Чулацаман тӀегӀо

София Шведийн

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
София Шведийн
швед. Sofia av Sverige
нем. Sophie von Schweden
София Шведийн
Баденан сийлахь-йоккха герцог-аьзни
1830 шеран 30 март 1852 шеран 24 апрель
Хьалха хилларг Стефания де Богарне
Когаметтаниг Луиза Пруссин

Йина терахь 1801 шеран 21 май({{padleft:1801|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:21|2|0}})[1]
Кхелхина терахь 1865 шеран 6 июль({{padleft:1865|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:6|2|0}})[1] (64 шо)
ДӀайоьллина Карлсруэра сийлахь-баккхий герцогийн кешнаш
Тайпа House of Holstein-Gottorp[вд]
Да Густав IV Адольф[вд]
Нана Фредерика Баденан
Майра Леопольд Баденан[вд]
Бераш Александрина Баденан, Фридрих I Баденан, Вильгельм Баденан, Ольга Фёдоровна, Мария Баденан, Карл Баденан, Людвиг (жима волуш велла), Людвиг II Баденан
Монограмма Монограмма
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

София Вильгельмина Катарина Мария Ловиса Шарлотта Анна Шведийн (швед. Sofia Vilhelmina Katarina Maria Lovisa Charlotta Anna av Sverige, нем. Sophie Wilhelmine Katherine Marie Luise Charlotte Anne von Schweden; 1801 шеран 21 майхь, Стокгольм, Швеци1865 шеран 6 июлехь, Карлсруэн гӀала, Баден) — шведий паччахьан йоӀ, марехь йолуш Баденан сийлахь-йоккха герцог. Сийлахь-йоккха стун Ольга Федоровнин нана.

София йина Швецин паччахьан Густав IV а, цуьнан зудчун Фредерика Баденан а доьзалехь. Йинчул тӀаьхьа паччахьан йоӀ дӀайелира паччахьан берийн гувернантке Делагарди Хедвиг Ульрике (1761—1832).

Софин исс шо дара 1809 шарахь шен да даржера вохийна, доьзал махкара дӀабаха дезначу хенахь. Дозанал арахьа махкахбахале паччахьан доьзал цӀахь лаьцна латтош бара. Гольштейн-Готторпан паччахьан йоӀан Гедвиг Шарлотта тептар тӀехь паччахьан йоӀ йийцира «тӀех чӀогӀа жима йоӀ йу, шен вешин Густавал кӀезиг ша-шена тӀехь урхалла деш». Цхьана анекдотехь йийцира йишин а, вешин а амалийн башхалла. Фредерикана а, цуьнан берашна а махкара арадовла бакъо йелча, хиллачу паччахьца дозанал арахьа цхьаьнакхета, фон Ферсен Ханс Аксель веара цаьрга, дозанал арахьа дӀасалеларан кхерамазаллин низам дийцаре дан. Иза дӀаваха кечвелча, цунна неӀ схьайелла вахара Софин воккхах волу ваша. ТӀаьхьо паччахь-аьзни хиллачу Фредерикас шен тептар тӀехь йаздира: «Софияс шен дахарехь цкъа а дийр дацара и тайпа хӀума, цо шех тӀех лакхара ойла йо»[2]. 1809 шеран декабрехь Софин доьзало йитира Швеци.

1819 шеран 25 июлехь паччахьан йоӀ Софи маре йахара Баденан Леопольде, сийлахь герцоган Карл Фридрих Баденан кӀанте, цуьнан шолгӀа морганатически захалонах граф-аьзни Луиза Каролина Гейер фон Гохберго вина. Леопольдан а, Софин а захало дира цуьнан ден вашас Карла, Баденан сийлахьчу герцога, хийрачу паччахьан йоӀаца захало дарца Леопольдан аьтто хир бу Баденан паччахьан Ӏарше хьалавала аьлла. Леопольд принц санна къобалвинехь а, иза йуьхьанца морганан тӀаьхье лоруш вара, Баденан тажах ирс эца хьакъ вацара. Баденан сийлахь герцог Людвиг I-ра волчу хенахь Леопольдан доьзал гӀийла бехаш бара. 1820 шарахь Софис шен дуьххьарлера бер дира — Баденан Александрина, хинйолу Саксони-Кобурган а, Готан а герцог-аьзни.

1830 шарахь цуьнан майра Баденан урхалла деш волу герцог хилира, Софин Баденан сийлахь-йоккха герцог-аьзнин титул йелира. Паччахьан керто йуьйцура София хьекъал долуш майрачуьнга ладугӀу зуда, амма луьра нана санна[3]. ТӀаьхьа дӀайуьжура иза, амма хьалхе гӀоттуш, кест-кеста кехаташ йаздора йерриг а Европехь болчу шен гергарчаьрга. Герцог-аьзнин говзаллица а, Ӏилманца а, политикица а шовкъ йолуш йара. Европехь мел хуьлуш болчу политикин хиламех лаьцна хаам беш хилла цунна. Цо жигара кехаташ яздора дуккха а немцойн политикашка[3].

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. 1 2 Lundy D. R. Sophie Wilhelmine von Holstein-Gottorp, Princess of Sweden // The Peerage (инг.)
  2. Charlottas, Hedvig Elisabeth. Дневник Гедвиги Шарлотты Гольштен-Готторпской(швед.) / af Klercker, Cecilia. — Стокгольм: P.A. Norstedt & Söners förlag, 1939. — Т. VIII 1807-1811. (search for all versions on WorldCat Архивйина 2018-08-09 — Wayback Machine)
  3. 1 2 Heribert Jansson (in Swedish). Drottning Victoria (Queen Victoria). Hökerbergs Bokförlag. (1963) ISBN.

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]