Сийлахь волу Николайн цӀарах ХӀорданан килс

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Сийлахь меттиг
Сийлахь волу Николайн цӀарах ХӀорданан килс

Ставропигиальный морской собор

Николая Чудотворца
2020 Кронштадт, Никольский Морской собор DSC04803.jpg
59°59′29″ къ. ш. 29°46′40″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Оьрсийчоь
ГӀала Кронштадт
Лаьтта меттиг 1, Якорни майда
Дин Ортодоксан Керсталла
Епархи Петарбухан (ставропигиалан)
Архитектурин хатӀ неовизантийн
Проектан автор В. А. Косяков
Архитектор Василий Антонович Косяков[d]
Йиллинарг вице-адмирал Н. И. Казнаков а; протопресвитер Александр (Желобовский) а
Дуьххьара хьахор 1897-гIа шо
Йиллина терахь 1913 шо, асаран беттан (июнь) 23-гIа де
Реликвеш а, сийлаллаш а Веза-воккхачу Николайн декъий
Статус Wiki Loves Monuments logo - Russia - without text.svg ОТӀО № 7810287000№ 7810287000
Локхалла 70 метр
Материал гранит[d]
Хьал килс а, музейн экспозици а
Сайт kronshtadtsobor.ru
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Ӏаламаташ деш волу Николайн Эвлаяан цӀарах хӀорданан килс (оьрс. Морско́й собо́р святи́теля Никола́я Чудотво́рца) я Николан ставропигиалан ХӀорданан зиярт (оьрс. Никольский ставропигиальный Морской собор)- Россин имперехь йина тӀаьххьара а, уггаре йоккха а хӀордан килс ю. ГӀишло яран мур- 1903-гӀа-1913-гӀа шераш. Ленинградан областехь, Кронштадт шахьрехь лаьтташ ю. Килсан неовизантийн куц ду. Проектан архитектор ву Косяков В. А..

1910-чу шарахь архитектор волу Косяков Василийс яздора:

«1902-чу шарахь дуьйна Кронштадтехь ХӀордан килс яран белхаш деш ду- иза шай гӀуллакхан декхар кхочушдеш дӀакхелхина болу флотан чинашан хӀоллам хир бу. Лакхара указо къобалйина проектаца юттуш ю зияртан гӀишло. Белхаш сихха дӀадахар тергаме эцна императоран возаллаш».

Оьрсийчоьнан Ортодоксан Килсан Петарбухан епархин долехь ю. Кронштадтан благочинин гонан йукъайогӀуш ю.

Патриархан нийса дӀа муьтӀахь хилар а маьӀна ду зияртан ставропигиалан хьал хилар.

2013-гӀа шеран хӀутосург-баттахь (май) дуьйна Оьрсийнчоьнан ТӀеман-хӀорданан флотан коьрта килс санна а, Петарбухан епархин ТӀеман благочинин гонан йукъ санна а лоруш ю.

Динан дай[нисйе бӀаьра | нисйе]

Килсан мозгIарш
Терахьаш МозгIарш
1913-1918 шеран гIуран бутт (декабрь) протоиерей Василий Иоаннович Погодин ( вина шо 1862—кхелхина 1918-чу шеран гIуран-бутт)
1919-чу шеран кхолламан-бутт (январь) — 1919 шеран мангалан-бутт (июль) мозгIар Венедикт (Плотников) (в.ш.1872-1937-чу шарахь тоьпаш тоьхна вийна )
1919-чу шеран мангалан-бутт 3-гIа де — 1920-чу шеран чиллин-бутт (февраль) мозгIар Братолюбов Василий Матвеевич (1873-1921-чу шеран бекарг-беттан (март) 28-гIа де, тоьпаш тоьхна вийна)
1920-чу шеран чиллин бутт (февраль) — 1920-чу шеран хIутосург-бутт (май) митра йолу протоиерей Павел Виноградов, 1920-чу шарахь набахте хьажийна, 1938-чу шарахь тоьпаш тоьхна вийна
1920-чу шеран хIутосург-бутт (май) — 1921-чу шеран бекарг-бутт (март) мозгIар Василий Братолюбов (1921-чу шарахь тоьпаш тоьхна вийна)
1921-чу шеран бекарг-бутт (март) — 1927 протоиерей Иосиф Антонович Чепик
1927-чу шеран хIутосург-бутт- 1929-чу шеран эсаран-беттан (октябрь) 14-гIа де протоиерей Михаил Кравченко
1929-чу шеран эсаран беттан 14-гIа де—2005 шо Зиярт болх беш дацар
2005-чу шеран эсаран-бутт —2014 ш. протоиерей Мельник Святослав Викторович (вина 1965 шарахь)
2014-чу шеран хIутосург-беттан (май) 16-гIа де — таханлера зама архимандрит Алексий (Ганьжин) (вина 1960 ш.)

Архитектура[нисйе бӀаьра | нисйе]

Kronstadt cathedral facade west.jpg Kronstadt cathedral cutaway.jpg Kronstadt cathedral detail (1).jpg Kronstadt cathedral detail (3).jpg
Коьрта (малхбузера) фасад
архитектор Василий Косяков
Пурх хададар
архитектор Василий Косяков
Барельефан проект «Альфа а, Омега а»
Косяков Василий а, Георгий а
ЧӀурамхӀотторг
Косяков Василий а, Георгий а