Хари. Голландхо баккхалхочун йоӀ йолушехь, ша хӀиндихойн стун йоӀ ю бохуш лелла. Тоьпаш тоьхна шпионаж бахьнехь.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]