Сванойн бӀаьвнаш

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Сванойн бӀаьвнаш

Сванойн бӀов (гуьржийн სვანური კოშკი) — мостагӀна дуьхьало ян Ӏалашонца йина йолу гӀишло ю, сванойн бӀаьвнаш дукха хьолахь Сванетехь (хӀинца Мингрели а, Къилбаседа-Сванети а кӀошташна юкъаяхийтина) яьржина ю. Уггар шираниг цу бӀаьвнех 8-гӀа я 9-гӀа бӀешарахь йиллина ю, ткъа уггар тӀаьхьарниг 18-гӀа бӀешарахь. Сванойн бӀаьвнан юкъерчу барамера локхалла 20-25 метр хуьлу, дукха хьолахь цу чохь 5 гӀат хуьлу, ткъа наггахь 6 гӀат хуьлу. 1,5 метр кхаччалца шуьра пенаш долу лахара гӀотан неӀарш я кораш ца хуьлу. Чувоьдийла дукха хьолахь лекхо йолчу гӀат тӀехь хуьлу. БӀаьвнан лакхара дакъа лахарчул дуткъо ду, пенийн дуткъала а охьадолу лакхахь 0,7-0,8 метре кхаччалц. Сванойн бӀаьвнаш хӀинцалерачу хенахь хӀусамаш санна лелош ю я яьсса лаьтта[1][2].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]