Саракаев, Хамзат Ибрагим-Бекович

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Саракаев, Хамзат Ибрагим-Бекович
Саракаев Хамзат.jpg
Вина терахь 1927 шеран 31 декабрь({{padleft:1927|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:31|2|0}})
Вина меттиг Ведана, Веданан кӀошт, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР
Кхелхина терахь 2013 шеран 17 апрель({{padleft:2013|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:17|2|0}}) (85 шо)
Кхелхина меттиг Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, Росси
Корматалла яздархо, поэт, журналист, гочдархо
Гражданалла ССРС СССРРосси Росси

Сарака́ев, Хамза́т Ибрагим-Бе́кович (1927 шеран 31 декабрь, Ведана, Веданан кӀошт, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР — 2013 шеран 17 апрель, Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, Росси) — нохчийн берийн яздархо, поэт, журналист, гочдархо, Нохчийн Республикан яздархойн союзан декъашхо, Российн яздархойн союзан декъашхо, Российн журналистан союзан декъашхо, къинхьегаман ветеран.

Цуьна да вара вевзуш волу яздархо Ибрагим-Бек Саракаев. Нана яра Абдул-Меджид (Тапа) Чермоевн йиши йоӀ. Иза нохчийн зудрехь хьалхарниг яра Соьлжа-ГӀалин зударийн гимнази чекхъяккхинарг.

Хамзат Саракаев вина 1927 шеран 31 декабрехь Веданахь. Нана Ӏедалс хӀаллак йинера. Иза хьалакхиош оьрсийн няня яра цуьна де вешин Азисан доьзалехь. Хьамзата дишира Веданан бо-беран интернатехь. 1944 шарахь массо а нохчий цӀера бехира. Цуьна Ӏа дизи Джамбулехь а, Чимкентехь а. 1951 шарахь комендатегара пурба а ца доккхуш иза Кхазакхстанера Туркмени вахара. Цигахь цо чекхъяккхира Чарджоухь йолу хинан а, хӀордан а некан училище. Училищехь цуна елира лакхара лейтенантан цӀе. Цо капитанан гӀончан болх бира, Иртыш тӀехь нека дора цо. 1957 шарахь вокху вашас дехар дина иза цӀа вирзира.

Цуьна хьалхара байт араелира 1939 шарахь «Ленинан некъ» цӀе йолу республикан газетехь. 1940 шарахь цуьна байташ арахийцира «Вайн эшараш» цӀе йолу къона яздархойн коллективан гуламехь. 1957 шо дуьна Саракаевн повестиш, дийцараш, байташ, гочдараш кӀест-кӀеста арайовлу республикан газеташкахь, альманахашках, коллективан гуламашкахь. Хьалхара цуьна произведенийн гулам «Первый подвиг» араелира 1972 шарахь Соьлжа-ГӀалахь.

Цо нохчийн матта ехира Лев Толстойс язйина «Хаджи-Мурат» а, «Казаки» а, «Набег» а, кхийолу произведениш а.

Цо болх бира Нохч-ГӀалгӀайн радион коьрта редактор. Иштта иза вара «Низам» а, «Вайнах» а журналашан а, «Терек» газетан а коьрта редактор а, арахецархо а. 2005 шо дуьйна 2013 шо кхаччалц цо болх бира «Вайнах» журналехь.

Библиографи[нисъе | нисъе чухулара]

  • Роман «Крепость в горах»
  • «С верой в победу»
  • «Друзья Эдельхана»
  • «Счастье трудных дорог»
  • «Нихларский мост»
  • «Дороги Эдилхана»
  • «Вслед за солнцем»
  • «С верой в победу»
  • «Неведомыми тропами»
  • «Ибрагим-Бек»

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]