Сийлахь волу Николайн цӀарах ХӀорданан килс

59°59′30″ къ. ш. 29°46′40″ м. д.HGЯO
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Сийлахь меттиг
Сийлахь волу Николайн цӀарах ХӀорданан килс

Ставропигиальный морской собор

Николая Чудотворца
59°59′30″ къ. ш. 29°46′40″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Оьрсийчоь
ГӀала Кронштадт
Лаьтта меттиг 1, Якорни майда
Дин Ортодоксан Керсталла
Епархи Петарбухан (ставропигиалан)
Архитектурин хатӀ неовизантийн
Проектан автор В. А. Косяков
Архитектор Василий Антонович Косяков[d]
Йиллинарг вице-адмирал Н. И. Казнаков а; протопресвитер Александр (Желобовский) а
Дуьххьара хьахор 1897-гӀа шо
Йиллина терахь 1913 шо, асаран беттан (июнь) 23-гӀа де
Реликвеш а, сийлаллаш а Веза-воккхачу Николайн декъий
Статус  ОТӀО № 7810287000№ 7810287000
Локхалла 70 метр
ГӀирс гранит[d]
Хьал килс а, музейн экспозици а
Сайт kronshtadtsobor.ru
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Ӏаламаташ деш волу Николайн Эвлаяан цӀарах хӀорданан килс (оьрс. Морско́й собо́р святи́теля Никола́я Чудотво́рца) я Николан ставропигиалан ХӀорданан зиярт (оьрс. Никольский ставропигиальный Морской собор)- Россин имперехь йина тӀаьххьара а, уггаре йоккха а хӀордан килс ю. ГӀишло яран мур- 1903-гӀа-1913-гӀа шераш. Ленинградан областехь, Кронштадт шахьрехь лаьтташ ю. Килсан неовизантийн куц ду. Проектан архитектор ву Косяков В. А..

1910-чу шарахь архитектор волу Косяков Василийс яздора:

«1902-чу шарахь дуьйна Кронштадтехь ХӀордан килс яран белхаш деш ду- иза шай гӀуллакхан декхар кхочушдеш дӀакхелхина болу флотан чинашан хӀоллам хир бу. Лакхара указо къобалйина проектаца юттуш ю зияртан гӀишло. Белхаш сихха дӀадахар тергаме эцна императоран возаллаш».

Оьрсийчоьнан Ортодоксан Килсан Петарбухан епархин долехь ю. Кронштадтан благочинин гонан йукъайогӀуш ю.

Патриархан нийса дӀа муьтӀахь хилар а маьӀна ду зияртан ставропигиалан хьал хилар.

2013-гӀа шеран хӀутосург-баттахь (май) дуьйна Оьрсийнчоьнан ТӀеман-хӀорданан флотан коьрта килс санна а, Петарбухан епархин ТӀеман благочинин гонан йукъ санна а лоруш ю.

Динан дай[нисйе бӀаьра | нисйе]

Килсан мозгӀарш
Терахьаш МозгӀарш
1913-1918 шеран гӀуран бутт (декабрь) протоиерей Василий Иоаннович Погодин ( вина шо 1862—кхелхина 1918-чу шеран гӀуран-бутт)
1919-чу шеран кхолламан-бутт (январь) — 1919 шеран мангалан-бутт (июль) мозгӀар Венедикт (Плотников) (в.ш.1872-1937-чу шарахь тоьпаш тоьхна вийна )
1919-чу шеран мангалан-бутт 3-гӀа де — 1920-чу шеран чиллин-бутт (февраль) мозгӀар Братолюбов Василий Матвеевич (1873-1921-чу шеран бекарг-беттан (март) 28-гӀа де, тоьпаш тоьхна вийна)
1920-чу шеран чиллин бутт (февраль) — 1920-чу шеран хӀутосург-бутт (май) митра йолу протоиерей Павел Виноградов, 1920-чу шарахь набахте хьажийна, 1938-чу шарахь тоьпаш тоьхна вийна
1920-чу шеран хӀутосург-бутт (май) — 1921-чу шеран бекарг-бутт (март) мозгӀар Василий Братолюбов (1921-чу шарахь тоьпаш тоьхна вийна)
1921-чу шеран бекарг-бутт (март) — 1927 протоиерей Иосиф Антонович Чепик
1927-чу шеран хӀутосург-бутт- 1929-чу шеран эсаран-беттан (октябрь) 14-гӀа де протоиерей Михаил Кравченко
1929-чу шеран эсаран беттан 14-гӀа де—2005 шо Зиярт болх беш дацар
2005-чу шеран эсаран-бутт —2014 ш. протоиерей Мельник Святослав Викторович (вина 1965 шарахь)
2014-чу шеран хӀутосург-беттан (май) 16-гӀа де — таханлера зама архимандрит Алексий (Ганьжин) (вина 1960 ш.)

Архитектура[нисйе бӀаьра | нисйе]

Коьрта (малхбузера) фасад
архитектор Василий Косяков
Пурх хададар
архитектор Василий Косяков
Барельефан проект «Альфа а, Омега а»
Косяков Василий а, Георгий а
ЧӀурамхӀотторг
Косяков Василий а, Георгий а