Чулацаман тӀегӀо

Сихалла

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Хьажа иштта: Ков:Физика

Сихалла (билгалйоккху v формулица; ингалсан маттахь velocity; французийн маттахь vitesse, латинан маттахь vēlōcitās) — физикин векторийн барам бу. Цо билгалйоккху системан хьокъехь хӀумаллин тӀадаман дӀасалеларан чехкалла а, боламан хьажам а. Шен билгалдаккхарца хенаца схьайаьлла радиус-векторан тӀадамца цхьабосса йу.

Иштта цӀе йу терахьан (скаляран) бараман а- сихаллин векторан модулан йа тӀадаман алгебран сихаллин.

Сихалла эквиваленте йу объектан чехкаллин башхалла билгалйаран а, боламан хьажаман а.

Сихалла- кинематикехь а, хӀуманийн леларан сурт хӀоттош йолу классикан механикин декъан а, кӀopггepa (фундаментале) кхетам бу.

Билгалдахарш[бӀаьра нисйан | нисйан]