Соьлжа (хи)

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
(Соьлжа хи дӀасахьажийна кхузе)
Дехьа гӀо: навигаци, Лахар
Соьлжа
гӀалгӀ. Шолжа-хий , хӀир. Сунжæ
Теркан бассейн
Теркан бассейн
Характеристика
Дохалла 278 км
Бассейнан майда 12 200 км²
Хи дайар 82,9 м³/с (БоргӀане)
ДӀаэхар
Хьост
 · Меттиг Доккха Кавказан дукъ
Къилбаседа ХӀирийчоьнан Пригородни кӀошт
 · Локхалла 1200 м
 · Координаташ 42°55′37″ къ. ш. 44°52′54″ м. д.HGЯO
Хикхоче Терк
 · Меттиг э. БоргӀане (Гуьмсан кӀошт)
 · Локхалла 28 м
 · Координаташ 43°26′27″ къ. ш. 46°08′05″ м. д.HGЯO
Хин охьане 1,2 м/км
Хи долу меттиг
Хина система Терк → Каспий-хӀорд

Пачхьалкх РоссиFlag of Russia.svg Росси
Регион Къилбаседа ХӀирийчоь, ГӀалгӀайчоь, Нохчийн Республика
Соьлжа (хи) (Кавказ)
Blue 0080ff pog.svg
хьост
Blue pog.svg
хикхоче
Соьлжа Викилармехь

Соьлжа (оьрс. Сунжа[1]), (гӀалгӀ. Шолжа-хий), (хӀир. Сунжæ[2]) — Къилбаседа Кавказан малхбален декъера хи, Теркан аьтту га.

Теркан бассейн

Дохалла — 278 км, бассейнан майда — 12 000[3] км². Хьост — Доккха Кавказан дукъан къилбаседа басе 1200 м лакхахь. Хин даржаран юкъара барам 3800 г/м³: шарахь хино охьахьо 12,2 млн тонн латта а, гӀум а. Леладо аренашна хи дуьллуш.

Соьлжан некъ[нисъе | нисъе чухулара]

Соьлжа долало ломан Ушкорт массиверчу шешкара, цигара Учхутан ломан рагӀ йоькъуш, шина Сугулта а, Соьлжа-корт а ломан чӀоже кхочу. Кхин дӀа ГӀалгӀайчухула къилбаседехьа доьду 37 км гена. Эккажакъоьнгий-Юрт уллехь Соьлжа арадолу масех генца, 12 км охьадоьду Эльдархан-ГӀала кхаччалц. Кхузахь хи малхбалехьа доьрзий Закан-Юрта кхаччалц охьадоьду, ткъа цигара 85 км охьадахчи Терках кхета[4].

Хин раж[нисъе | нисъе чухулара]

Соьлжан чохь хи даиман а шорта хуьлу. ЧӀогӀа а, дукха а догӀнаш даьхкичи хи дестий 4 м кхаччалц хьаладала таро ю. Хи деста апрель-май беттанашкахь, Ӏаьнан лайнаш дешачу хенахь а, алсама догӀнаш догӀучу хенахь а. XIX-XX бӀешерашкахь хи гӀорадора, дерриг аьлча санна, цхьа йолу хи чехка долу меттигаш йоцурш. Масалаш ду, оьрсийн эскарш шан тӀехула артиллерица а, безачу мохьца а Соьлжех довлуш[5], амма тӀаьхьарчу хенахь хи гӀорош дац, Кавказехь климат кӀадъялар бахьнехь.

Бахамехьпайда иэцар[нисъе | нисъе чухулара]

XIX бӀешарахь нохчаша Соьлжин бердаш йисттера хьун хьокхий, бӀаьста хи дистича охьайохьуьйтура ГӀизлара йохка[6]. Соьлжан хи леладо аренашна хи дуьллуш, чӀара лоцуш.

Геннаш[нисъе | нисъе чухулара]

Аьрру геннаш: Хьач-хи. Аьтту геннаш: Ӏасс, Валарг-хи, Гиха, Марта, ГӀой, Орга, Бас, Гуьмс.

Соьлжан тӀиера нах беха меттигаш[нисъе | нисъе чухулара]

Соьлжан тӀехь ю:


Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Карасаев А. Т., Мациев А. Г. Русско-чеченский словарь. — М.: Русский язык, 1978. — 728 с. — С. 728
  2. Осетинский словарь: Сунжæ.
  3. «Река Сунжа» — Пачхьалкхан хин реестран объектех хаам.
  4. Берже А.П. «Чечня и чеченцы», Тифлис, 1859, стр.8
  5. Берже А.П. «Чечня и чеченцы», Тифлис, 1859, стр.8
  6. Сулейманов, 1997, с. 543, 544.

Литература[нисъе | нисъе чухулара]