СурдукъетӀе

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску

СурдукъетӀе[1] — юккъерачу бӀешерийн вайнехан тайпан кхоллам бу[2][3] хӀинцалерчу ломан ГӀалгӀайчуьра а, къилба Нохчийчуьра а. Дукхаха болчу историкаш дийцарехь, «сурдукъетӀе» этноним юста еза хӀинцалерчу нохчийн, гӀалгӀайн, бацойн дайшца[2][3].

Этноним схьаялар[нисъе | нисъе чухулара]

1926 шарахь хилла Орган-чlож чохь нохчийн эвла Зурзукъа Ваштар хи тlехьа хилла, Улус-Кертана а, ЗазаргӀана а къилб-малхбалехьа [4].

ХӀара этноним тоярхьама леррина тептар яздина волчу С. Джамирзаевс, яздо: «СурдукъетӀе гуьржийн тептаршкахь хьехайо тӀемаца дуьстина, цундера оцу деша хьалхара дакъа дусту нохчийн а, гӀалгӀайн а сур — „эскар“, ткъа шолгӀа „дукъ“ дешнашца, аьлчи а „дукъан эскар“».

ГӀалгӀайн историкаш дийцарехь СурдукъетӀе (гуьрж. Дзурдзукети, Дурзукети), долчух тера хета гуьржаша галдаьккхина дуьйцу гӀалгӀайн дийцар «Дардза къуньгиш» (Дерцан кӀентий). Кхин цхьа агӀо а бу, цуо боху СурдукъетӀе исторера стаг ву ГӀалгӀайчуьра Джейрахан Ӏине Гуьржийчухула, юккъерчу бӀешерашкахь Шема олуш хиллачу махкара веана, амма уггар а хьалхара иза хьехош волу тептарш VIV бӀешо вайн эрал хьалхара ду[5], ткъа оцу хенахь оцу махкахь дехаш урартийн къам дара.

Ӏарбийн географаш IXX бӀешерашкахь махках олуш хилла «Дурзук», ткъа Аьссан Ӏинах — Баб-Сул (Баб-Сур — «Эскаран кевнаш»)[5].

Географин хоттам[нисъе | нисъе чухулара]

СурдукъетӀе мохк бара хӀинцалера ломан ГӀалгӀайчоь а, къилба Нохчийчоь а. Кхин а цхьа агӀо ю: VI Вахтанган тептаршкахь СурдукъетӀе этноним лелайо глигваш а, кистой а билгалбохуш шоззе а, ткъа XII бӀаьшеран академика Джавахишвили Иванэн картин тӀехь, СурдукъетӀе доза ду къилбехьа Кахетица, малхбалехьа — ДегӀастанца, аьлчи а Къилбаседа Кавказан юккъахь лаьтта. ДегӀастан а, СурдукъетӀе а йоькъу «СурдукъетӀан лаьмнаш». Багратиони Вахуштис шен «Гуьржехан дахар» цӀе цолчу балхан тӀехь хьахайо «кист-сурдукъатӀе» («кист-дзурдзуки»), буьйцу махке хьаьжчи, кистой — гӀалгӀай бу, ткъа сурдукъетӀой — нохчий бу (В. Гамрекелин белхашкара) (Какабадзе, 1969:286).

Истори[нисъе | нисъе чухулара]


Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Джамирзаев С. К этимологии слова "дзурдзукъи (дзурдзуки). — «Вопросы вейнахской лексики», Гр., 1980
  2. 1 2 Какабадзе С. Грузинские документы института народов Азии АН СССР, М., 1969 (PDF-версия)
  3. 1 2 Кузнецов В. Введение в кавказоведение: историко-этнологические очерки (Поиск по книге слова «Дзурдзуки»)
  4. Военно-топографическая пятиверстная карта Кавказского края 1926 года
  5. 1 2 М. М. Базоркин «История происхождения ингушей» Орджоникидзе, 1937 г.

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]