Силаболу Хункархойн тIом
Силаболу Хункархойн тIом | |
---|---|
Коьрта конфликт: Ӏусманийн тӀемаш Европехь | |
Бахьна | Венера латар |
ЖамӀ | Керстанийн толам |
![]() |
Силахьболу Хункархойн тloм (хункархошлахь «Дезачу цхьаьнакхетаран тӀом», хун. «Kutsal İttifak Savaşları») — керстанийн пачхьалкхийн бартана а, Iусманийн шуренна а йукъахь хила болу герзан баккхамаш. Перенгаш цу барте йукъа ца бевлира, xlyнда аьлча Перенгийчоь дагахь йара 1673-чу шарахь куьцан перенгийн-хункархойн пачхьалкхийн цхьаьнакхетаралла денйан хункархой шайн олаллехь долчу латтанаш тlepчу католикийн ларбархо Луьдовик хила къера хилийта.
Силаболу Хункархойн тloм дlaбелира lyсманийн шурено Эна Мажаройчоь а, Трансилвани а йайъарца, цхьана хенана цо дукха чloгla хункархойн тleман ницкъ гleлбира. Кху тlaмехь кхул хьалха цкъа бийцина боцу машар бийца гloьртира шайн мостагlaшца lуьсманийн шуре.
Коьрта боьду австрихойн-хункархойн тloм боцург цаьрца цхьаьна бара боьдуш полаькийн-хункархойн а (1683–1699), хункархойн-вендахойн а (1684—1699),оьрсийн-хункархойн а (1686—1700) тleмаш. Ткъа Дехьа-Европехь Перенгийчоьно болабира перенгийн-испанхойн тloм (1683—1684) а, Аугсбурган цхьаьнакхетаран исс шеран тloм а.
Бахьанаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]
1654—1667-чу шерашкара оьрсийн-полаькийн тloм дlaбаьллачул тlaьхьа xlинцалерчу Украйнмехкан латтанаш деккъа дара Паччахьан Оьрсийчоьно а, Реч Посполитас а. 1666-чу шарахь аьтту xийистерчу Украйнмехкан гетман волу Поьтр Дорошенко ша хункаран сардал ву аьлла тleлецира шайн кера шаболу Украйнмохк кераберзабархьама. Цо йукъаозира lyсманийн шуре Украйнмахкахь доллуче. Реч Посполитас хункаран сардална дуьхьал сураш дахийтина аьлла lусманийн шурено 1672-чу шарахь Подоле йоккхур болу цунна дуьхьал тloм болабира. Ницкъийн базам хийцабаларо йукъаозира кхуза Оьрсийчоь, цу тlepa дla болабелира 1681-чу шарахь 20 шарана машар бен чlaгlaмо сацийр болу керла оьрсийн-хlункархойн тloм.
Ткъа оццу хенахь кхаа декъе беккъа болчу Мажаройн махкахь хьал гloьртуш дара. 1-ра Леополд паччахь гleрташ вара «Паччахьан Мажаройчоьнехь» къоман бертан мехк-урхалла хийца шегахь бен leдал керахь хир доцуш. Кхузарчу протестанташ болчу мажарошна хlункархоша шаьш лар гloле хийтира шайга гамо йолчу Габсбургел а, цундела уьш дlaловчкъа гleртара lусманийн карахь йолчу Элийн Трансилванехь. 1678-чу шарахь лакхара Мажаройчоь карайерзина калвинист волу мажаройн оьзда Имре Тоькоьли хаьржинера протестантийн тхьамда дарже. Цу хенахь Леополд кхийтира ша мажарошна лелориг шена зен деш ду, цундела 1680-чу шарахь Тоькоьлица машар бира цо, ткъа 1681-чу шеран xlутосург баттахь цо мажаройн ша-шена урхалла дар а, кхин дин ладала а аьттонаш бар дуьйцу конгресс йира. Тоькоьлис реза а ца хила цу гуламе ваха хонкаре дlaхьедар дира цхьаьнагlуллакхдан дехарца. 1682-чу шо дlaдолалучехь Имре Тоькоьли къобалвинера lусманийн шуренан сардал ву аьлла.
1684-чу шарахь Габсбургийн-Iусманийн Вашваран машаран чlагlaман хан чекхйолуш йара, йуха габсбургийн векал и кхин а йаххо дийца веъча цо тидам бира хlункархой кийча боций и хаттар дийца. Реч Посполита гleл а йина, Паччахьан Оьрсийчоьнца машар а бина, Тоькоьлин гlo долчу хlyнкархошна сацийра шайгахь дика аьтто буй Габсбургашна тleлата.