Сталинизмо бехкбоцуш хӀаллак бинчу вайнахана

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ХӀоллам
Сталинизмо бехкбоцуш хӀаллак бинчу вайнахана
Сталинизмо бехкбоцуш хӀаллак бинчу вайнахана
Сталинизмо бехкбоцуш хӀаллак бинчу вайнахана
Сталинизмо бехкбоцуш хӀаллак бинчу вайнахана
Пачхьалкх Росси
Йолу меттиг ДегӀаста, Ӏовхойн кӀошт, э. ГӀачалкъа
Хьал Дика
Сталинизмо бехкбоцуш хӀаллак бинчу вайнахана (ДегӀаста)
Сталинизмо бехкбоцуш хӀаллак бинчу вайнахана (Ӏовхойн кӀошт)

Сталинизмо бехк боцуш хӀаллак бинчу вайнахана хӀоттийна чурт (диццадаларан хӀоллам) 1989 шеран 19 февралехь ГӀачалкъан шира кешнийн гергахь.

И тайпа чурт вайн махкахь духхьара хӀоттийна[1].

Истори а, социалан маьӀна а[нисйе бӀаьра | нисйе]

1989 шеран июль баттахь республикин а, меттигера а хьаькмаша гуламе кхайкхира ГӀазгӀумкийн керла кӀоштера бахархой. Цара дехардарца кхайкхаме диллира и чурт ГӀазгӀумкийн керла кӀоштан дозанал арахь хӀоттор доьхуш[2][3].

ХӀор шарахь 23 февралехь нохчий гулло и хӀоллам, чурт хӀоттийначу метте. Нохчаша дийцаре дуьллу Ӏовхойн кӀошт меттехӀотторан проблемаш.

Чуьртан сурт: ХӀоллам, чурт лаьтта шина тӀулгах. ТӀулгашна тӀехь ю нохчийн, орсийн маттахь язъйина информаци. Цхьа тӀулг бу лаьттахь бижийна Ӏуьллуш — Ӏожаллин билгало. ШолгӀаниг — стигла берзийна — дахаре сатийсаран билгало. ТӀулгашна тӀе йоьду 13 тӀегӀанаш — винчу махках девлла нохчаша а, гӀалгӀаша а Даймахке тийсина са, 13 шарахь лайна гӀелонаш, гунахь доцу тӀехбеттамаш, гома хьежарш[4].

Галерей[нисйе бӀаьра | нисйе]

ХӀолламан суьрташ
Сталинизмо бехкбоцуш хӀаллак бинчу вайнахана Сталинизмо бехкбоцуш хӀаллак бинчу вайнахана Сталинизмо бехкбоцуш хӀаллак бинчу вайнахана Нохчийн-аьккхийн митинг (23.02.2013г.)

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Лунина М. Терпение камня. — Собеседник Москва 1989, N 27, с. 12.
  2. Чеченцы-аккинцы (ауховцы) и их гражданские формирования. Ю.Г.Кольчук и А.А. Адилсултанов
  3. ЭТНИЧЕСКИЙ СЕПАРАТИЗМ В РОССИИ
  4. Мария Лукина, /еженедельник "Собеседник", июнь 1989 года