Чулацаман тӀегӀо

Салихь аль-Фавзан

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Салихь аль-Фавзан
‎
Вича тиллина цӀе Ӏаьр. صالح بن فوزان بن عبد الله آل شماس الودعاني الدوسري‎‎
Говзалла Ӏеламстаг, факъихӀ, университетан профессор, муфтий, йаздархо, эрудит, исламовед
Вина терахь 1935 шеран 28 сентябрь({{padleft:1935|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:28|2|0}}) (91 шо)
Вина меттиг Аш-Шамасият, Аль-Къасим
Къам, некъе саӀуди, Ӏаьрбо
Да Фавзан бин ӀабдуллахӀ
Динлелор ислам, суннаталла, салафият
МазхӀаб Хьанбалийн мазхӀаб
Хьехархой Ṣāliḥ al-Bulayhī[вд], Ӏабдул-Ӏазиз бин Баз[1], Ибн Хумейд[вд][1], Мухаммад аль-Амин аш-Шанкити[вд][1], Muhammad bin Abdullah as-Sabil[вд][1]
Дешархой Amir Bahjat[вд], Ṣaghīr, Fāliḥ ibn Muḥammad ibn Fāliḥ[вд], Faisal ibn Qazar al-Jasim[вд], Abd al-Aziz al-Sadhan[вд], Q123594631?, ʿAlī ibn Muḥammad ʿUmrān[вд], Q140360963?, Salih ibn Sa'd al-Suhaymi[вд][2]
ГӀарадевлла белхаш Sharḥ (masāʼil al-Jāhilīyah li-Muḥammad ibn ʻAbd al-Wahhāb)[вд], al-Mulakhkhaṣ al-fiqhī[вд], A Concise Commentary on the Book of Tawhid[вд], al-Aṭʻimah wa-aḥkām al-Ṣayd wa-dhabaʼih[вд], Iʻāʻnat al-mustafīd bi-sharḥ Kitāb al-tawḥīd[вд], al-Irshād ilá Ṣaḥīḥ al-iʻtiqād wa-al-radd ʻalá ahl al-shirk wa-al-ilḥād[вд], al-Taʻlīqāt al-mukhtaṣarah ʻalá matn al-ʻaqīdah al-Ṭaḥāwīyah[вд], Kitāb al-tawḥīd[вд], Bayān Ḥaqīqat al-tawḥīd alladhī jāʼat bi-hi al-Rusul wa-daḥḍ al-shubuhāt allatī uthīrat ḥawlahu[вд], Tanbīhāt ʻalá Aḥkām takhtaṣṣu bi-al-muʼmināt[вд], Sharḥ al-qawāʻid al-arbaʻ[вд], Sharḥ al-uṣūl al-thalāthah[вд], Maʻná lā ilāh illā Allāh wmqtḍāhā wa-āthāruhā fī al-fard wa-al-mujtamaʻ[вд], Min Aʻlām al-mujaddidīn[вд]
ТӀетоьхна хаамаш
Официалан сайт alfawzan.af.org.sa (Ӏаьр.)

Салихь бин Фавзан аль-Фавзан (Ӏаьр. صالح بن فوزان الفوزان‎‎ / 28 сентябрь 1935) — саӀудийн исламан Ӏеламстаг а, Ӏилманан правовед а ву, махкахь авторитет йолу масех динан организацийн декъашхо а ву[3].

Салихь бин Фавзан вина 1935-чу шарахь Аш-Шамасиятехь, СаӀудийн Ӏаьрбийчохь. Аш-Шамасият олучу тайпанах схьаваьлла ву. Салихь бер долчу хенахь цуьнан да кхелхина, цундела гергарчу наха кхиийна иза. Йуьхьанцара дешар — дешаран лардаш а, йозанан а, Къуръанан а — шен гӀаларчу маьждиган имаман урокашкахь схьаэцна цо.

1948-чу шарахь схьайиллина йолу пачхьалкхан Аль-Къамариййат олучу школе деша вахана иза, 1950-чу шарахь Бурайдат гӀалахь Файсалиййат школа чекхйаьккхина цо, тӀаьхьо хьехархочун болх а бина. 1952-чу шарахь Бурайдатан Хьехархойн институте вахана иза, 1956-чу шарахь и чекхйаьккхина цо, цул тӀаьхьа Рияд гӀалахь йолу Мухьаммад бин СаӀуд имаман Исламан институте вахана иза, шарӀ Ӏаморан факультете деша, 1960-чу шарахь магистран а, фикъхӀан декъехь йолу докторан а даржаца и чекхйаьккхина цо.

И дешаран заведени чекхйаьккхинчул тӀаьхьа иза хьехархочун болх беш Ӏийна цигахь, тӀаккха лакхарчу образованин Департаментан балха дехьаваьлла, тӀаьхьо масех хан йаьлча цо СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан Лакхарчу суьдехь куьйгалла дина, оцу гӀуллакхехь йолу цуьнан бакъонийн хан чекхйаьлча иза хьехархочун балха йухавирзина[4][5].

2013-чу шарахь «Баккхийчу Ӏилманхойн Барт» — олучу органан декъашхо ву иза, динан хеттарш луш СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан паччахьца дагаволуш йолу[6], иштта кхечу динан организацийн дийнна могӀанан а. Иштта иза МитӀабат маьждиган имам а ву, шен долахь радион передача а йолуш.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]