Сергеев, Иван Фёдорович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Иван Фёдорович Сергеев
Вина терахь 1916 шеран 14 февраль({{padleft:1916|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:14|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1993
Кхелхина меттиг:
Эскаран тайпа артиллери[d]
Дарж младший лейтенант[d]
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза
орден Ленина орден Отечественной войны орден Отечественной войны I степени орден Отечественной войны II степени орден Красной Звезды орден Славы III степени

Иван Фёдорович Сергеев (1916 шеран 14 февраль, Берёзовка, Семилукин кӀошт1993, Соьлжа-ГӀала) — артиллерист, лахара лейтенант, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Советски Союзан Турпал.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Сергеев винера 1916 шеран 14 февралехь Берёзовка йуьртахь (хӀинца Воронежан областан Семилукски кӀошт) ахархон доьзаллехь. Цо ворхӀ шаран школа чекхйаьккхира, Бакун эчиг некъахь болх бира. 1937—1939 шерашкахь ЦӀен Эскарехь вара. 1941 шеран декабрь дуьйна Сергеев фронтехь вара. 1943 шо дуьйна КПСС декъашхо[1].

Сергеев вара 2-гӀа Украинан фронтан 52-гӀа армин 31-гӀа кхиссархойн дивизин 32-гӀа артиллерин полкан йоккха тоьпан наводчик а, куьйгалхо а. 1944 шеран 1 апрелехь Пырлица йуьртан уллехь (Молдавин Бельски областин Корнештински кӀошт) хилла тӀамехь сержант Сергеев вара мостагӀийн герз даьтта меттанаш а, салтий а хӀаллакбеш. Иштта цо хӀаллакбира 70 гергга мостагийн салтий а, эпсарш а. 1944 шеран 13 сентябрехь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца Сергеевн Советски Союзан Турпалан цӀе йелира[1].

1945 шарахь Сергеевс чекхйаьккхира лахара лейтенантан курсаш. 1946 шарахь иза тӀаьхьаллоне велира. Цул тӀаьхьа иза вара Дагестанан АССРн ГӀизларан горкоман куьйгалхо, тӀаккха — Соьлжа-ГӀалин эчиг некъан станцин парткоман секретарь[1].

1946 шо дуьйна Соьлжа-ГӀалахь Ӏаш вара. 1992 шарахь и Ӏаш волчу Дудаевн тӀемлой схьааьхьа болабелира. Уьш бара Сергеевн тӀеман совгӀташ схьайаккха гӀерташ. 1993 шеран январехь йуха а бехкина тӀемлойш Сергеевн йиттира. Цул тӀаьхьа цунна хилла чевнаш бахьнехь иза велира. Цуьнан зудчунна божалчохь Ӏан дийзира. Сергеевн зуда лулахой гӀонца кӀелхьар йелира. Цхьа хан йаьлча иза Соьлжа-ГӀалара дӀайаха дийзира[1].

Дагахьлаттавар[нисйе бӀаьра | нисйе]

2013 шеран 14 февралехь (Ростов-на-Дону гӀала мостагӀех мукйаккхаран де) цу гӀалахь хилира акци «[У]Лица Победы» тӀема турпалаш дагабоуьйтуш. Оцу турпалхойн йукъахь Сергеев а вара[1].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Сергеев Иван Фёдорович // Советская Молдавия: краткая энциклопедия / Вартичан И. К. — Кишинёв: Главная редакция Молдавской советской энциклопедии, 1982. — С. 563. — 709 с.
  • Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1988. — Т. 2 /Любов — Ящук/. — 863 с. — 100 000 экз. — ISBN 5-203-00536-2.
  • Золотые Звёзды Чечено-Ингушетии. — 3-е изд., доп. — Грозный, 1985. — С. 141—146.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]