Седаев, Мухади Мовладиевич

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Мухади Мовладиевич Седаев
Шех лаьцна
Стен-боьршалла боьрша стаг[d]
Пачхьалкх ССРС СССР Росси
Говзалла штангист
Вина терахь 1962 шеран 8 сентябрь({{padleft:1962|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:8|2|0}}) (61 шо)
Вина меттиг Хьалха-Марта, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР
Спортан карьера 1972-1992
Тренераш Кодзоев
Йозалла 60 кг

Муха́ди Мовла́диевич Седа́ев (1962 шеран 8 сентябрь, Хьалха-Марта, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР) — нохчийн штангист, масийттуза СССР чемпион а, СССР Кубок йаьккхинарг а, СССР халкъашна йуккъера классан спортан говзанча.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Иза винера 1962 шеран 8 сентябрехь Хьалха-Мартахь. КхозлугӀа классехь паргӀата кепар латаран секци аьха волавелира иза. Кеста цо республикин чемпионатехь толам а беккхира, спортан мастеран кандидатан норма кхочуш а йира. 1980-гӀа шераш долалуш хенахь иза йеза атлетикин секци аьха волавелира. Цуьнан тренер вара Ибрагим Кодзоев. Мухади вара 56 а, 60 а кг кхаччалц йолу категоришкахь леташ.

Беа баттахь цо спортан мастеран кандидатан норма кхочуш йира, кхиъ беа баттахь — спортан мастеран норма. 1982 шарахь Томскехь иза юниорашна йукъахь йолу СССР чемпионатехь чемпион хилира. Иштта цу шарахь иза кхиинчу спортсменан йукъахь чемпион а, халкъашна йуккъера СССР спортан мастер а хилира. 1982 шарахь иза СССР йеза атлетикин гулйина командан декъашхо хилира.

Кхиамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • 4-за СССР чемпион (1985, 1988, 1989, 1990)
  • 4-за СССР Кубок йаьккхинарг (1983, 1985, 1986, 1988)
  • 2-за ДоттагӀалан Кубок йаьккхинарг
  • 2-за ДоттагӀалан эскарийн Спартакиадан чемпион
  • Балтикан Кубок йаьккхинарг.
  • 1987 шарахь Европин чемпионатехь борзан мидал (Реймс, Франци)

Цо йитира йоккха спорт 1992 шарахь. ХӀинца иза ву Хьалха-Мартан СДЮСШ тренер болх беш.

2012 шарахь Львовехь ветеранашна йуккъера дуьненан чемпионатехь цо шозлугӀа меттиг а йаьккхира, рывок йеш хьалхара меттиг а йаьккхира. 2013 шарахь Туринехь ветеранашна йуккъера дуьненан чемпионатехь 56 кг кхаччалц йолу йозаллин категорехь цо толам а беккхира, йиъ дуьненан рекорд а хӀоттайира.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]