Сокольникин аса

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Сокольникин аса
Line 1 (Moscow).svg
Йохалла: 44,1 км
Станцийн дукхаллин барам: 26
Латтан тӀехулара дакъош: станци «[[|]]», Преображенски метротӀай, «Саларьево» дакъа — «Коммунарка»
Электродепо: ТЧ-1 «Къилбаседан», ТЧ-13 «Черкизово»
Click to Shrink Back
Сокольническая линияЗамоскворецкая линияАрбатско-Покровская линияКольцевая линияКалужско-Рижская линияКалужско-Рижская линияТаганско-Краснопресненская линияКалининская линияСолнцевская линияКалининско-Солнцевская линияСерпуховско-Тимирязевская линияСерпуховско-Тимирязевская линияЛюблинско-Дмитровская линияЛюблинско-Дмитровская линияБутовская линияМосковский монорельсМосковский монорельсМосковское центральное кольцоТроицкая линияБольшая кольцевая линияБольшая кольцевая линияБольшая кольцевая линияБольшая кольцевая линияНекрасовская линияБольшая кольцевая линия (перспектива)Большая кольцевая линия (перспектива)Большая кольцевая линия (перспектива)Большая кольцевая линия (перспектива)Большая кольцевая линия (перспектива)Большая кольцевая линия (перспектива)Большая кольцевая линия (перспектива)Некрасовская линияФилёвская линияФилёвская линияФилёвская линияMoscow metro ring railway map ru sb future.svg

Соко́льникин аса (1990 шо кхачале — Ки́ровн-Фру́нзен) — Москохан метрополитенан хьалхара аса. Цуо Москохан йуккъехула уьйр латтайо Богородскан а, Сокольникин а Хамовникашца, Хьозарчийн лаьмнашкара Москохан пачхьалкхан университет Вернадскийн проспектаца, Тропарёво-Никулино кӀоштаца а, Керла Москохца а. Схемашна тӀехь билгалайоккху цӀен бесца а, Сокольническая линия терхьаца а.

Асанан йохалла 44,1 км йу, 26 станцех лаьтта, йерриг асанца болу некъо дӀалоцу хан — 67 минот[1]. Москохан метрополитенехь Сокольникин асанца уггаре дукха болх бен станци йу (2019 шо кхаччалц и статус лелайора Серпуховн-Тимирязевн асано), йохаллийца шолгӀа йара Арбатан-Покровски асанал тӀаьхьа. 2016 шарахь дийнахь-бусий пассажираш лелар дара 962,2 эзар стаг[2].

Асанан тӀехь кӀорга а, кӀезиг а дахкаран дакъош ду, кхин а Преображенски метротӀайн кӀоштахь жима даьстина дакъа ду, къевлина латтан тӀехулара дакъа «Саларьево» — «Коммунарка». Цул сов, станци «[[|]]» лаьтта Лужнецки метротӀайн тӀехь. Асанан йерриг станцийн пассажирийн вагонашна чубахар а, арабовлар а ду аьрру агӀора цӀерпошт дӀайахаран агӀора дирзича.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

 ХӀокху кепе хьажар 
Скриптан гӀалат: Иштта модуль йац «Routemap».

Москохан метрополитенан хьалхара дакъа дилла долийра 1931 шарахь Русаковски урамехь, «Красносельски» а, «Сокольники» а станцешна йукъахь. 1935 шеран 15 майхь схьадиллина 11,2 км деха асанан хьалхара дакъа «Сокольникера» «Оьздангаллин парк» тӀера дӀадоьдуш «Смоленскан» га а долуш[3][4]. 1938 шарахь «Таллархойн могӀа» станцера цӀерпошташ доьдура маӀаран схемица — цхьа дакъа «Оьздангаллин парке», цхьа дакъа «Коминтернан урам» станцера (1990 шаарахь — «Александран беш») а, «Арбатан» а «Смоленскан» станце кхаччалц.

1957 шарахь аса «Оьздангаллин парк» тӀера «Спортан» станце кхаччалц йахйира кхин а 2,5 км, шо хьалха дӀайиллина спортан комплекс«Лужникин» транспорт тоийта. 1959 шарахь дӀадиллира дакъа «Спортан» — «Университет» (4,5 км) дуьненахь дуьххьарлера тӀайн тӀехь лаьтта станцица — «Ленинан лаьмнашца». 1963 шарахь диллира 4,5 км деха дакъа «Университет» — «Къилба-Малхбузен».

1965 шарахь аса йахйира кхин а 2,5 км къилбаседехьа «Преображенски майда» станце кхаччалц.

1983 шеран гурахь станци «Ленинан лаьмнаш» дӀакъевлира тӀайн конструкцин аварин хьал хиларна. ЦӀерпошташ ца совццуш тӀехдовлура цунна. 1986 шарахь ханна диллира Москох-эркана тӀехула ши тӀай аварин хьал долчу тӀайн агӀонашкахула. Ширачу метротӀайн тӀехула лела цӀерпошташ сацийра.

1990 шеран 1 августехь дӀадиллира дакъа «Преображенски майда» — «Подбельскийн урам» (3,8 км).

2002 шеран 14 декабрехь «Хьозарчийн лаьмнаш» станции тойинчул тӀаьхьа дӀайиллира.

2014 шеран 8 декабрехь аса йахйира къилба-малхбузехьа «Тропарёво» станцин тӀекхаччалц[5].

2016 шеран 18 январехь Сокольникин аса «Румянцево» станци дӀайелларца кхечира Керла Москоха[6], ткъа оццу шеран 15 февралехь аса йахйира кхин а цхьаьна станцина — «Саларьево», иза хилира Москохан метрон шолгӀа бӀолгӀа станци.

2019 шеран 20 июнехь кхин дӀайахйира аса Керла Москохахула «Саларьево» станцера «Коммунарка» станце кхаччалц[7]. Къевлина лаьттан тӀехулара 9,4 км дехачу декъехь лаьтта кхоъ йукъан станц: «Филатов Бай», «Прокшино», «Маьънан».

Бохамаш а, теракташ а[нисйе бӀаьра | нисйе]

2010 шеран 29 мартера «Лубянка» а, «Оьздангаллин парк» а станцешкара лелхарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

2010 шеран 29 мартехь Ӏуьйрана 07:56 а, 08:39 а шиъ теракт хилира «Лубянка» а, «Оьздангаллин парк» а станцешкахь. Террористаша-зударша динчу шина эккхарехь, велира 41 стаг, лазийра 88. Сокольникин асанера леларш совцийра сарралца. Лелхаршна жоьпалла шена тӀелецира нохчийн террориста Умаров Доккас а, цуьнан кхолламо «Кавказан Ӏамарато», ткъа и кечдинарг а, кхочуш динарг а, талламан версица, вара Вагабов МухьаммадӀалий[8].

«Талларан могӀа» а, «Ленинан цӀарах библиотека» а станцешна йукъахь 2013 шеран 5 июнехь цӀейалар[нисйе бӀаьра | нисйе]

2013 шеран 5 июнехь 8 сахьт 17 минот йолуш цӀейаьлла 10 метр ницкъала кабелна «Талларан могӀа» а, «Ленинан цӀарах библиотека» а станцешна йукъахь цӀейелира. Иза бахьнехь метрон лелар «Комсомольски» станцера «Оьздангаллин парк» станце кхаччалц долчу декъехь дӀакъевлира, дукха станцешкахь дукха адам ӀаьӀира. Некъаш тӀехь латтан тӀехулара транспорт сецна дукъделира. 7 стаг дарбанан цӀийне кхечира хьаьха газах дӀовш хилла. ТӀаьхьуо, 13 сахьт 12 минот йолуш, ницкъала кабелан токан серий вовшахкхетта «Талларан могӀа» а, «Лубянка» а станцешна йукъахь лелар йуха а сецира. 14 сахьт 10 минот йолуш дерриг лелар доладелира. И бахьнехь 16 стаг дарбанан цӀа чукхечира. Вериг бохам хилларг — 76 стаг[9].

Станцеш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Исписка дӀанисйан тарой у станцийн цӀерашца абатца, ткъа кхин а церан амалшца а. Интержигара карту схьахӀутту «Координаташ» могӀанера хьажорг тӀетаӀийча.
Станцин цӀе
Хьалхара цӀераш
ДӀайелларан
терахьоткрытия
Дехьа-
хуийла
КӀорге,
м[10]
Конструкцин тайпа Координаташ Станцин кеп
Сокольническая линияКеп:Hs Рокоссовскийн бульвар
Подбельскийн урам (2014 кхачале)
1990 1 август Переход на станцию «Рокоссовскийн бульвар» Московского центрального кольца −8 жима йоьгӀна
колоннийн
кхаайукъан
55°48′53″ къ. ш. 37°44′03″ м. д.HЯ Ulitsa Podbelskogo (Улица Подбельского) (5254016179).jpg
Сокольническая линияКеп:Hs Черкизовн 1990 1 август Переход на станцию «Локомотив» Московского центрального кольца −9 цхьаьнанартолан
жима йоьгӀна
55°48′14″ къ. ш. 37°44′41″ м. д.HЯ MosMetro Cherkizovskaya platform 01-2016.jpg
Сокольническая линияКеп:Hs Преображенскийн майда 1965 31 декабрь −8 жима йоьгӀна
колоннийн
кхаайукъан
55°47′47″ къ. ш. 37°42′54″ м. д.HЯ Preobragenskaya ploschad2.jpg
Сокольническая линияКеп:Hs Сокольники 1935 15 май −9 колоннийн
жима йоьгӀна
кхаайукъан
55°47′20″ къ. ш. 37°40′49″ м. д.HЯ Metro MSK Line1 Sokolniki.jpg
Сокольническая линияКеп:Hs Красносельски 1935 15 май −8 колоннийн
жима йоьгӀна
шинайукъан
55°46′48″ къ. ш. 37°40′02″ м. д.HЯ Metro MSK Line1 Krasnoselskaya (img1).jpg
Сокольническая линияКеп:Hs Комсомольски 1935 15 май Переход на станцию «Комсомольски» Кольцевой линии −8 колоннийн
жима йоьгӀна
кхаайукъан
55°46′31″ къ. ш. 37°39′22″ м. д.HЯ Комсомольская-радиальная 13.jpg
Сокольническая линияКеп:Hs ЦӀен Кевнаш
Лермонтовн (1962 - 1986)
1935 15 май −31 пилонни
кӀорга йоьгӀна
кхаанартолан
55°46′08″ къ. ш. 37°38′55″ м. д.HЯ Metro Krasnye Vorota.jpg
Сокольническая линияКеп:Hs ЦӀена Ӏаьмнаш
Кировн (1990 кхаччалц)
1935 15 май Переход на станцию «Тургеневн» Калужско-Рижской линии Переход на станцию «Сретенски бульвар» Люблинско-Дмитровской линии −35 пилонни
кӀорга йоьгӀна
кхаанартолан
(Тойанле —
шинанартолан
кӀорга йоьгӀна)
[11]
55°45′57″ къ. ш. 37°38′20″ м. д.HЯ MosMetro Chistye Prudy asv2018-01.jpg
Сокольническая линияКеп:Hs Лубянка
Дзержинскийн (1990 кхаччалц)
1935 15 май Переход на станцию «Кузнецки ТӀай» Таганско-Краснопресненской линии −32,5 пилонни
кӀорга йоьгӀна
кхаанартолан
(Тойанле —
шинанартолан
кӀорга йоьгӀна)
[11]
55°45′35″ къ. ш. 37°37′38″ м. д.HЯ MoscowMetro Lubyanka 5871.jpg
Сокольническая линияКеп:Hs Талларан могӀа
Л. М. Кагановичан цӀарах
(1955 - 1957)
Марксан проспект (1961 - 1990)
1935 15 май Переход на станцию «Театран» Замоскворецкой линии Переход на станцию «Революцин майда» Арбатско-Покровской линии[12] −15 пилонни
кӀорга йоьгӀна
кхаанартолан
55°45′28″ къ. ш. 37°37′00″ м. д.HЯ MosMetro Okhotny Ryad img1 asv2018-01.jpg
Сокольническая линияКеп:Hs Ленинан цӀарах библиотека 1935 15 май Переход на станцию «Арбатан» Арбатско-Покровской линии Переход на станцию «Александран беш» Филёвской линииПереход на станцию «Александран беш» Филёвской линии Переход на станцию «Боровицки» Серпуховско-Тимирязевской линии −12 цхьаьнанартолан
жима йоьгӀна
55°45′04″ къ. ш. 37°36′36″ м. д.HЯ Bib-Lenina-mm.jpg
Сокольническая линияКеп:Hs Кропоткинан
Советийн ГӀала (1957 кхаччалц)
1935 15 май −13 колоннийн
жима йоьгӀна
кхаайукъан
55°44′43″ къ. ш. 37°36′13″ м. д.HЯ Metro MSK Line1 Kropotkinskaya.jpg
Сокольническая линияКеп:Hs Оьздангаллин парк
Оьздангаллин Горькийн цӀарах парк
(1960-гӀа шераш кхаччалц)
1935 15 май Переход на станцию «Оьздангаллин парк» Кольцевой линии −10,5 колоннийн
жима йоьгӀна
кхаайукъан
55°44′08″ къ. ш. 37°35′39″ м. д.HЯ MoscowMetro ParkKulturyRadialnaya HB2.jpg
Сокольническая линияКеп:Hs Фрунзен 1957 1 май −42 пилонни
кӀорга йоьгӀна
кхаанартолан
55°43′36″ къ. ш. 37°34′43″ м. д.HЯ MosMetro Frunzenskaya 01-2017.jpg
Сокольническая линияКеп:Hs Спортан 1957 1 май Переход на станцию «Лужники» Московского центрального кольца −42 пилонни
кӀорга йоьгӀна
кхаанартолан
55°43′24″ къ. ш. 37°33′50″ м. д.HЯ Metro MSK Line1 Sportivnaya (img1).jpg
Сокольническая линияКеп:Hs Хьозарчийн лаьмнаш
Ленинан лаьмнаш (1999 кхаччалц)
1959 12 январь +10 эстакадин къевлина
колоннийн кхаайукъан
55°42′37″ къ. ш. 37°33′33″ м. д.HЯ Metro MSK Line1 Vorobyovy Gory.jpg
Сокольническая линияКеп:Hs Университет 1959 12 январь −26,5 пилонни
кӀорга йоьгӀна
кхаанартолан
55°41′33″ къ. ш. 37°32′00″ м. д.HЯ Metro MSK Line1 Universitet.jpg
Сокольническая линияКеп:Hs Вернадскийн проспект 30 декабря 1963 Переход на станцию «Вернадскийн проспект» Большой кольцевой линии −8 колоннийн
жима йоьгӀна
кхаайукъан
55°40′38″ къ. ш. 37°30′22″ м. д.HЯ Prospekt vernadskogo3.jpg
Сокольническая линияКеп:Hs Къилба-Малхбузен 1963 30 декабрь −8 колоннийн
жима йоьгӀна
кхаайукъан
55°39′49″ къ. ш. 37°29′00″ м. д.HЯ Ugo-zapadnaya3.jpg
Сокольническая линияКеп:Hs Тропарёво 2014 8 декабрь −12 цхьаьнанартолан
жима йоьгӀна
55°38′45″ къ. ш. 37°28′21″ м. д.HЯ Тропарево 11.jpg
Сокольническая линияКеп:Hs Румянцево 2016 18 январь −12 колоннийн
жима йоьгӀна
кхаайукъан
55°37′59″ къ. ш. 37°26′31″ м. д.HЯ Moscow Rumyantsevo Metro station 04-2016.jpg
Сокольническая линияКеп:Hs Саларьево 2016 15 февраль −12 колоннийн
жима йоьгӀна
кхаайукъан
55°37′19″ къ. ш. 37°25′27″ м. д.HЯ Moscow Salarievo Metro station 04-2016.jpg
Сокольническая линияКеп:Hs Филатовн Бай 2019 20 июнь 0 лаьттан тӀехулара
къевлина
55°36′05″ къ. ш. 37°24′28″ м. д.HЯ Moscow Filatov Lug metro station asv2020-01.jpg
Сокольническая линияКеп:Hs Прокшино 2019 20 июнь 0 лаьттан тӀехулара
къевлина
55°35′10″ къ. ш. 37°26′02″ м. д.HЯ MM Prokshino.jpg
Сокольническая линияКеп:Hs Ольхови 2019 20 июнь ? однопролётная
жима йоьгӀна
55°34′07″ къ. ш. 37°27′34″ м. д.HЯ MM Olkhovaya.jpg
Сокольническая линияКеп:Hs Коммунарка 2019 20 июнь ? колоннийн
жима йоьгӀна
кхаайукъан
55°33′37″ къ. ш. 37°28′06″ м. д.HЯ Коммунарка. Открытие.jpg

Электродепо[нисйе бӀаьра | нисйе]

Электродепо Мур
ТЧ-1 «Къилбаседин» 1935 — настоящее время
ТЧ-13 «Черкизово» 1990 — хӀинца а
ТЧ-24 «Столбово» дӀайиллинчу хенахь дуьйна

ЦӀерпоштан вагонийн барам[нисйе бӀаьра | нисйе]

Барам Мур
4 19351936
6 19361954
7 1954 — хӀинца а
8 2018 10 январехь — хӀинца а
5 (тайпана «Русич») 2020 26 октябрехь — хӀинца а

ЦӀарах цӀерпоштанаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • «ЦӀен пха». Йукъахецна ОАО «РЦӀПН» заказца 2006 шеран 9 октябрехь фирмин «ЦӀен пха» цӀерпоштан 75 шо кхачарна лерина. 2016 шеран 5 августехь, 10 шарахь дуьххьара, цӀерпоштан гуттаренна йолу экспозици карлайаьккхира. Арахьара хӀоттам цӀен басар хьаькхна бу, даиман хуьлу сийначун меттана, вагонийн тхевнаш детин басахь ду, агӀонаш тӀехь цӀерпоштан цӀе йазйина. Вагонаш чухула кечйеш лелийна историн документаш а, ОАО «РЦӀПН» архивашкара шеш бен доцу суьрташ а[13].
  • РетроцӀерпошт «Сокольники». Москохан метрополитенан дуьххьарлера цӀерпоштан хотӀе йалийна, иза лаьттара А тайпана вагонех. Йуьхь хийцина 1930-гӀа шерийн метрон амалера басар тоьхна, коьртера вагонийн 81-717.5А/714.5А модель вагонех лаьтта цӀерпошт гойту. Кхин а хийцина вагонийн интерьер. Йукъахецна 2010 шеран 15 майхь, Москохан метрополитенан 75 шо кхачаран юбилейн дийнахь[14].
[[Именной поезд «Красная стрела» на станции «Коммунарка».jpg| ЦӀерпошт «ЦӀен пха» «Коммунарка станцехь»

Retro-train of Moscow Metro.jpg| РетроцӀерпошт «Сокольники» «Хьозарчийн лаьмнаш» станцехь

|center|border|180x180px|alt=|]]
 


Сигнализацин а, зӀенан а гӀирсаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Некъан (цӀенкъан) гӀирс АЛС-АРС: АРС-«Днепр» (эксплуатаци йо 2/6 рожехь): шиъ цхьаьна хенахь ло лестам (оцу декъехь а, цулла тӀаьхьарчунна тӀехь а максимум мега сихаллаш лелайо), йалх лело гайтам (лестам).

ЦӀерпоштан гӀирс АЛС-АРС: АРС-МП.

Кхин тӀе сигнализацин гӀирс бац, оьшуш боцу дера.

Перспективаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

2023 шарахь «Коммунарка» станцин дехьа план йу электродепо «Столбово» дӀайелла[15], цуо хуьйцур йу йина йаланза депо «Саларьево», оццу шарахь план йу оцу декъехь кхин а 2,6 км Сокольникин аса йахйан, кхин тӀе станции «Потапово» а йеш[16], Кхин а хьоьжуш бук хин дӀа аса йахйаран тароне «Потапово» станцин дехьа агӀора[17].

Генарчу тӀаьхьалонна[18][19] аса йахйан дагахь бу «Черкизовн» станцера «Щёлковски» станце кхаччалц кхин дӀа Щёлковски шоссеца Гольяново а, Малхбален а кӀошташка, «Черкизовн-2», «Амуран», «Щёлковски-2» (иштта цӀе йолу станце дехьахоийла а йеш), «Красноярскан», «Малхбален» станцеш йохкуш[20].

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Согласно http://metro.yandex.ru/moscow/
  2. Реклама на Сокольнической линии метро. Реклама в метро.
  3. ГУП "Московский метрополитен".
  4. Схема 1935 года на сайте metro.ru
  5. В Москве открыли станцию метро «Тропарёво». RT (2014, 8 декабрь). Теллина 2014 шеран 8 декабрехь.
  6. 199-я станция московского метро открыта для пассажиров. «Вести» интернет-газета (2016, 18 январь). Теллина 2016 шеран 18 январехь.
  7. Собянин открыл четыре новые станции Сокольнической линии метро. Москва 24 (2019, 20 июнь). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2019 шеран 20 июнехь. Теллина 2019 шеран 20 июнехь.
  8. Восемь лет назад в метро Москвы произошел теракт. Во взрывах на «Лубянке» и «Парке культуры» погибли 40 человек. «360».
  9. Число пострадавших при ЧП в московском метро превысило 75 человек. РИА.
  10. Глубина заложения станций метро. Комплекс градостроительной политики и строительства города Москвы. Теллина 2018 шеран 2 сентябрехь.
  11. 1 2 Алексей Гончаров Схема глубин заложения и конструкций станций московского метрополитена (2014, май). Теллина 2015 шеран 9 мартехь.
  12. Гайтина дехьахааран шедан йукъара хӀоттам. Цигахь 1 а, 3 а асанашна йукъахь йац (оцу шедехь).
  13. Обновленную "Красную стрелу" запустили по Сокольнической линии метро. «Москва24».
  14. Ретро-поезд «Сокольники». «Узнай Москву».
  15. Электродепо “Столбово” построят к лету 2023 шоа.
  16. [https://web.archive.org/web/20220211164948/https://stroi.mos.ru/metro/station/96 Архивйина 2022-02-11 — Wayback Machine Новомосковская — Комплекс градостроительной политики и строительства города Москвы
  17. Участок метро от «Столбово» до «Новомосковской» начнут строить после 2019 шоа Архивйина 2022-02-11 — Wayback Machine
  18. Пресс-релиз: «Москва продолжает строить метро»(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Комплекс градостроительной политики и строительства города Москвы (2011, 15 сентябрь). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 17 ноябрехь. Теллина 2011 шеран 2 декабрехь.
  19. Александр Воронов. Большую Москву ставят на рельсы. Новые территории внесены в схему метро. // Газета «Коммерсантъ». — № 203 (4744).
  20. Красную ветку метро Москвы планируют продлить вдоль Щелковского шоссе

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]