Седарчийн гуламаш

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
«Большой Медведицы» седарчийн гулам Гевелий Янан атлас техь (куьзганан сурт)

Седарчийн гуламашседарчийн стигалахь ориентированин аьттонна стигалан сфера йекъна, таханлера астрономин дакъош. Ширачу заманахь седарчийн гулам олура къегина седарчийн амалан кепех.

МаьӀна[нисйе бӀаьра | нисйе]

Седарчийн гуламашкара къегина седарчий Мелханна тайп-тайпана гена ду

Стигалан сферехь вовшашна кегийра маьӀиган йукъаметтигашкахь го седарчий, кхолхабараман йесаллехь вовшашна чӀогӀа гена хила тарло. Иштта, цхьана гуламехь хила тарло Дуьненна чӀогӀа гергара а, чӀогӀа генара а седарчий, вовшашца цхьан уьйр а йоцуш.

Тергонан астрономин стигал седарчийн гуламашка йекъаран маьӀна доллу, уггаре къегина седарчийн амале контурашна йукъахь йолу объект, муьлхачун йукъахь йу хууш хилча, каро атта ду[1].

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

XVII бӀешеран Голландин картографан де Вит Фредерикан[en]седарчийн картин тӀера седарчийн гуламаш

Ширачу заманахь адамашна гора седарчий латтарехь цхьа система, цуьнца тобанаш йора седарчийн гуламаш беш. Историн йохаллехь тергончаша билгалбохура седарчийн гуламан тайп-тайпана барам а, церан кеп а, цхьаболу гуламийн шира цӀераш чаккхенца маьӀна даьккхина а йац. XIX бӀешо кхаччалц гуламаш стигалан областаш ца кхетайора, ткъа седарчийн тобанаш кхетайора, уьш дукха хьолехь вовшен къевлина а хуьлура. Цу тӀе цхьадолу седарчий нислора, шина гулам йукъа, ткъа седарчийн къоьла йолу стигал цхьанне гулам йукъахь ца хуьлура. XIX бӀешо долалуш гуламашна йукъахь дозанаш дехкира стигалан сферехь, цуо дӀайехира гуламашна йукъара «йесаллаш», амма церан нисса билгало хӀинца а йацара, тайп-тайпана астрономаш билгалйохура уьш шайн ма-хетара.

Седарчийн 12 гулам — УьстагӀ, Шинара, Близнецы, Искогберг, Лом, ЙоӀстаг, Терза, Стулоцург, Пхьарчхо, Козерог, Водолей, ЧӀерий — царна йуккъехула шеран гуо тосуш эклиптикехула чекхйолу Мелхан йукъ, царех олу зодиакан гуламаш. Уьш девза кӀоргерачу ширачу заманахь дуьйна. Вайн заманахь (2014 ш. мур) 30 ноябрера 17 декабрь кхаччалц Малх лаьтта Лаьхьийлелархочун гуламехь, тӀаккха формалан и седарчийн гулам зодиакан хуьлу, амма ламастехь иза зодиакан ца лору[2].

Пардин атлас (1674) тӀера стиглан полюсан областера седарчийн гуламаш

Таханлера гуламийн 88 цӀарах 48 цӀе II бӀешарахь ваьхначу Клавдий Птолемейн «Альмагест» каталоган йукъахь йу[3] Цара дӀалоцу Европин къилбехьара ган таро йолу стиглан область. Птолемейс йукъатоьхна дерриг седарчийн хьалхара суьрташ, каро таро йу 903—998 шерашкахь ваьхна ас-Суфин «Меттах ца долу седарчийн жайнахь»[4] Дисина хӀокху заманан гуламаш йукъатуьйхира XVIIXVIII бӀешерашкахь къилба стигал Ӏамор (сийлахь-баккхий географин белламийн мур) а, къилбаседа стиглара «йеса меттигаш» йузар а бахьнехь. Седарчийн гуламийн цӀераш йоьзна долуш долу йа дагахь кхоьллина дийнаташца Лом, Саьрмик, кхин дӀа а ), желтойн мифийн турпалхошца (Кассиопея, Андромеда, Персей кхин дӀа а), ткъа кхин а гуламан къегина седарчаша хӀотто хӀуманийн суьрташца (Чухчахьера, Къилбаседа Таж, Кхосаберг, Терза, Къилба ЖӀар кхин а)[1]. Керла заманахь техкина цӀераш йоьхкура некъаш барца а, техника кхиарца а (Микроскоп, Секстант, кхин а)[5].

1922 шарахь Румехь I Дуьненайукъара астрономин бертан Инарлин ассамблейн сацамца чаккхенца чӀагӀйина седарчийн стигал йекъна 88 гуламан исписка, ткъа 1928 шарахь тӀеийцира оцу гуламийн биллггала а, цхьаьнакепара а дозанаш, уьш дехира 1875.0 эпохин экваторан стигалан координатийн системехь нисса гуттаренна нисса хьаладаларан а, гуттаренна охьатаӀаран а асанашца[6]. Пхе шеран дохаллехь гуламийн дозанашна нисдеш хийцамаш бира. 1935 шарахь дозанаш чаккхенца чӀагӀдира, астрономаша барт бира уьш кхин хье ца дан. Амма дагахь латто деза, 1875.0 муьрца нис ц ало муьрашна хӀиттийна седарчийн карташна тӀехь, (масала, дерриг таханлера карташна), дуьненан семин прецесси бахьнехь гуттаренна охьатаӀаран а, нисса хьадахаран а асанаш меттах йевлла, цундела гуламийн дозанаш нис ц ало цаьрца.

ДӀадаьхна седарчийн гуламаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Седарчийн гуламийн цӀерийн а, дозанийн а стандартизаци йанле седарчийн атласаш арахецархоша сих-сиха шайн хетарехь йукъатухура керла седарчийн гуламаш йа ширанаш хуьйцура. Оцу хийцамех цхьаберш Ӏилманехь чӀагӀбелла (коьртаниг хьалха бевзаш ца хилла стигалан къилба эхиган гуламаш), амма дукхаха болу хийцамаш (бӀе гергга) къобал ца бина, сихха бицбина[7].

«ДӀадаьхна седарчийн гуламийн» йоццу исписка йалайо вай[7].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 Кононович Э. В., Мороз В. И. Общий курс астрономии: учебное пособие / под ред. В. В. Иванова. — М.: Едиториал УРСС, 2004. — С. 14. — 544 с. — ISBN 5-354-00866-2.
  2. The Constellations of the Zodiac Архивйина 2012-07-01 — Wayback Machine(ингалс.)
  3. John C. Barentine. The Lost Constellations: A History of Obsolete, Extinct, or Forgotten Star Lore. — Springer, 2015. — С. 11. — ISBN 9783319227955.
  4. Б. А. Розенфельд. Астрономия стран ислама // Историко-астрономические исследования. — М.: Наука, 1984. — Вып. XVII. — С. 78.
  5. Звёздное небо // Казахстан. Национальная энциклопедия. — Алматы: Қазақ энциклопедиясы, 2005. — Т. II. — ISBN 9965-9746-3-2.
  6. Fundamental Astronomy / Hannu Karttunen, Pekka Kröger, Heikki Oja, Markku Poutanen, Karl Johan Donner. — Springer, 2016. — С. 31. Архиван копи 2017 шеран 15 февралехь дуьйна Wayback Machine тӀехь
  7. 1 2 Потухшие созвездия, 2019.
  8. HD 85951. sim-basic. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 15 июнь.(ТӀе цакхочу хьажорг)

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Кеп:Седарчий гуламашкахула Кеп:Седарчийн система