СаӀудийн Ӏаьрбийчоь

24°32′ къ. ш. 44°39′ м. д.HGЯO
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ХӀара хӀокху агӀонан тишйелла верси йу, Ӏалашйина Gowz (дийцар | къинхьегам) декъашхочо (2019, 1 май, 19:39). Иза баккъалла а къаьсташ хила мега карара версица.
СаӀудийн Ӏаьрбийчоь
Ӏаьр. الْمَمْلَكَةُ الْعَرَبِيَّةُ السُّعُودِيَّة‎‎
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Девиз: «АллахӀ воцург Дела вац,
АллахӀ-делан элча Мухьаммад ву
[1]»
СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан Пачхьалкхан Шатлакхан Илли
Кхоьллина 1932-чу шеран 23 сентябрехь1932-чу шеран 23 сентябрехь
Официалан мотт Ӏаьрбийн
Коьрта гӀала Рияд
Урхаллин тайпа Абсолютни монархи
Паччахь
Принц
Салман бин Ӏабдул-Ӏазиз
Мухьаммад бин Найиф
Пачхь. дин ислам, сунниташ
Латта
 • Шадерг 2 149 000 км² (12-гӀа дуьненахь)
Бахархой
 • Мах хадор 26 939 583[2][3][4] стаг
ДЧС
 • Шадерг (2011) 691,5 млрд[5] долл.
 • ХӀораннан а сина 24 200[5] долл.
Бахархойн цӀерш саӀудий, Ӏаьрбий
Ахча СаӀудийн риал
Интернет-доменаш .sa, السعودية.
Код ISO SA
Код МОК KSA
Телефонан код +966
Сахьтан асаш +3
Автомобилийн некъаш аьтту агӀора[d][6]
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Паччахьалла СаӀудийн Ӏаьрбийчоь (Ӏаьр. المملكة العربية السعودية‎‎‎) — Азера Ӏаьрбийн ахгӀайренан йоккха пачхьалкх ю. Мехкдаьтта доккхуш а, хьал долуш а бу СаӀудийчоьнан мохк. Къилбаседа-малхбалехьа ГӀажарийн аймаца гуо баьккхина бу, малхбузера — ЦӀен хӀорданца а.

Наггахь СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан цӀе йоккху: «Шина маьждиган мохк» олий, хӀунда аьлча, цигахь исламан коьрта сийлахь-еза ши гӀала ю: Макка а, Мадинат а.

Ӏаьрбийн маттахь мехкан йоцца цӀе: (Ӏаьр. السعودية‎‎ — Ас-СуӀудиййат‎) ю. СаӀудийн Ӏаьрбийчоь хӀинцалерачу хенахь — дуьненан кхаа пачхьалкхех цхьаъ ю, шен урхаллин СаӀудийн династин цӀе лелош йолу.

Географи

Къилбседехь Урданца а, Ӏиракъца а доза ду. Малхбалехь Кувейтца, Къатарца, Бахрейнца, Цхьаьнакхетта Ӏаьрбийна Эмираташца а доза ду. Къилбехь Йеменца, Ӏоманца доза долуш бу. Малхбалехь ГӀажарийн чукхет-хӀорданца а, малхбузехь ЦӀен хӀорданца а аре йолуш мохк бу.

СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан хьалхара паччахь Ӏабдул-Ӏазиз Аль СаӀуд

Истори

Ӏаьрбийн ахгӀайрехь VII-чу бӀешаран юххехь Маккахь дӀадоладелла хилла Мухьаммад бин ӀабдуллахӀин пайхамаралла, маккин деланийхоша харцвина хилла иза. 13 шо чекхдаьлча иза Мадинате (Ясрибе) дӀакхелхина, цигахь Ӏаш хилла Ӏаьрбий а, жуьгтий а. ТӀаьххьарчаьрца машаре барт берзийна хилла. Цуьнан лархой хуьлуш массо а Ӏаьрбийн ахгӀайренан Ӏаьрбий хилла.

Ӏаьрбийн Халифат

632-чу шарахь Мухьаммад пайхамар кхелхина чул тӀаьхьа, Мадинатан гӀала кхоьллина хилла Ӏаьрбийн Халифат, Ӏаьрбийн ахгӀайренан массо латта юкъалаьцна хилла цо.

Хьалхара СаӀудийн пачхьалкх

1744-чу шарахь дӀайолаелла СаӀудийн пачхьалкх, Ӏаьрбийн ахгӀайренан центральни регионехь. Меттигера урхалча Мухьаммад бин СаӀуд а, ваххӀабизм диллина Мухьаммад бин Ӏабдул-ВаххӀаб а цхьаьнакхетта Ӏусманан империн дуьхьала, еккъа цхьа чӀогӀа пачхьалкх кхолла Ӏалашо а йолуш хилла уьш.

1824-чу шарахь ШолгӀа СаӀудийн пачхьалкх кхоьллина хилла.

СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан паччахьалла кхоллар

СаӀудийн Ӏаьрбийн империн паччахь хилла Ӏабдул-Ӏазиз бин Ӏабдуррахьман Аль СаӀуд, 1893-чу шарахь эккхийна хилла иза, Кувайтахь хилла иза. 1902-чу шарахь 22-шо долуш волу Ӏабдул-Ӏазиза дукха эскар гулдина Рияд схьаяккха. 1912-чу шарахь Ӏабдул-Ӏазиза ерриге Неджд схьаяьккхина хилла. 1925-чу шарахь Макка а, ерриг Хьиджаз а схьаяьккхина цо. Иза схьаяьккхина бахьанехь цара кхоьллина Недждан а, Хьиджазан а Паччахьалла.

1932-чу шаран 23 сентябрехь Неджадан а, Хьиджазан а цӀе хийцина «СаӀудийн Ӏаьрбийчоь» аьлла.

Пачхьалкхан дӀахӀоттам

Салман паччахь

СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан пачхьалкхан дӀахӀоттам билгалбина бу Паччахьаллин Коьрта законца, цунах олу СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан урхаллин коьрта низам, 1992-чу шарахь тӀелаьцна иза. Цо ма-бохху СаӀудийн Ӏаьрбийчоь абсолютни монархи ю, хьалхара паччахьан Ӏабдул-Ӏазизан кӀенташца а, церан берашца а урхалла деш йолу. Церан законаш исламан шарӀаца кхоьллина ду.

Пачхьалкхан куьйгалхо паччахь ву. ХӀинцалерачу хенахь СаӀудийн Ӏаьрбийчохь куьйгалла деш верг мохк биллинчунна кӀант Салман бин Ӏабдул-Ӏазиз ву, СаӀудийн династера ву иза. Церан бакъонан массо а гаьннаш паччахьан муьтӀахь ду.

Адаман бакъонаш

СаӀудийн зуламан бакъонаш шарӀаца кхоьллина ю. Церан махкахь кхерамца магийна дац алкоголь а, наркотикаш а, марзлуш долу ловзарш а лело.

Къола дича тӀара (куьг) доккха[7]. Зина дича валлалц шед а етта, тӀулгаш а детта. Гомосексуализм дича валлалц таӀзар до[8].

Цхьаъ вийча а, холмачалла дича а, иштта вен суд йо.

Климат

СаӀудийн Ӏаьрбийчохь йолу климат чӀогӀа йокъо хӀуттуш ю. Ӏаьрбийн ахгӀайре — иза аьхка даим 50 °C хьалайолуш дуьненахь йолчу кӀеззиг меттигех цхьаъ ю. Наггахь ло догӀу Джазан олучу лам тӀехь. Уггаре лахара температура 8 °C ю.

СаӀудийчоьнан административни декъадалар

Административные округа Саудовской Аравии

СаӀудийн Ӏаьрбийчоь 13 административни округах екъна ю[9] (Ӏаьр. المناطق الإدارية‎‎):

#
карта тӀехь
Административни
округ
Ӏаьр. ‎‎ Административни
центр
Майда,
км²
Бахархой,
адам.
(2015)
[10]
Чордо,
адам./км²
1 6 Рияд الرياض Рияд 404240 7910864 19,57
2 11 Макка مكة المكرمة Макка 153128 8099473 52,89
3 4 Мадинат المدينة المنورة Мадинат 151990 2061383 13,56
4 5 Аль-Къасим القصيم Бурайдат 58046 1402974 24,17
5 7 Малхбалехьара провинци المنطقة الشرقية Ад-Даммам 672522 4762871 7,08
6 8 Ӏасир عسير АбхӀа 76693 2194463 28,61
7 13 Табук تبوك Табук 146072 907494 6,21
8 9 Хьаиль حائل Хьаиль 103887 685820 6,60
9 2 Къилбаседера доза الحدود الشمالية ӀарӀар 111797 367433 3,29
10 10 Джазан جازان Джазан 11671 1568727 134,41
11 12 Наджран نجران Наджран 149511 581789 3,89
12 1 Аль-Бахьат الباحة Аль-Бахьат 9921 471755 47,55
13 3 Аль-Джавф الجوف Сакака 100212 506372 5,05
ерриг 2149690 31521418 14,66

Хьажоргаш

Билгалдахарш

  1. "العلم السعودي.. سيف القوة وراية التوحيد". صحيفة الشرق الأوسط. 18 أغسطس 2009. Дата обращения: (Строка «18 أغسطس 2009» не является верной датой, пожалуйста, укажите дату в формате ГГГГ-ММ-ДД). {{cite news}}: Проверьте значение даты: |accessdate= and |date= (справка)К:Википедия:Ошибки CS1 (даты)
  2. Census.gov. Country Rank. Countries and Areas Ranked by Population: 2013. U.S. Department of Commerce (2013). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 9 май. Архивйина 2013 шеран 9 майхь
  3. Справочник ЦРУ по пачхьалкхм мира (2012)
  4. В том числе около 5,6 млн. иностранных рабочих.
  5. 1 2 Справочник ЦРУ по пачхьалкхм мира (2012)
  6. http://chartsbin.com/view/edr
  7. Saudi Arabia cuts off thief's hand as punishment (инг.). Haaretz. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 21 февраль.
  8. Where is it illegal to be gay? (инг.). BBC. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 21 февраль.
  9. Государства Аравийского полуострова // Атлас мира / сост. и подгот. к изд. ПКО «Картография» в 2009 г. ; гл. ред. Г. В. Поздняк. — М. : ПКО «Картография» : Оникс, 2010. — С. 118-119. — ISBN 978-5-85120-295-7 (Картография). — ISBN 978-5-488-02609-4 (Оникс).
  10. Распределение и прогноз динамики населения королевства по административным округам (Ӏаьр.). Центрный департамент статистики и информатики Саудовской Аравии (2014). ТӀекхочу дата: 2014 шеран 1 июль.