Сулаев, Магомет Абуевич

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Сулаев Магомет Абуевич
Сулаев, Магомет Абуевич.jpg
Вина терахь 1920 шеран 20 сентябрь({{padleft:1920|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:20|2|0}})
Вина меттиг ГӀойтӀа, Нохчийн къоман округ, РСФСР, ССРС
Кхелхина терахь 1992 шеран 11 ноябрь({{padleft:1992|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:11|2|0}}) (72 шо)
Корматалла яздархо, поэт
Гражданалла ССРС СССР
Да Абу

Сула́ев Магоме́т Абу́евич (1920 шеран 20 сентябрь — 1992 шеран 11 ноябрь) — ночхийн яздархо а, поэт а, Нохч-ГӀалгӀайн АССРн а, СССРн а яздахойн Союзийн декъашхо.

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Вина 1920 шеран 20 сентябрехь ГӀойтӀахь. 1933 шарахь школа чекхъяккхира цо. Шен хьалхара байт «Нохчийн илли» цо язйира 15 шо кхаьчна волуш. Бакохь рабфак чекхъяккхира цо. 1941 шарахь Сулаевс чекхъяккхира Бакохь йолу Азербайджанан лоьран институт.

1943 шарахь цо кхоьллира шен хьалхар йоккха произведени — «Малх тоьлур бу» цӀе йолу поэма. Иза язйина яра Советски Союзан Турпалхочун Ханпаша Нурадилован лерина. Нохчий цӀера бехначу хенахь цо яздар ца дитира, амма цо язйинарш ара ца хоьцара.

Иза вара республикан больницин хирург а, санитарин серлонан республикан цӀан коьрта лор а[1]. Цуьнга дика цхьанабалора лоьран болх а, яздархон болх а. Сулаевс арахийцира масийтта поэзин а, критикин а, прозин а гуламаш.

Библиографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • поэма «Солнце победит» (1943 шо)
  • роман «Тавсултан покидает горы» (1966 шо)
  • роман «Лаьмнаша ца дицдо» (1990 шо)
  • «Велларг денвар» (1959 шо)
  • «Даймехкан зӀаьнарш» (1961 шо)
  • «Октябро кхоьллинарг» (1968 шо)
  • «Йовшйоцу цӀе» (1970 шо)
  • «Бой за солнце» (1970 шо)
  • «Чинар на скале» (1972 шо)
  • «Бакъдерг» («Истина», 1973 шо)
  • «Лаьттан бос» (1978 шо)
  • «Адамалла» (1984 шо)
  • «Орлиной тропой» (1987 шо)
  • «Иду на зов»
  • «Искры из сердца»
  • «Песни любви»

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]

Нохчийн маттахь
  • Айдаев Ю. ХӀунда воьду Тавсолта ломара дӀа? «Орга», 1967, № 3-4.
  • Чентиева М. Безаман эшарш. ДоттагӀалла, 1959, № 4.
  • Чентиева М. Тавсолта ломара дӀавоьду. «Ленинан некъ», 1967, 17 февраль.
Оьрсийн маттахь
  • Алироев И. Товсолтан уходит с гор. «Грозненский рабочий», 1967, 15 июня.
  • Мальсагова А. У., Туркаева Х. В. «Писатели советской Чечено-Ингушетии». 1969 шо.
  • Мамакаев М. Показать духовную красоту нашего современника. «Грозненский рабочий», 1961, 4 июня.
  • Мамакаев М. Поэты и современность. «Грозненский рабочий», 1964, 20 декабря.
  • Чентиева М. Черты нового. «Грозненский рабочий», 1962, 26 декабря.