Сийлахь ЙоӀстаг йолу Марьям цIена берах хиларна килс

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Сийлахь меттиг
Сийлахь ЙоIстаг Марьям цIена берах хиларна килс
оьрс. Собор Непорочного Зачатия Пресвятой Девы Марии
Moscow Immaculate Conception Church asv2019-06 img1.jpg
55°46′01″ къ. ш. 37°34′17″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Росси
ГӀала Москва
Лаьтта меттиг Малая Грузинская урам
Дин Католицизм
Епархи Делан Ненан епархи
Архитектурин хатӀ неоготика
Архитектор Фома Богданович-Дворжецкий
Йиллина терахь 1911 шеран 21 декабрь
ГӀишлоъяр 19011911 шераш
Статус Wiki Loves Monuments logo - Russia - without text.svg ОТӀО № 7710184000№ 7710184000
Хьал Болх беш ю
Сайт catedra.ru
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Сийлахь ЙоӀстаг йолу Марьям цӀена берах хиларна килс (оьрс. Собор Непорочного Зачатия Пресвятой Девы Марии)- Москвахь неоготикан кепехь килс ю. Адрес: Москох, Юккъера административни го, Малая Грузинская урам, 27/13 цӀено.

Оьрсийчоьх уггаре йокхха католикийн зиярт ду иза. Митрополит Паоло Пеццис куьйгалла деш йолу Делан Ненан архиепархин коьрта килс ю. Москвахь кхоъ католикийн килс ю Сийлахь Людовикан килс а, Сийлахь Ольгин килс а, Сийлахь ЙоӀстаг йолу Марьям цӀена берах хиларна килс а. 1917-гӀа кхачале йина кхоалгӀа москван католикийн килс.

Килсехь оьрсийн а, полякийн а, корейн а, ингалсан а, французийн а, испанийн а, латинийн а меттанашкахь месса йо. Иштта а тридентан а, эрмалойн низамца а месса кхочуш йо.

Цул сов, кхузахь кегийнах гулло, катехизацин курсаш ю, органийн а, килсан а, классикан а, рок-музыкин а сагӀийн концерташ ло.

Килсан чохь библиотека а, килсан туька а, «Каритас» гӀоьналлин организацин региональни дакъа а, «Диканан исбаьхьалла» («Искусство добра») цӀе йолу гӀоьналлин фонд а ю.