Сара (гӀайре)

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску

Сара
азерб. Sarı adası
Координаташ38°50′56″ къ. ш. 48°45′00″ м. д.HGЯO
АкваториГӀажарий-хӀорд
ПачхьалкхАзербайджанFlag of Azerbaijan.svg Азербайджан
Сара (гӀайре) (Каспий-хӀорд)
Brown 804000 pog.svg
Сара
Сара (гӀайре) (Азербайджан)
Brown 804000 pog.svg
Сара

Сара гӀайре (азерб. Sarı adası, Nərimanabad) ГӀажарийн хӀорд чура Ленкорань гӀалин къилбаседехьара гӀайре ю. ГӀайренна а, материкан берданна а юкъара Саран рейд, уггара паргӀата а, кхерамаза а пристань ю ГӀажарийн хӀордан малхбузан берда тӀехь[1]. Хенан хоттам буьрса хилча сиха хӀурдкеманаш а лаьтта оцу рейдехь. 1956 шарахь Сара гӀайре ваьлнаш дина, оцу тӀехула некъ биллина Лиман гӀалийца вовшехтесна, гӀайренах ахгӀайре хилла.

Г. 3. Ширвани, Азербайджанехула лелаш, яздина:

Сары — ГӀажарийн хӀорд тӀиера гӀайре ю, Сальянски портан пхиъ миль гена а йолуш. ГӀайре йоккха яц, Россера даьхкана хӀурдкеманийн хӀусам ю. Иза кечйина шовзткъа гергга хьалха.

И терахь хуьлу 1745—1746 шерана герга, хӀунда аьлчи некъбархочо лору и жамӀа ша Ленкоранехь хиллачу заманера (1796 г.). Ширванил хьалха а, тӀехьа а дуккха литератураша гӀайренах Сара алара. Иза нийса дац. Ширванис цунах Сары олу, церан маттахь «можа» бохург ду иза, схьагарехь, гӀайрен тӀехь можа бос болуш шорта сазлатта ду. Тахана ГӀажарийн хӀордан хи охьадалар бахьанехь Сара гӀайрех ахгӀайре хилла[2].

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Сара // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  2. Сары, Шуша, Карабах, Кабала, Гяндж и Байлакан | Этнография и лингвистика