Са, Эштасиу ди
Эштасиу ди Са порт. Estácio de Sá | |||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
порт. Estácio de Sá | |||||||
| |||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Мем ди Са | ||||||
|
|||||||
Вина терахь | 1520 | ||||||
Вина меттиг | Сантарен, Португали паччахьалла | ||||||
Кхелхина терахь | 1567 | ||||||
Кхелхина меттиг | Рио-де-Жанейро, Бразили колони | ||||||
Да | Гонсало Коррея | ||||||
Нана | Филипа ди Са | ||||||
Латар | |||||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Эшта́сиу ди Са (порт. Estácio de Sá; 1520—1567) — португалийн тӀемло.
Эштасиу ди Са вина 1520 шеран Сантаренехь (Португали). 1564 шарахь иза Бразили кхаьчна, шен ненан ваша Мем ди Са инарла-губернатор волчу.
1555 шарахь баьччаллехь адмирал Николя Дюрана де Виллеганьон волу 500 французийн колонисташа йиллина Серигип гӀайрен тӀехь колони Анривиль, йуьйгӀира Форт-Колиньи[en]. 1560 шарахь Мем ди Сас хьажийра царна дуьхьала 26 кема тӀехь ши эзар салти а, матрос а волуш, амма цуьнан аьтту ца белира французаш лахка. 1565 шарахь, Сан-Висентихь дика кечам бинчул тӀаьхьа, Эштасиу ди Са охьавоьссира материк тӀе французаш охьахевшинчу меттиган гена воццуш. Операцин базан меттана португалхоша йуьйгӀира Шекаран коьртан кӀожехь гӀап Сан-Себастьян ди Рио-де-Жанейро[en]. ТӀемаш шина шарахь лаьттира. 1567 шеран 20 февралехь французашна тӀелеташ Эштасиу ди Сан коьртах чов а йина, цхьа бутт баьлча иза кхелхира.
Эштасиу ди Са дӀавоьллира ша йиллинчу юртан латта тӀехь. ТӀаьхьа и меттиг Рио-де-Жанейрон йукъайахара; цуьнан даьӀахкаш Сийлахь Себастьянан килсане дӀайаьхьира. 1839 шарахь цуьнан даьӀахкаш Ӏилманчийн тобанна гучуевлира. Уьш бара императоран Педру II болхбеш, ткъа 1862 шарахь, килса йухайеш, император а волуш схьа а йаьхна кхечухьа дӀайоьхкина.