Самойлова, Юлия Олеговна
| Самойлова Юлия Юлия Олеговна Самойлова | |
|---|---|
| | |
| Коьрта хаам | |
| Йуьззина цӀе | Самойлова Юлия Олеговна |
| Йина терахь | 1989 шеран 7 апрель (36 шо) |
| Йина меттиг | |
| Пачхьалкх | |
| Говзаллаш | йишлакхархо , композитор , поэт |
Само́йлова Ю́лия Оле́говна (йина 1989 шеран 7 апрелехь, Ухтехь, Коми АССР, ССРС) — Россин йишлакхархо. Эшаран Евровизион-2017 къовсамера Россин векал[1] и Евровидение-2018[2][3].
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Йина 1989 шеран 7 апрелехь Ухта гӀалахь. 13 шо долуш йисира 1-ра тобан заьӀапхо «букъан чӀеран атрофи» диагнозца.
Лела заьӀапхойн ворданахь[4][5].
Юлия — Россин рэперан Джиганан зудчуьна Самойлова Оксанин шича йу ден агӀора[6].
2010 шарахь Самойловас дитира ХӀокху заманан гуманитарин академин психологин факультетера дешар.
Кхолларалла
[бӀаьра нисйан | нисйан]Жима йолуш дуьйна Самойловас дакъа лоцура тайп-тайпана къовсамашкахь. 12 шо долуш дуьйна Пионерийн цӀа чохь вокалан хьехархочуьнца Ӏамо йолайелира. Дейтта шо долуш хилира музыкин фестивалан «Сатийсаман тӀемаш тӀехь» лауреат[7].
2005 шарахь дакъалецира Екатеринбургехь «Шлягер» къовсамехь, цигахь 2 гӀа меттиг йаьккхира.
Йеза альтернативан музыкин жанран кхолларалла Ӏамош йара. 2008 шарахь кхоьллира «TerraNova» тоба, иза лаьттира 2010 шо кхаччалц.
2012 шеран августехь Самойловас заявка йелира вокалан похӀманчийн шоу «Аз» къовсамехь дакъалацархьама, иза болабеллера «Хьалхарчу каналехь», амма цунна жоп ца делира[8].
2012 шеран ноябрехь «Росси-1» телеканал декъахойн харжам беш дара кхоалгӀачу шеран музыкин похӀманчийн шоун «А факторан», Пугачёва Аллин проектан. Самойлова кеманахь йеира Москоха, хьалхарчу харжамах чекхйаьлира. 2013 шеран февралера 21 апрель кхаччалц гойтуш хиллачу шоухь, финале йелира, цигахь дакъалецира «Соло 25 шо кхачанза берш» категорехь. Хьовсархоша кхаж тасаран жамӀашца шолгӀа меттиг йаьккхира. Пугачёвас ша билгалйаьккхира иза «Аллин Дешин седа» совгӀатца[9].
2014 шеран 7 февралехь Сочехь Ӏаьнан Паралимпийн ловзарш дӀаделларан церемонехь лекхира эшар «Цхьаьна»[10][11].
2014 шарахь дӀайазйира ши композици — «Лайт» (дешнаш а, музыка а Самойлова Юлийн), «Керла де» (дешнаш: Арсенев Константинан, музыка: Яковлев Александран). Иштта дӀайазйира Куценко Гошица дуэт — «Комета» (дешнаш а, музыка а: Куценко Гоша). И дуэт йукъайахара Куценко Гошин шолгӀачу альбоман йукъа[12].
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Исполнительница миссии // Коммерсантъ
- ↑ Дарья Ганиева. Юлия Самойлова выступит на "Евровидении-2018". Вести.Ru (2017 шеран 18 апрель). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 2 май.
- ↑ Илья Питалев. Самойлова намерена хорошо подготовиться к Евровидению-2018. РИА Новости (2017 шеран 7 июнь). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 2 июль.
- ↑ Финалистка проекта «Фактор А» Юлия Самойлова выступит на открытии Паралимпиады. Общественное телевидение России (2014 шеран 6 март).
- ↑ Юлия Самойлова. Биография
- ↑ Юлия Самойлова оказалась сестрой жены Джигана Оксаны. Звёзды.ру
- ↑ Кто такая Юлия Самойлова, которая представит Россию на «Евровидении» Архивйина 2018-11-04 — Wayback Machine
- ↑ Юлия Самойлова: Родители никогда не говорили мне «Ты — инвалид, сиди дома» 12 августа 2014 Собеседник.ru Архивйина 2018-05-12 — Wayback Machine
- ↑ Юлия Самойлова: кто такая.(ТӀе цакхочу хьажорг)
- ↑ Определилась представитель России на «Евровидении». Интерфакс.
- ↑ Анна Голубева. Минута славы на «Евровидении» «Colta», 14.03.2017
- ↑ Юлия Самойлова записала клип с Гошей Куценко
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Интервью
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Бинарш 7 апрелехь
- Бинарш 1989 шарахь
- Бинарш ССРС
- Адамаш абатца
- Йишлакхархой абатца
- Россин йишлакхархой
- XXI бӀешеран йишлакхархой
- Музыкахой абатца
- Композиторш абатца
- Россин композиторш
- XXI бӀешеран композиторш
- Поэташ абатца
- Россин поэташ
- XXI бӀешеран поэташ
- Абатца нисдина адамаш
- ХӀокху заманан гуманитарин академера арахецнарш
- Россин поп-вокалисташ
- ЗаьӀапхой
- Россин поэташ-эшархой
- «Евровизион-2018» декъахой
- «Евровизионера» Россин векалш