Чулацаман тӀегӀо

Сийлахь-Даккхий географин белламаш

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Кантинон планисфера (1502), дисинчех уггаре шира португалин навигацин карта, цуо гойту Васко да Гамин, Колумб Христофоран, кхечу талламхойн экспедицийн жамӀаш. Цунна тӀехь гайтина Тордесильян бертаца португалин а, испанин а дуьненан эхигаш йоькъу меридиан.

Си́йлахь-Да́ккхий геогра́фиин бе́лламашXV бӀешарахь болабелла XVII бӀешо кхаччалц лаьттина адамаллин историн мур. Оцу муьрехь европахоша махлело керла адамаш лоьхуш Европехь чӀогӀа хьашт долу сурсатийн хьосташ лоьхуш, дӀадиллира керла латтанаш, Африке, Америке, Азе, Океане доьлху керла хӀордан некъаш. Историкаша дукха хьолехь «Сийлахь-Даккхий географин белламаш»[1][2] туху португалин а, испанин а новкъахоша дуьххьара дехкинчу генара хӀордан альтернативан «ХӀинде» деши, дети, чамбийриш кхехьа махлелоран некъашца[3].

Ша географин белламан кхетам боьзна бу махлелоран а, политикин а Ӏалашонца нийса болу географин хаамаш иэшарца. Хьалха цхьацца некъаш баран жамӀаш (масала, Викингаш Америке эхаран), йа шуьйра къобал ца дора, йа кӀеззиг бен ца хуьйцура йукъахь лелаш долу мифологин дуьненан сурт. Европехь техника кхиаро таро йелира хӀордаш чухула гена некъ бан, ткъа махлелор кхиаро — цунна оьшу хаарш хьашт хилар[4].

Португалхоша гуттаренна толлура Африкин атлантикин бердаш, 1418 шарахь паччахьан кӀенто Генриха доладеш, тӀаьххьара, 1488 шарахь, Африкин гуо тесна ХӀиндин Ӏапказ чу бахара. 1492 шарахь Азе боьду махлелоран некъ лоьхуш испанхойн паччахьо Колумб Христофоран «ХӀинди» лохуш малхбузехьа Атлантикин Ӏапказ чухула ваха план къобал йира, цуьнан жамӀехь дӀадиллира керла дуьненан дакъа. Испанин а, Португалин а йукъара дов сацо Ӏалашо йолуш Тордесильян барт бира, цуьнца дуьне дийкъира шина декъе, цуьнца хӀора агӀонна йелира цара дӀадоьллу латтанашна эксклюзиван бакъонаш.

1498 шарахь куьйгаллехь Васко да Гама волу португалин экспедици кхачайелира Африкин гуо тесна ХӀинде, иштта биллира дуьхьала болу Азе некъ. Дукха хан йалале португалхой кхин а гена малхбалехьа бахара, 1512 шарахь Цийчу охьабиссина, кхин а шо даьлча кхечира «Чамбечеран гӀайренашка». 1522 шарахь испанин гӀуллакхехь волчу португалхочун Магеллан Фернанан экспедици, йахара малхбузе, дуьненахь дуьххьарлера дуьненна гуо тесира. Оцу хенахь испанхойн конкистадораш америкин континент толлуш бара, ткъа тӀаьхьуо Тийна Ӏапказан къилбехьара цхьацца гӀайренаш а.

1495 шарахь французаш а, ингалсхой а, мелла а тӀаьхьа, голландхой къийсабала буьйлира керла латтанаш схьаделларехь, иберин хӀордан махлелоран некъийн монополица. Цара толлура керла маршруташ, хьалха къилбаседехьара, цул тӀаьхьа Тийна Ӏапказ чухула Къилба Америкин гуо тосуш, амма тӀаьххьара португалхошна тӀаьхьа бахара Африкин гуотесна ХӀиндин Ӏапказ чухула, 1606 шарахь дӀайиллира Австрали, 1642 шарахьКерла Зеланди, 1778 шарахьГавайн гӀайренаш. Оццу хенахь 1580-1640-гӀа шерашкахь оьрсийн новкъахоша дӀа а йиллина карайерзийра йерриг аьлча санна Сибрех.

Сийлахь-Даккхий географин белламаша гӀодира Йуккъера бӀешерашкара Керла замане дехьадовла, Йухадендаран муьрца а, европин къоман пачхьалкхийн айамца цхьаьна. Генарчу латтанийн карташ, даржадора Гутенберга йина зорбанан чархаца, цара таро йира гуманистийн дуьне гайтарехь, гуонахьа дерг гар шордарехь, кхоьллира Ӏилманан а, интеллектан а керла мур. Европахой керла латташка гӀортаро кхоьллина айира колонин импереш, Шира а, Керла а Дуьненашна йукъаметтигашкахь хуьлура колумбан хийцар: дуьненна тӀехула лелара ораматаш, дийнаташ, дааран сурсаташ, дийнна къаьмнаш (царна йукъахь лайш), инфекцин цамгарш, кхин а цивилизацешна йукъахь йевзара тайп-тайпанна оьздангаллаш, иза бара ладамечех цхьа мур экологин глобализацехь, йуьртан бахаман а, оьздангаллин исторехь. Европин белламаш(ингалс.) кхин дӀа а хилира Сийлахь-Даккхий географин белламийн муьрал тӀехьа, цуьнан жамӀехь дуьненан горгалан тӀехале картин тӀейаьккхинера, ткъа генара цивилизацийн таро хилира вовшашца цхьаьнакхета.

Таронаш (1241—1437)

[бӀаьра нисйан | нисйан]
1453 шарахь дарин некъ а, чамбечеран некъ а бихкира Ӏусманан империс, цунах бахьна хилира керла хӀордан махлелоран некъаш лаха

ЙуккъерабӀешерашкахь европахошна Византийн империл дехьара Ази гар Македонин Искандар заманара легендаш хилла цхьацца хаамашна тӀетевжина дара. Кхин хьост дара радхониташ, жуьгтийн совдегархой, цара махлелабора европин а, бусалбанийн а цивилизацешна йукъахь жӀарахойн пачхьалкхийн заманахь.

1154 шарахь сицилин паччахьан Рожер II-гӀачун кертахь болх беш волу Ӏаьрбийн географо(ингалс.) Ал-Идрисис, йазйина оцу хенахь девзаш долу дуьненан картин тӀехь комментареш, оцу заманахь девзара Рожеран жайна санна,[5][6] амма Африка дакъошкахь ца йевзара керстачеран, генуйахойн а, венецин а, кхин а Ӏаьрбойн хӀордахошна бен, ткъа континентан къилба дакъа теллина дацара. Европехь Саьхьарин дехьара йаккхий африкин пачхьалкхех лаьцна дийцахь а, фактехь европахойн хаарш чекхдовлура латтайуккъерахӀордан бердашкахь. Ткъа Ӏаьрбаша къилбаседа Африка йаьккхинчул тӀаьхьа, цуьнан латта тӀера талламаш бан а ца лора. Африкин атлантикин бердйистех хаарш дуьззина дацара, ткъа церан хьосташ дара коьртаниг шира(ингалс.) желтойн а, руман а карташ, карфагенхойн хаарийн бух тӀехь дина, царна йукъахь румо Мавритани йаккхаран заманера а. ЦӀен хӀордах лаьцна европахошна кӀезиг хаара, йеккъа хӀордийн республикийн, коьртаниг Венецин махлелоран уьйранаша дузура, хӀордан некъех лаьцна хаарш.[7]

XV бӀешарахь Европин гӀалин бахархой хаъал тӀекхийтира, цуо пхьоланаш а, махлелор а кхиаран таро йира. Дуьненайукъара йохк-эцар эвсара йолура. ЖӀарахойн тӀелетарш бахьнехь Малхбален мехкашца хӀиттира онда махлелоран уьйранаш, цигара Европе кхоьхьура хӀазнаш а, чамбийриш а. Оцу хенахь йевзаш йолу деши (уггаре йаккхий — мажарийн Кремницехь) а, дети (уггаре йаккхий — саксонин Гарцехь а, Фрайбергехь а, мажарийн Шемницехь) а киен йеллера ала мегар дара, Европин пачхьалкхашна нахарташ дан ца тоара мехала металлаш. Цул сов, ЛаттайуккъерахӀордан кӀошт чӀогӀа йуьзина йара бахархойх.

XV бӀешарахь жайнин зорба тохар йукъадаларца йаьржира техникин а, философин литература, тӀехь-тӀехьа сов долура атта механизмаш а, энергин керла хьосташ а лелор. Йаьржира Аристотелан а, Эратосфенан а ойланаш, масала, ХӀинди кхачалур ду малхбузехьа Ӏапказ чухула дахча.

Йаккхий тоьпаш а, долу герз а йукъадаларо таро йира генара новкъан кхерамазалла чӀагӀйан. XV бӀешарахь йукъадолу керла тайпанна гатанан кема — каравелла. И кеманаш чӀогӀа дика дара беха хӀордан некъ бан: уьш даккхий дацара, йоккха экипаж йацара, амма йоккха трюм йара. Цул сов лело атта а дара и кеманаш ца бевзу бердашца.

Картографехь керла кхиамаш бира. Карташ нисдира, царна тӀе шораллаш хӀиттийра, бердийн суьрташ хӀиттийра, порташ йолу меттигаш хӀиттийра (иштта картех олура портулан). Навигацехь лелайора компас а, астроляби а, церан дикалла хаъал тойелира XVI бӀешарахь.

ӀусмангӀар Балканаш йахаро а, Жима Ази (хӀинца — Туркойчоь) йаккхаро европахошна хьалхалера малхбален махлелоран некъаш (латтан тӀехула а, хӀордан чухула а) хала дара. Амма Малхбалеца мах лелоро йаккхий санаш лора (700—800 % пайда), цундела алсамболура хӀордан маршрут каро лаам (малхбален йа малхбузен) ХӀинде а, Цийчу а.

Йуккъера бӀешерашкахь некъаш бар

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Сийлахь-Даккхий географин белламийн муьрал хьалха, тӀаьхьара Йуккъера бӀешерашкахь хилира Евразин латтан тӀехула чекхбевлла цхьа могӀа европахойн экспедици.[8] Европин монголаш тӀелатаран кхерам хиларе хьаьжна ца Ӏаш, кхерам бара мехкан талораш дан, гӀишлош йохоран Европа реза йара Азица мах лело, монголийн пачхьалкхаш а иштта лууш йара континент тӀехула махлелоран уьйранаш таса, 1206 шарахь дуьйна, Pax Mongolica латтайора кхерамзалла махлелоран некъашкахь Йуккъера Малхбалера Цийчу кхаччалц.[9][10] Цхьаболу европахоша лелабора и аьтту малхбале некъ бархьама. Дукхаха берш царех италихой бара, хӀунда аьлчаЕвропин а, Йуккъера Малхбален а йукъара йохк-иэцар лелош берш коьртаниг хӀордан республикашкара бара. Италин гӀала-пачхьалкхийн Левантаца йолу чӀогӀа уьйранаша таро йира Генара малхбален мехкашца йолу коммерции хазйан.

Монголаш Шема чубаханчу хенахь Каракоруме хьажийна керстачеран вакилаташа, гӀо дира европахошна дуьненах долу шайн хаарш шордан. Дуьххьарлера иштта новкъахо хилира папас Иннокентий IV-чо 1241 шарахь каган волчу Монголе хьажийна, 1247 шарахь йуха веина Карпини Джованни Плано.[9] Оццу хенахь оьрсийн эла Ярослав Всеволодович, ткъа тӀаьхьа цуьнан кӀентий ӀНевский Александр а, Андрей Ярославич а хилира монголин коьрта шахьрахь. Амма ладаме политикин маьӀна доллушехь, оцу миссех ца дисина ма-дарра дуьйцу тептарш. Царна тӀаьххьа бахара кхин новкъахой, царна йукъахь француз Андре де Лонжюмо а, фламандхо Гильом де Рубрук а, уьш Цийчу кхечира Йуккъера Азехула.[11] Амма уггаре гӀараваьлларг царех хилира Марко Поло. Венецин совдегархочо дӀайаздира ша 1271 – 1295 шерашкахь Азехула бинчу новкъах дерг, Йерриг Европо доьшу шен «Дуьненан Ӏаламатийн жайнахь» дӀайаздина дийцира Юанан урхалчин Хубилайн кертахь хиларх лаьцна.[12]

Марко Полос некъбар (1271—1295)

1291 шарахь вежарий-совдегархой ВивальдигӀара гӀоьртира дуьххьара Атлантикин Ӏапказ талла. Генуйара новкъа бевлира шина галера-кеманахь, уьш тӀепаза байра магӀрибан бердашкахь, оцу гӀуллакхо Ӏапказ чухула леларан кхерам чӀагӀбира.[13][14] 1325 – 1354 шерашкахь магӀрибан Танжерера Ӏилманчо Ибн БаттӀутӀахӀа, некъбира Къилбаседа Африкехула, Къилба Европехула, Йуккъера Малхбалехула а, Азехула а, Цийчу а кхечира. ЦӀавирзинчул тӀаьхьа цуо шен хиламех чот йира Тунисехь цунна дуьхьала кхеттачу Ӏилманчанна[15]. 1357—1371 шерашкахь Европехь чӀогӀа гӀараделира Джон Мандевилан хила тарло некъех лаьцна жайна. Тешаме доцушехь, кхин тӀе фантастикера суьрташ хӀиттийнашехь, иза леладора йукъара кхетамна[16] Малхбалехь, Мисрехь, Левантехь, цуо тӀечӀагӀдора шира сурт, Къудс-ГӀала дуьненан йукъ йу бохуш.

1400 шарахь Константинополера Итале кхаьчна латинан матте гочйина Птолемейн Географеш. Руман географин хаарш дендар бакъ болу беллам бара европахошна,[17] цуо ХӀиндин Ӏапказан гуонаха латта ду боху ойланна тӀехь уьш чӀагӀбиннашехь. Цул тӀаьхьа ТимургӀеран Европица йукъаметтигаш(ингалс.) йолу мур беира, 1439 шарахь Конти Никколос бусалбанийн совдегар хила ХӀинде а, Къилба-малхбален Азе а некъбарх чоьтан зорба туьйхира. Цул тӀаьхьа 1466—1472 шерашкахь Тверера оьрсийн совдегархо Афанасий Никитина некъ бира ХӀинде, цунах лаьцна йаздина Кхаа хӀордал дехьа вахар цӀе йолу жайна.

Европин экономикера хийцамаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Хьажа кхин а: Коммерцин революци
Хьажа кхин а: Нидерландийн Ренессанс(ингалс.)
Керла белламийн доккхаха долу дакъа йукъалоцу Кеплер Иоганнан (1627) Рудольфин таблицашкара дуьненан карта

Европин базаршкахь дукха тайп-тайпана хӀордал дехьара сурсаташ даржарна, ламаста хазаллин хӀумнийн европин базаршкахь дерриг сецира. Атлантикин махлелоро ладамечу тӀегӀанехь аратеттира италихойн а, немцойн совдегархой, уьш лелара балтикин, оьрсийн, бусалбанийн махлелоран новкъа. Керла сурсаташ социалан хийцамаш бира, масала шекаро, чамбечара, дарис, фарфоро ладаме хийцира Европин хазаллин сурсатийн базарш.

Европин экономикера хийцамаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Европин экономикин йукъ дехьайелира ЛаьттанйуккъерахӀордйистера Малхбуза Европе. Брабант герцогаллин йукъайогӀу Антверпен гӀала, йерриг дуьненайукъара экономикин "йукъ а хилира,[18] оцу заманан Европин уггаре хьал долу гӀала а хилира.[19] Антверпенехь доладелла Амстердамехь кхин дӀадаьхьна «Голландин дешин бӀешо» чӀоггӀа доьзна ду Сийлахь-Даккхий географин белламашца. Венецин векало Гвиччардини Франческос, йаздина, хӀора дийнахь бӀенаш кеманаш чекхдовлу Антверпенехула, хӀора кӀирнаха гӀала кхочу 2000 ворда. бурчах а, корицех а доьттина португалхойн кеманаш, бассора шайн мохь. Антверпенан экономика кхечу махкахойн карахь йара: гӀалахь бехара шортта Венецин, Рагузийн, Испанин, Португалхойн совдегарш, ткъа динан толеранталло йалийра ортодоксан жуьгтийн йоккха йукъаралла. Шен дешин бӀешарахь гӀала кхузза айайелла, хьалхарниг йоьзна йара бурчан базарх, шолгӀаниг айира Севильйахула деина америкин детис, (и айам чекхбелира 1557 шарахь Испанин банкрот хиларца), кхоалгӀа айам хилира 1559 шеран Като-Камбрезийн машар бича, иза боьзна бара кӀадеш дарца.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Mancall 1999, pp. 26—53.
  2. Parry 1963, pp. 1—5.
  3. Arnold 2002, p. 11.
  4. Великие географические открытия (РИЭ, 2016). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 6 июль. Архивйина 2018 шеран 6 июлехь
  5. Houben, 2002, pp. 102—104.
  6. Harley & Woodward, 1992, pp. 156—161.
  7. Abu-Lughod 1991, p. 121.
  8. silk-road 2008, web.
  9. 1 2 DeLamar 1992, p. 328.
  10. Abu-Lughod 1991, p. 158.
  11. Mancall 2006, p. 14.
  12. Mancall 2006, p. 3.
  13. Parry 2006, p. 69.
  14. Diffie 1977, pp. 24—25.
  15. Dunn 2004, p. 310.
  16. Mancall 1999, p. 36.
  17. Arnold 2002, p. 5.
  18. Braudel 1985, p. 143.
  19. Dunton 1896, p. 163.

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Первоисточники
Исследования
Интернет-источники